ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьарамлонаш лелорна лаьцна хилла Нохчийчуьра контрактхо дIахецна, цо Украинехь тIом барна арахь йаккха хан а тухуш


Нохчийчоь, Украине хьовсо кечбина эскархой, гайтаман сурт
Нохчийчоь, Украине хьовсо кечбина эскархой, гайтаман сурт

ВорхIазза хьарамлонаш лелорна лаьцна латтош хиллачу Нохчийчуьра контрактхочунна Хан Алексейна арахь йаккха хан тоьхна кхело, хьалхо иза набахте хьажош сацам бинера. Цо Украинерчу тIамехь дакъа лацар тидаме эцна кIеда сацам бина Къилберчу гонашкара тIеман кхело. Мангал-баттахь хийцина хилла иза, амма хIинца бен ца хиина цунах лаьцна.

Кхелан сацамца а догIуш, Хан Алексейс, шен даржах пайда а оьцуш, ворхI эскархо Iехийна хиллера, цаьргара ахчанаш а дохуш. ХIораннех ах миллион соьме кхачалц гIуда, йа йалх шаре кхачалц набахтехь йаккха хан тоха кхерам бара цунна. Зазадоккху-баттахь Соьлжа-ГIаларчу гарнизонан кхело Ханна ши шо туьйхира йуккъерчу рожан колонехь даккха, Соьлжа-ГIаларчу номер 1 йолчу СИЗО-хь хьоьжура иза кхелан сацаме.

Шена тоьхна хан вуно шога хийтира цунна. Цуьнан гIуллакхехь кIаддаран бахьанаш лерира, цо бехк тIелацар а, буьйралло дикачу агIор иза вийцар а, "лерринчу тIеман операцехь цо дакъалацар а" (ишта олу Оьрсийчохь официалехь Украинерчу тIамах. – Ред.).

ТIеман прокуратуро дийхира, цунна тоьхна хан хийцам боцуш йитар. Амма Къилбан гонийн тIеман кхело контрактхочун агIо лецира, набахтехь йаккха тоьхна хан арахь йаккхийта сацам а беш. Иза СИЗО чуьра маьршаваккхира кхело.

  • Боккхачу барамехь наркотикаш эцарна бехкевира Пятигорскерчу тIеман гарнизонан кхело контрактхо Сокологорский Алексей. Цо Украинерчу тIамехь дакъалацарна а, цуьнан мидал хиларна а кхело арахь йаккха бен хан ца туьйхира цунна.
  • Адыгейра Майкоперчу гарнизонан тIеман кхело сацийра эскархочунна Керимов Сулейманна дуьхьал мефедрон лелорна долийна бехктакхман гIуллакх. ГIуллакх кIаддеш долу хьолаш лерира "къаьсттинчу кепехь тIеман декхарш дIадахьар а", цуьнан орден хилар а. Контрактхочунна кхо шо хан тоха тарлора.
  • Мангал-беттан 13-хь хиира, кегийра, йа йуккъерчу барамехь долу зуламаш лелорна бехкебина оьрсийн мобилизаци йинарш маьрша баха мега, балхара дIаваьккхича, йа совгIат делча. Оцу кепара низаман проект кховдийна пачхьалкхан думе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG