ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьашташ кхочушдайта аьлла дехар дича, Хорватин полисхоша шайна йеттарх лаьцна дийцина шина нохчийн мухIажаро


Хорватин дозанехь, гайтаман сурт
Хорватин дозанехь, гайтаман сурт

Украинина дуьхьал болчу тIаме буьгуш йолийна йолчу мобилизацех Оьрсийчуьра ведда волчу шина нохчийн мухIажаро дийцина бакъоларйархошка, шайна Хорватерчу полихоша йеттарх лаьцна. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин сайте хаам бира "Европерчу нохчийн Ассамблейн" векало Дадуев Iийсас.

Полисхойн машенахь дIасавуьгучу йукъанна цхьаволчу мухIажаро ша хьаштангIа аравалийта аьлла дехар дира. Иза йухавирзича, иштта дехар дира шолгIачо а, тIаккха полисхоша царна тIехь ницкъбан болийра, бохуш дуьйцу. Цаьрца кхин а цхьа нохчийн мухIажар вара, цунна ницкъ ца бина.

"Европерчу нохчийн Ассамблея" Хорватин прокуратуре арз дан дагахь йу, дIахьедина Дадуевс. Цо тIетоьхна, Хорватехула Европан кхечу пачхьалкхашка кхача гIерташ болчу нохчийн мухIажаршна дуьхьал церан динна тIехула дискриминаци лелайо бохуш латкъамаш кхочу хIинца а.

"Тоьхна хан дIайахйар доцург, лецначу Нохчийчуьрчу мухIажарийн хьокъехь Хорватин Iедало кхин цхьа а официалера сацамаш бина бац, суна довзарехь. Тхан ассамблейно [низам лардаран хьукматашка] дахьийтинчу кехаташна жоп делла дац", - аьлла Дадуевс.

2022-чу шеран чакхенехь Кавказ.Реалиин редакцино а дахьийтира Хорватин МВД-га а, прокуратуре а масех кехат, Нохчийчуьрчу мухIажарехь долчу хьолана тIехула. Цхьа а жоп ца кхечира цаьргара.

  • ГIуран-баттахь пачхьалкхан цхьайочу аэропорте кхаьчна волчу Нохчийчуьра вахархочунна йиттина Хорватин полицин белхахоша, аьлла дIахьедира "Европерчу нохчийн ассамблейно". Цул тIаьхьа мигрантийн лагеран къевлинчу камери чохь латтийна иза масех дийнахь. Цунна йиттича тIехь йисина лараш гойтуш суьрташ зорбане даьхна бакъоларйархоша, мухIажаран цIе йоккхуш йац. Хорватин Iедало комментари ца йира мигрантана тIехь ницкъбина бохучу хаамашна.
  • Боснера а, Герцеговинера а Оьрсийчоьнан векалтехь дIахьедина, пачхьалкхе а кхаьчна, цигахь тховкIело йеха луучу Нохчийчуьрчу, ГIалгIайчуьрчу а мигрантийн проблемаш йац аьлла. Дипломатин миссин векало ишттачу хамах "спекуляцеш" аьлла. Хорватин МВД-хь билгалдаьккхира, кху шарахь Оьрсийчуьра мигрантийн терахь дистина аьлла, амма харцдина цара муьлхха а контролан-чекхваларан пункт оцу бахьнаца дIакъовлург хилар.
  • ГIуран-беттан 26-хь Европехь куп тоьхначу бакъоларйаран "Вайфонд" ассоциацино хьалхо хаамбира, Боснихь а, Герцеговинехь а нохчийн мухIажаршца дискриминаци лелош хиларх. Оцу пачхьалкхера араболу масех доьзал Iоттабеллера проблемех, царна Туркойчухула Оьрсийчу депортаци йан тарло, чIагIдо бакъонашларйархоша.
  • Лахьан-беттан юьххьехь дийца даьккхира Хорватихь иттаннашкахь нохчий лецна аьлла. "Европерчу нохчийн Ассамблейн" векало Дадуев Iийсас хIетахь ма-дийццара, цхьаболчу мухIажаршна тIехь ницкъбина, кхерамаш тийсина, сийсазбина аьлла. Нохчийчуьра бахархоша латкъамаш бора, миграцин набахтен белхахоша шайца хIуьттаренаш лелорах а, иштта лоьраш шайна тIе ца битарх а.
  • Австрерчу депортацин набахтехь Нохчийчуьра ши вахархо ву латтош, военкоматера тIекхойкхуш кехат кхаьчначул тIаьхьа веддера и шиъ. Хорвати юхахьажон кечвеш ву и шиъ, цигара Оьрсийчоьне дIавала. Царна тIехь кхел хIинцале а йина ю, вердиктах хууш дац.
  • Европехь шайн тховк1ело йоьхучу Нохчийчуьра мух1ажаршна т1е1итталуш болу кхачамбацарш билгалбехира Кавказ.Реалиино хеттарш динчу бакъоларйархоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG