ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьакъволу гӀишлошйархо, лор, академик: Нохчийчоьнан куьйгалхочун уггаре а беламе совгIаташ


Кадыров Рамзан а цуьнан доьзал а. Архиван сурт. Хьост: Нохчийчоьнан куьйгалхочун официалан телеграм-канал
Кадыров Рамзан а цуьнан доьзал а. Архиван сурт. Хьост: Нохчийчоьнан куьйгалхочун официалан телеграм-канал

Оьрсийчоьнан гӀишлошъяран министро рогӀера совг1а делира инарла-полковникан Кадыров Рамзанан. ХIинца, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна «Оьрсийчоьнан сийлахь гӀишлошъярхо» цӀе йелла: "корматаллана а, къинхьегамна а, говзаллина тешаме хиларна а". Даимна, и тайпа ц1е а совг1ат луш дара, г1ишлошъяран декъехь 20 шарахь сов белхаш динчарна. Хьалхо, Кадыровн а, цуьнан гергарчарна а юх-юха а луш дара царна ца догIу совгIаташ– царах уггаре а беламечух лаьцна Кавказ.Реалии сайтан материалехь.

Дуьненан рекордийн Гиннессан тептаран Оьрсийчуьрчу зорбанехь йаздина ду, дуьненахь уггаре а сов орденаш йелларг Советан пачхьалкхан куьйгалхо хилла волу Брежнев Леонид вара аьлла. Хетарехь, дукха хан йалале орденийн а, мидалийн а терахьца Кадыров, Брежнев Леонидал а хьала вала мегаш ву. "Верстка" проектан хьесапашца, Оьрсийчоьно Украинина дуьхьал тӀом бечу цхьана шарахь эха шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочунна а, цуьнан гергарчарна а 54 тайп-тайпана пачхьалкхан совгӀат кхаьчна: и терахь 2012-гӀа шо тӀекхачале хиллачул цхьана ахазза бохург санна алсам ду, тӀом болалуш хиллачул а .

Уггаре а беламе совгӀатех цхьаъ дара 2016-чу шарахь: гергарчара а, доттагӀаша а "дехха дехарш а дича", Кадыров реза хилира Оьрсийчоьнан Ӏаламан Ӏилманийн академин (РАЕН) сийлахь академик хила. "Кадыров Рамзан Ӏилманан белхаш боцу академик ву" бохучу «беларан къамелашна» терго ца йан йеххачу хенахь гӀиртира, амма, бехказлонаш лаха декхаре хилира иза. Цо билгалдаьккхира, шена "уггаре а дика диссертаци" "йухаметтахӀоттийна Нохчийчоь" а, "халкъо къобал вар" а. Дукха хан йалале Оьрсийчоьнан Ӏаламан Ӏилманийн Академин президенто Кузнецов Олега тӀечӀагӀдира: Кадыровна Ӏилманан цӀе йлла цо "тӀеман белхахойн а, Нохчийчоьнан бахархойн а дахарш кӀелхьардахарехь хӀора дийнахь бечу балхана".

Кхин цхьа масала ду 2004-чу шарахь Оьрсийчоьнан Турпалхо цӀе йелла цуьнна. 2019-чу шарахь Адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан цхьанакхетарехь кинорежиссеро Сокуров Александра дIахьедийра Оьрсийчоьнан президенте, Оьрсийчоьнан Турпалхочун цӀеран "дозаллехь"ойла йан йеза, Кадыров Рамзана а, цуьнан да Ахмат а санна болчу нахана иза йелла хилларна, аьлла. Режиссеро динчу дӀахьедаро, резабацарш г1аттийра республикан куьйгалхочунна гонах болчеран. Ша президент реза вацара Сокуровс аьллачунна. Муьлхха а "Оьрсийчоьнан агӀо лаьцнарг" хьакъ ву Турпалхочун цӀе йала, элира Путинс.

Оццу 20I9-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочунна йелла "Стоматологехь къахьегарна" орден: Соьлж-ГӀалахь керла леррина клиникан гӀишло схьайелларца доьзна. И мидал кхечу Кадыровн совгӀаташца цхьана могӀарехь йара, дукхахьолахь медицинан а, Ӏилманан а белхахошна луш долу. Цул хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочунна йелира Авиценнан орден – "могашалла Ӏалашъяран а, медицинан а Ӏилманаш кхиорехь дуккха а шерашкахь дакъалацарна", ткъа иштта Н. Н. Блохинан цIарах йолу дашо мидал, онкологина дуьхьалоеш къахьегарна. Иштта а Кадыровс ХӀинжа-ГӀаларчу финансийн а, юридикан а институтан Гудермесерчу филиалан юридикан факультет чекхъйаьккхина.

Кадыровн кхин совгӀат- дашо седа "Ларам а, Дикалла", "Сийлахь адамийн бакъонашларъярхо" цӀе а луш. И сацам бина 2007-чу шарахь Украинехь дӀайазйинчу "Дуьненаюкъарчу адамийн бакъонаш ларъяран комитето". Кадыров а, цуьнан структураш а адамийн бакъонаш йохош дакъалоцуш хилча, цхьана а кепара и цIераш йала йиш йац, ша реза ца хилара, д1ахаийтира хӀетахь "Мемориал" бакъонашларъяран центран куьгалхойн декъашхочо Орлов Олега.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Айманин нанна а, цуьнан дӀакхелхинчу ден Кадыров Ахьматна а кхаьчна цу кепара совгӀаташ. Бакъонашларъярхочо Газиева Фатимас, "Кавказ.Реалиин" редакторшца хиллачу къамелехь чӀагӀдо, КадыровгӀеран доьзал Ӏедале баьхкинчул тӀаьхьа, республикехь адамийн бакъонашца долу хьал къаьсттина телхина хилар. "Нагахь санна вай Кадыровца доьзна "бакъонашларъярхо" боху дош лелош делахь, тӀаккха хӀун дан деза вай хьалхо байинчарна, царна юкъахь бу масала, Эстемирова Наталья а, Садулаева Зарема а, цуьнан майра Джабраилов Алик а, Политковская Анна а?" – хаттар ло къамел деш йолчо.

Кадыровн дуккха а статусаш а йу. Масала, кхаа дешаран институтан - Кишиев Кунта-Хьаьжин цӀарахчу Исламан университетан а, Кхузаманан гуманитаран академин а, Нохчийн пачхьалкхан университетан а сийлахь профессор ву иза. Академически дипломаша бакъо ло цунна университеташкахь лекцеш йеша. Цо ша элира, ша даржера дӀаваьллачул тӀаьхьа йерриг а Оьрсийчухула лекцешца йеша дӀасалела дагахь ву ша аьлла. "Соьга далур долуш ду иза а", - тешийра цо.

Республикан куьйгалхочун боккхачу доьзална тӀе шан дог1анан т1адамаш санна эга совгӀаташ. СовгӀатийн терахьца лидер вара цуьнан кӀант, 16 шо долу Кадыров Адам. ЧIогIа гIардалар доьжна цунна тӀе, КъорӀан дагорна бехке а вина, лаьцначу Журавел Никитана йиттинчул тӀаьхьа. Кху деношкахь "Оьрсийчоьнан рекордийн тептаре" йазвина кхиазхо, Оьрсийчоьнан Федерацин цхьана субъектан куьйгалхочун кхерамазаллин сервисан уггаре а жима куьйгалхо санна. Рекордийн книга популяризаци йарна мидал йелира цунна коьртачу редакторо Коненко Станислава. Кавказ.Реалиин хьесапашца, кху шарахь Кадыров Адаман II-гӀа совгӀат ду хӀара. "ХIара совг1атна т1ехь,совца дагахь дац вай", - элара цо совгӀаташ дӀадаларан церемони дӀайаллачул тӀаьхьа.

Дерриге а абсурдан тӀе кхачийна"

Исханов Хьусейн
Исханов Хьусейн

Ичкерин хенахь, Дудаев Джохар президент волуш, совгӀаташ луш хилла боккъал а хьакъболчарна – дерриг а хийцаделира нохчийн хьалхара тӀом дӀабаьллачул тӀаьхьа президентан декхарш кхочуш деш Яндарбиев Зелимхан веъча, боху Кавказ.Реалии редакторшца хиллачу къамелехь Исханов Хусейна, Ичкерин куьйгалхо хиллачу Масхадов Асланан гIоьнчас. «Цхьаболчу нахана и эчиган хӀуманаш йезар» бахьана долуш пачхьалкхан совгӀаташ а, цӀераш а мах боцуш хилла Нохчийчохь хилла ца Ӏаш, Оьрсийчохь а, бохуш дуьйцу цо кхидӀа а.

"Кадыровна гонаха мел волчо бохург санна леладо инарлин седарчий, ткъа советан заманахь инарлин дарж эцархьама дерриг а дахарехь гӀуллакх дан дезара хьан.Нохчашана йуккъахь оьрсийчоьнан инарлин седарчий Джохаран бен ца хилла; оьрсийн элитан бен ца хилла бакъо, шайн белшаш тӀехь оццул баккхий седарчий лело", - дагалоьцу къамелхочо .

Дудаев ДжохӀара республика куьйгалла дечу заманчохь пачхьалкхан совгӀаташ кхаьчна исс стаг бен вацара, тӀечӀагӀдо дозанал арахьарчу Ичкерин Ӏедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада Кавказ.Реалиица динчу къамелехь. Цо кхетадо Кадыровн орденашка а, мидалшка "дика боцу" безам, Ичкерин хилла а, тахана а долчу пачхьалкхан совгӀатийн маьӀна лахдан гӀертар ду.

Кадыровс шен берашна тайп-тайпана совгӀаташ далар -беламе а, дуккха а забарш йан бахьан даьккхина- амма Нохчийчоьнан куьйгалхочунна цу тIехь кхин Iалашо го: цо шен бераш Ӏедал караэца кечдеш ду, цуьнца шен некъе кхоьллина хилар гайта гӀерташ ву иза, тешна ву Закаев.

Закаев Ахьмад
Закаев Ахьмад

"Кадыровс Кадыровн орден йелла. Ма цхьа а доцург тIе кхаьччна и дерриге а. Оьрсийчоьнан рекордийн тептаре Адам йазвина хиларо, Нохчийнчохь а Оьрсийчохь а нах белар бен хIума дац. Кхин йолу дог-ойла Нохчийн халкъан хила йиш йац и тайпа "значокашна а мидалашна", - бохуш, дерзадо Закаевс шен къамел.

Х1ара материал зорбане йаккха кечъеш йолчу йукъанна, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна рогӀера совгӀат делира: хӀинца, цунна йелла "Сихха медицинан тIехдикахо" аьлла йолу мидал. И совгӀат делира Нохчийчоьнан могашаллин министра, Кадыровн невцас Алханов Адама, iMed доьзалан клиникан пхи шо кхачарна леринчу гуламехь.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун кӀенташна а, йоӀаршна а кест-кеста керла совгӀаташ а, мидалш а, орденаш а ло. Дукха хан йоццуш Оьрсийчоьнан рекордийн тептаре язвина Кадыров Адам, Оьрсийчоьнан Федерацин цхьана субъектан куьйгалхочун кхерамазаллин сервисан уггаре жима куьйгалхо санна. Журавел Никитана йиттинчул тӀаьхьа Кадыров Адамана Кадыров Адамна Нохчийчоьнан Турпалхо аьлла, цIе йелира, тIаккха – Оьрсийчоьнан кхечу регионийн цхьа могIа совгIаташ а. Масала, ГIезалойчоьнан куьйгалхочо Минниханов Рустама ша дIакховдийра Кадыровна-жимахволчунна шайн республикера йезачух шолгIа "Дуслык" орден. "Къаьмнашна а, динашна а йукъара машар а, барт а чIагIбеш доккха дакъалацарна" аьлла, делира совгIат. Татарстанна тIаьххье Кхарачой-Чергазийчохь а делира цунна регионан лаккхара совгIат, иштта "Умматана гергахь гIуллакхаш дарна" орден а. Татарстанна а, Кхарачой-Чергазийчоьнна а хьалха хIун мехала гIуллакхаш дина Кадыров Адама – къаьстина дац.
  • Кадырова Iайшат "культурин хьакъйолу белхахо" йу, иштта мидалш йу цуьнан "Адамийн бакъонаш Iалашйарна" а, "Нохчийчоьнна хьалха декхарш кхочушдарна", регион "кхиорехь дакъа лацарна" а совгIат дира мехкан I00 шо кхочуш, ДоттагIаллин орден йелира "ДНР" аьлла дIакхайкхийначу мехкан цIарах, иштта Нохчийчоьнан лаккхара совгIат а – Кадыровн орден.
  • 2020-чу шарахь Американ Пачхьалкхан департаменто шорйира Кадыровна тоьхна санкцеш, цуьнан зудчух Медних а, йоьIарех Iайшатах а, Хадижатах а хьакхайолуьйтуш.Тептарехь нисъйелла Кадыровн хIусамнана Кадырова Медни а, цуьнан шолгIа зуда ю боху Хазуева Фатима а, кхозлагIа цIийнана лоруш йолу Ахмадова Аминат а, Нохчийчоьнан урхалхочун йоьIарий, культурин министран даржехь йолу Iайшат, Соьлжа-ГIалара школазхойн департаментан коьртехь йолу Карина (Хадижат), Табарик а, шича – бахаман а, латтанийн а юкъаметтигийн министр Ибрагимов Турпал-Iела а.Цул совнах, санкциш тоьхна иштта, Кадырова Iайшат урхаллехь йолчу модин «Фирдаус» цIенна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG