Меттигера хьехархо верна бехкевечу ГIалгIайчуьра вахархочун Могушков Мохьаммадан хьокъехь психологин экспертиза йинчу материалашна тIекхаьчна францхойн BFM TV телеканал. Динчу жамIашца а догIуш, Могушков "къаьсташ ву лаккхара криминологин а, психопатологин а кхерам" хиларца.
Процессан шина а агIоно лардора психологин экспертизин хьесапаш, гIирсан хаамашца. Чиллан-беттан 12-чохь кхаьчна жамIаш аьлла ду тIехь, цуьнан автор, цIе ца йаьккхина, Лионера апелляцин кхело хIоттийна вара.
Карарчу хенахь Могушковн "психологин проблемаш йу лаккхарчу кхерамца, нарциссан а, параноидан а башхаллашца" аьлла, зераш дина эксперто. Бехке хетарг "лаккхара криминологин а, психопатологин а кхерам болуш" хилар билгалдоккхуш, эксперто тидам тIеузу "ша шеца диалогехь хилла, йа шегара бехкаш даьхна, ша аьтто боцуш хиларх" иза кхеташ цахиларна.
Могушковна а, цуьнан зулам дан сацамна а тIеIаткъам бинчу бахьанашлахь билгалдоккху эксперто, радикалан исламехь цуьнан дас иза кхиор а, да Францера араваккхар а, 2020-чу шарахь Covid-19 пандемица доьзна дозанаш тоьхначу йуккъехула ден-ненан дIасакъастар а, ХЬАМАС-н (ГIазза секторна тIехь контроль латтош йолу, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Евроберто а террорхойн лерина герзашца лела тоба) 2023-чу шеран гIадужу-беттан 7-чохь Израильна тIелатар а.
Кавказ.Реалии сайто чиллан-баттахь хаамбира, Могушков Мохьаммада дуьххьара оцу гIуллакхехула дараш дарх. Цо дIахьедира, ден адам билгалдоккхуш францхойн меттан а, литературин а хьехархо харжар цхьана хIуманна дара шен, хIунда аьлча, францхойн маттехула "республике, демократигахьа, адамийн бакъонашка болу безам, Iаламат довзийта тарло".
- ГIадужу-беттан 13-чохь Аррасера школехь уьрсаца тIелатар дира Могушковс 57 шо долчу францхойн меттан а, литературин а хьехархочунна Бернар Доминикна. Кхин а кхаа стагана чевнаш йира. ТIелеттарг лецира – и хиллера ГIалгIайчуьра схьаваьлла 20 шо долу Могушков Мохьаммад
- Францин хаамийн гIирсаша чIагIдарехь, ша зуламана аравалале хьалха Могушковс ваIда дина хилла террорхойн "Исламан пачхьалкх" олучу тобана, иштта хьахийна хилла Израилан ХЬАМАС-ца тIом а. Аррасера тIелатаран а, Гергарчу Малхбалера хиламийн а уьйраш хиларх дIахьедира Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Дарманен Жеральда а, талламхойн хаамашна тIетевжина.
- Шен доьзалца Франци веана Могушков бер долчу хенахь. Аррасехь тIелатар динчул тIаьхьа къастарца, жимчу стеган воккхаха волу ваша хьалхо таIзар дина хиллера террорхойн артиклехула. Ткъа ша Могушков полицин тергонехь хиллера радикалан исламехь ву аьллачу шеконашца. ХIетте а бакъоларйаран органийн бахьана ца хилла иза лаца.
- Йуьхьанца Могушков Мохьаммадца цхьаьна лаьцна, полици валийнера 10 стаг: цуьнан гергарнаш а, бевза-безарш а. Официалехь бехкаш дехкира царех шинна: тIелеттачун жимахволчу вешина а, шичина а – ший а берхIийтта шаре валанза ву. Хьалхарниг бехкево декъахь хиларна, шолгIаниг – бендоцуш Iарна (цунна хууш хиллера боху тIелатар дан кечлуш вуй, амма и йукъахдаккха кIад а ца дина).
- Полицихь даьккхинчу кхаа дийнахь Могушков Мохьаммадан йишас францхойн журналисташка дийцина цунах лаьцна "къиза, радикалан хьежамаш" болуш вара иза аьлла. Цо дийцарехь, цуьнца а, ненаца а гIело латтош хилла вашас, тIе куьйг хьош а хилла. Хаамийн гIирсийн информацица, доьзалехь ницкъбар марздинарг хилла Могушковн да, Францира депортаци йина хилла цунна, Шема а вахана "Исламан пачхьалкхан" агIор тIемаш бан лаам хиларна. 20I8-чу шарера схьа дуьйна доьзал и цхьаьна а воцуш баьхна.
- Йоллу Францина бохам хиллера Аррасехь хилларг – тIелатар хиллачу школе президент Макрон Эммануэль а веанера. ТIаьхьо вийна Бернар Доминик дагалоцуш акци хIоттийра гIалахь, цига баьхкинера эзарнаш нах, бара царлахь тIелатар йемалдина бусалбанаш а.