ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хийцамаш бина историн книга гайтина Кадыровна Iилманан министраллин куьйгалхочо


Историн книга, гайтаман сурт
Историн книга, гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан Iилманан министро Кравцов Сергейс Нохчийчу а веана, республикан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанаца йийцаре йина хийцамаш бина йолу историн книга. Хьалхо оцу книги тIехь йаздинера, Къилбаседа Кавказера репрессеш лайначу кхаьмнаша а, ГIирман гIезалоша а Гитлеран Германин оккупацин эскархошца йукъаметтигаш лелийна бохуш. Кравцовца хиллачу цхьаьнакхетарх Кадыровс шен телеграмерчу каналехь дийцина.

"10-чу классашна лерина хийцамаш бина историн книга гайтира суна Кравцов Сергейс. Цу тIехь хIинца гIалаташ дIадаьхна, хьалхарчу версехь хилла долу, Сталинан репрессеш лайна дерриг къаьмнаш сийсаздеш шога дешнаш дIадаьхна", – дийцина Кадыровс.

Иштта Кадыровс боху, Iилманан министраца патриотикан кхиорах къамел дира ша. ТIедогIучу шарахь дуьйна школашкахь керла Iилма доьллур ду "Кхерамазаллин а, Даймохк ларбаран а бух" цIе йолуш. Кадыровс бахарехь, Кравцовс цуьнга аьлла, Нохчийчоьнан зенделларг "ладаме хир ду, иза лелор ду федералан тIегIанехь" оцу урокашкахь.

2023 шарахь дуьйна лакхарчу классашкарчу дешархоша истори керлачу книгица Iамайо – цу тIехь оьрсийн пропагандин Украинерчу тIамехьа йолу позици тIечIагIйо. Къилбаседа Кавказерчу цхьамогIа йукъаралхоша йемалйира керла арахецначу школашна леринчу Оьрсийчоьнан историн книгашна. Цу тIехь чIагIдора, Сталинан Iедало депортацеш йаран бахьана хиллера, гIалмакххоша, нохчаша, гIайгIайша, балкхароша, гIирман гIезалоша оккупацин Гитлеран Германин эскарца йукъаметтигаш лелор. Книгехь респрессешна кIел нисбеллачу нахах лаьцна дакъа "Оккупантийн гIоьнчаш" аьллачу цIарца арахецнера.

  • 2023 шеран марсхьокху-баттахь меттигерчу парламентан хьалханчас Даудов Мохьмада дIахьедира, Нохчийчоьнан куьйгалхочун лаамца, президентан администрацехь реза а хуьлуш, тоба кечйийр йу, оцу книги тIехь хийцамаш барна лерина. Оцу историн книгин авторех цхьаъ волу Оьрсийчоьнан культурин министр лаьттина волу Мединский Владимира "и книга метта йалон ша реза хийлар гайтина", аьлла Даудовс. Кадыровн тIедилларца, иштта йерриг зорба йухаэцна, аьлла дIахьедира Даудов Мохьмада, амма тIаьхьо шен пост дIайаьккхира цо.
  • ГIадужу-беттан 19-хь ГIалгIайчоьнан прокурора оцу книгина экстремизмана тIехула таллам бар тIедожийра. Прокуратуре арз чуделлера гIалгIайн бакъоларйархочо Муцольгов Мохьмада.
  • ГIадужу-беттан чакхенгахь Оьрсийчоьнан Iилманан министралло оцу историн книги тIехь хийцамаш бина йолчу текстан кийсак арахийцира. ШолгIачу дуьненан тIамехь СССР-н къаьмнашна йинчу депортацех дуьйцучу абзацана хийцамаш бира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG