Израилхойн ММА-н латархочунна Гозали Хаимна вуьйр ву бохуш, кхерамаш тийсина нохчийн спортхочо Чимаев Хьамзата а, Дагестанера UFC-н чемпионо Нурмагомедов Хьабиба а, кхин а "цуьнца воьзначу 40 дагестанхочо", шайлахь Магомедов Хасбулла а волуш (блогер Хасбик). Цунах лаьцна ша Гозалис хаамбина шен инстаграмехь, шена а, шен кIантана а, тренерна а Украинехь къийсадаларш доьлхучу хенахь тIелатар дина дукха хан йалале.
КIирандийнахь, мангал-беттан 2-чохь цигара видео зорбане хIоттийра ша спортхочо. Видео тIехь Гозали лечкъина ву цхьана хьешан цIийнан тховтIехь – цу чуьра араволучу заманчохь лаьттахь тидам хуьлу уьрсан а, кагдинчу гIентан а.
"Бусалбанийн тоба" тIелетта Гозалина а, цуьнан кIантана а арсашца, украинхойн RFP организацин турнир хуьлучу деношкахь, йаздира тIелеттачул тIаьхьа израилхойн рэперо Элисаси Йоава (The Shadow). Промоушенан тIаьххьара турнир хилира стигалкъекъа-беттан 30-чохь Ивано-Франковскан кIоштара Колымыя гIалахь: цу йукъахь дакъалецира Украинерчу конкурсанташа а, Израилера латархоша а, дийцира турнир вовшахтоьхначара.
Турниран цхьахволчу декъашхочунна динчу тIелатарх хаам бина бац йа и барам вовшахтоьхначара а, йа украинхойн официалан Iедалхоша а. Хилларг дирзинчул тIаьхьа меттигера полици "гIоьртинера инцидент къайлайахьа", шайн пачхьалкхера маса араваьккхинера цара Гозали, йаздо Jerusalem Post хьасто.
Шен инстаграмера агIонехь Гозалис хаамбина, хьалхо "иттаннашкахь эзарнаш кхерамаш тийсира щена вуьйр ву бохуш", амма дуьххьара дина ду тIелатар аьлла. Палестинехьа хиллачу гоьбевллачу нахах хIоттийна тептар зорбане даьккхина цо, шена кхерамаш тийсинарш бу аьлла. Спортхочо бахарехь, нохчийн латархочо Чимаев Хьамзата "вуьйр ву аьлла дуьххьалдIа кхерам" тесира цунна инстаграмехь, ткъа дагестанхойн чемпионо Нурмагомедовс тIетеллира "шеца боьзна мел болу тренерш а, латархой а", шайлахь блогер Хасбик а волуш. Шена кхерамаш тийсарх билггал долу тоьшаллаш гайтина дац Гозалис.
"Латархойн-антисемитийн тептар" Гозалис зорбане даьккхинчул тIаьхьа кхерамаш тийса болийра цунна – хетарехь, ишта цо ша билгалйаьккхина израилхойн хIоьънийн суьрташца йолу, ша дIайаьккхина пост. Бусаалба спортхойн цIераш йазйинера цо оцу хIоьънашна тIе. ТIаьххьарниг хIоттийнера цо стохка лахьан-баттахь: Нурмагомедов а, Чимаев а воцург, цу тIехь йара палестинхойх схьаваьллачу америкахойн латархочун Мухьаммад Бэллин а, Хьабибан дас Iамийначу Махачев Исламан а цIераш.
- Адамийн бакъонашкахула йолчу президентан Кхеташонан декъашхочо, 2024-чу шеран харжамашкахь Путин Владимиран хиллачу векало Ахмедова Маринас критика йира UFC-н Дагестанан чемпионна Нурмагомедов Хьабибана Трамп Дональдца къамел тасарна, ГIазза секторера тIом сацабахьара аьлла, дехар деш. Цо бехкевира спортхо, "Палестинаца бен бала бац цуьнан, цигахь цуьнан бусалба вежарий бу, ткъа Белгородехь – делах цатешарш бу" аьлла. Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс жоп луш бехк баьккхира Ахмедова Маринера, "дийнна халкъаш" сийсаздеш, цу тIехь гIарайала гIерташ йу аьлла.
- UFC-н нохчийн латархочо, Нохчийчоьнан куьйгалхочун берийн тренеро Чимаев Хьамзата дехар дина Кадыров Рамзане, "Палестине ваха" пурба ло шена, "бусалба вежаршна хьалхара вала" аьлла. Цуьнан къамел "дагах кхеташ" дара элира вукхо, ткъа цо дина дехар жоп доцуш дитира.
- 2022-чу шеран гIадужу-баттахь шведахойн нохчех схьаваьлла UFC-н латархо Чимаев Хьамзат а, Нурмагомедов Хьабибан ваша Абубакар а леттера Абу-Дабихь. Цул а хьалха Чимаевс а, Нурмагомедовс а вовшашка шогаллица кхийсарш йинера социалан машанашкахь, Чимаев Хьамзата, цунна лаахь, "Хьабиб вовшахвоккхур ву" ша аьлла, дош делча. Делахь а, цул тIаьхьа масех де даьлча Нурмагомедов Абубакара "бусулба ваша" элира Чимаевх.