ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Хьере хьал карладуьйлуш лаьтта”. Чехера журналист - Украинерчу, Нохчийчуьрчу тIемех лаьцна


Оьрсийчоьнан эскархо, 2000 шо чиллин-бутт
Оьрсийчоьнан эскархо, 2000 шо чиллин-бутт

"Кавказан Хроникан" керлачу подкастехь, цу подкастан автор а, дIахьошверг а волчу Вачагаев Майрбека Нохчийчохь хиллачу, Украинехь боьдучу тIемех къамел дира чехийн журналистаца, йаздархочуьнца Прохазкова Петрица. Дуьненчуьра дуккхачу меттигашкахь тIеман корреспондент лелла йу иза. Оьрсийчоьнна, Нохчийчоьнна конфликтана гергахь масех шарахь болх бина йу. 1995-чу шарахь Буденновскерчу лазартнехь дIалийцинчу нехан меттана ша дIалаца баьхначех цхьаъ а йу Прохазкова.

Нохчийчохь а, Афганистанехь а зударшна, берашна гIо деш, Чехерчу мухIажаршна накъосталла деш долу "Беркат" цхьаьнакхетаралла вовшахтуьйхира журналисто. ТIеман хьелашкахь бехачу зударех масех книга йазйина Прохазковас. Оьрсийчоьно Нохчийчохь лелийна политика йемалйарна 2000-чу шарахь масех шарна Оьрсийчу йар а дихкина дара цунна.

– Лараме Петра, 1994-чу шарахь Нохчийчу йахар хьан дуьххьарлера тIеман командировка йарий?

– Йу ала мегар ду. Иза сан дуьххьарлера тIом бара. Цул хьалха цхьана йоццачу хеначохь Абхазехь хилира со (ша оккупаци йиначех хета Гуьржийчоьнна и шен цхьаннах йозуш цахилар дIакхайкхина республика. - билг. ред.). Нохчийчохь тIом балале хьалха дара и. Амма со йоьлла йацара тIеман хьелех. Сан уггаре хьалхара тIеман командировка йара иза. ТIамах хууш цхьа а хIума доцуш, кхечира со цига. Сайна гушдерг кино йолуш санна хеташ.

– 2022-чу шарахь Оьрсийчоь Украине чуйаханчул тIаьхьа, хьо цига эха йолайелча, Нохчийчуьра тIом дагабогIурий хьуна?

– ХIаъ, со цецйоккхуш дерг, и хьере хьал йух-йуха а цхьатерра карладуьйлуш хилар дара, - мацах Соьлжа-гIалахь бIенашкахь эзарнаш болчу маьршачу нахана оьрсийн кеманаша тIекхийссина бомбанаш санна.

ХIинца дерг а изза ду, амма тIеман гIирсаш кхин бу. Масала, Нохчийчохь хиллачул [оьрсийн] авиаци йац Украинехь. Амма йу ракеташ а, цухенахьлернаг санна адамашка хилла къизалла а. Цигахь хилларг йуха а хуьлуш лаьтта.

Прохазкова Петра
Прохазкова Петра

ДагадогIу суна, нохчийн Шела - гIалин йуккъе авиацин бомба тоьхна (гIалин йуккъе ракеташ туьйхира, 150 адам дийра, дукха хьолахь меттигера машаре бахархой. - билг. ред.), Цу меттигна гена доццуш нисделира тхо а. И бомба машенийн гIирсаш бухкучу базаран керта йуьйжира. Цигахь беккъа цхьа машаре нах бара.

ХIинца изза сурт ду украинхойн йарташкахь а, гIаланашкахь а. Цу хьоло цецвоккху: Нохчийчохь тIом болабелла 30 шо даьлча, изза Украинехь хуьлуш лаьтта.

– Цу шина тIаманна йуккъехь хIун башхаллаш го хьуна?

– Коьрта башхалла - Малхбузехьарчу пачхьалкхийн цу тIемашка хилла а, болу а хьежамаш. ХIунда аьлча, Дуьненан йукъаралла Нохчийчоьне Оьрсийчоьнан цхьана декъе санна хьоьжура. Цигахь дерг дерриге ирча ду, Оьрсийчоь адамийн бакъонаш эшош йогIу, амма иза Оьрсийчоьнан латта ду, аьлла хетара дуккхачарна. Тахана Украинехь дерг цхьажимма кхечу тIегIанна тIехь гуш ду. Оьрсийчоьно магийна долчун дозанаш хедийна. Малхбузехьарчу пачхьалкхашна хIинца кхерам алсамо бу, Нохчийчохь тIом болуш хиллачул.

Нохчийчуьра тIом - царех хIораннан шен-шен кхетаме хьаьжжина гIуллакх дара иза [Малхбузехьарчу пачхьалкхийн бала кхачар, цакхачар]. Амма Малхбузехьарчу пачхьалкхашна а бу и тIом хилар бахьанехь кхерам бохург аьттехьа дацара. ХIинца суна гуш ду, Малхбузе и тIом Украинин хоршара баьлла шайна кхачарна кхоьруш хилар. Зарратан - герз тохарна кхоьру уьш. Цу тIехь нохчашца хиллачу конфликтан башхалла йу.

Нохчийн буьйранчашца уьйр йара тхан. Церан гIоьнца, цхьа а новкъарло йоцуш, тIаме а кхочура тхо

Амма цхьана хIуманна тIехь тера богIу и ши тIом. Со Украине моссуза йоьду, карладолу суна и. МостагIчунна дуьхьало йечу адамийн барт. Нохчийчохь а иштта дара. Хьо дIакхаьчна ваьлча, тайп-тайпана хьежамаш, белхаш болуш, нах хуьлу цигахь. Амма массарна а цхьатерра шайна мостагI тIе леттийла хаьа. И барт Нохчийчохь а масех шарахь лаьттира. Йуха хьал хийцаделира. Цхьана йукъанна суна хеттарг дара иза: адамашна шайн цхьа мохк буйла хаьа, шаьш цхьа къам дуйла а, шаьш цхьаьна дуйла. Царех хIоранна шен цIа а, шен мохк а ларбан лаьара. Тахана Украинехь а изза го суна.

Амма иштта даимна хир дац. Малхбузе а кIадлур йу, кIадлур бу Украинехь берш а. Иза вуно кхераме а ду.

– Дукха хан йоццуш Украине йахча, цигара нохчий хаабеларий хьуна? Цигахь Iаш а, Украинин агIонехь тIом беш болу а?

– Цигахь бехачу [нохчашца] цхьаьнакхетар хилира тхан, амма тIамехь берш ган аьтто ца белира. Прагехь политикца Закаев Ахьмадца къамел хилира (Малхбузехьа долчу Ичкерин куьйгаллин премьер-министр.-билг. ред.), цуьнца оха Украинерчу тIамехь нохчаша дакъа лацарах къамел а дира. Уьш дуккха бу цу тIамехь бехира цо соьга. Украинхойн эскархоша а олура: шинна агIора тIом беш нохчий бу. И тема суна чIогIа ладаме йара. Амма царна тIекхача хало ду.

Нохчийчохь журналисто бечу балхана а, Украинехь бечунна а йуккъехь йоккха башхалла йу. Украинхойн эскар уьйр ца йезаш, дIакъевлинчу хьелашкахь ду ала хIуттур йац со, амма фронтан хьалхарчу могIаре кхача цхьацца кехаташ, бакъонаш, аккредитацеш оьшу. Нохчийчохь берг партизанийн тIом бара. Тхан цу нохчийн буьйранчашца уьйр йара, тIаманна улло кхача цхьа а хало ца хуьлура. Украинехь цуьнца дерг чолхе ду.

– Оьрсийчоьнан Iедалан СМИ-гIирсаша хазахетарца йаздо Прагехь Украинина деш долу гIо сацаде бохучу митингех. Чехерчу бахархоша цу тайпачу гуламашкахь дакъалацарах хIун дуьйцур дара ахьа?

— Хенарчу нахах лаьтташ цхьа доккха дакъа ду. Шатайпа ностальги йу церан дIайаханчу хенаца. И нах даимна а Оьрсийчоьне озабезам болуш хилла. Амма цу гуламашка кегийрхой а богIу, вакцинашна дуьхьало йечийн гуламашкахь а хуьлура уьш. Чехерчу йукъараллехь Евробертана, НАТО-на даимна а резабоцу нах болуш бу.

И нах Оьрсийчоьнца гергарло дезаш хилла бу. Тхан президентана Милош Земанна тIараш деттара цара, цо Китайца гергарло лелочу хенахь. ХIинца изза категори нах бу тIом сацабина, Оьрсийчоьнца гергарло меттахIоттон лууш.

Алсамбевлла уьш хIинца, царех дIакхетта кхоьруш берш а. Нагахь вай Оьрсийчоьнна дуьхьал хилахь, Украинина герзаца гIо дахь, вай а, цхьана дуьненйукъарчу доккхачу девнан дакъа хилла, дIахIуьттур ду. Вайна боккха тIом баларна кхерам бу. Царна моьтту: нагахь вай Украина тесина йитахь, Оьрсийчоьнна иза дIа а йелла, йуьстах довлахь, тIом ца хьакхалуш, шаьш дуьcур ду.-гIа

1994-чу шеран дечкен-беттан 19-гIа де. Нах бехачу хIусамна тI1ейоьжна ши бомба
1994-чу шеран дечкен-беттан 19-гIа де. Нах бехачу хIусамна тI1ейоьжна ши бомба

– ТIеман волайнхошна гIо деш йукъараллин цхьаьнакхетаралла вовшахтоьхна ахьа. ХIун бахьана дара цунна?

– Коьрта бахьана кIадйалар а, сатийсамаш кхачор а дара. 1994-чу шеран гIуран-баттахь дуьйна схьа болх бира аса Нохчийчохь. Цигахь суна мел гушдолчо цкъа хьалха Iадайора со, юха - сингаттаме хуьлуьйтура.

Масала, 1997-98 чу шерашкахь Чехерчу ТВ-хь, газеташкахь сайн белхан меттигаш йол-йолучохь Соьлжа-гIалахь карийна хьаладаьхначу декъех лаьцна дийца йоллу со аьлча: "Маса дакъа ду цигахь?" олий хоттура. ХIун бен ду, цигахь цхьаъ хилча, пхиъ йа итт дакъа? Мухха делахь а, хилларг адмана инзаре боккха бохам ма бу. Со кхийтира, Нохчийчуьра тIом Европехь цхьа хIора дийнахь хила дезарг санна тIеоьцуш дуйла, дуккха нах репортажашка хьажийта царна дуккха цIий оьшуш дуйла. И дерриге суна чIогIа дегаза хетара. Журналистико цхьа а гIоле ца йо, аса лелориг эрна ду, суна цу балхах хуьлуш цхьа а хьаам бац, соьга хIумма ца дало, ца хийцало, со гIорасиз йу. Нохчийчохь сайна гондхьа дуккха а дакъазадевлла, гIийла бераш гора суна. ТIаккха дагадеара, берийн цIа санна цхьа хIусам схьайаьлла. Цхьа а хIума йаз ца деш, видеош ца йохуш, цу гIийлачу берийн гIуллакхашка хьажа. Иза дика хан йара. Шина шарахь лаьттира и. Журналистикех а дикка садаьIира аса. Доккхачу зовкхаца дагалоцу аса и мур. Ткъа "Беркат" цIе берашна шайна дагайеана йара.

Йуха со Оьрсийчуьра арайаьккхира. Амма и цхьаьнакхетаралла болх бечуьра ца сецира. ХIинца а йолуш йу иза. Нохчийчохь хилла ца Iа - оха цу хенахь йина проекташ йац уьш. Тахана кхин а, Афганистан а, Украина а. Хазахета суна, и тхайн ойла дийна йолуш а, тахана болх беш йолуш а. Тхо цхьа жима цхьаьнакхетаралла ду. Дуьненйукъарчу йаккхийчу гуманитарин цхаьнакхетараллаша дечу гIоьнна йуьстаха бисинчу нахана гIо до оха, - шаьш хьаьнга, хIун деха деза а цахуучу нахана.

– Хьо Украине йахаран Iалашонех лаций дийцахьа?

– Сан коьрта лазам - бераш. Тайп-тайпанчу хьелашкахь нисдаларна, Оьрсийчу а, оьрсийн эскаро дIалийцинчу а латтанаш тIе депортаци йеш, дIадигина бераш. Цхьадерш Украине йуха а дерзийна. Суна уьш лаха а лехана, цаьрца къамелаш дан лаьара. Иза иштта хIунда нисделла, царна хIун хета, аьлла хеттарш деш.

Цхьана агIора, со ца кхета, боьдуш тIом болуш, нанас шен бер цхьана лагере муха дохуьйту, [аннекси] йинчу ГIирме? И наной дукха хьолахь цIийнда воцуш, таронца ледара болуш, цхьалханчаш хуьлу. Политикех башха кхеташ бац. ТIом, цаьрга хаьттича, церан цхьа а бала боцуш хIума ду. Аьлча а, уггаре хьалха шайн берашна кхерамзалла йолу агIо лохуш ду шаьш, царна хазахетарш дан лаьа шайна олий, IадIа.

Тхоьца къамеле бевлла доьзалаш Херсон оккупацехь йолуш кхаьчнера цига. Цаьрга, шун бераш кхузара дIадигча, дика хир дара, цара спорт йеш, са а доIур дара, уьш хIорда чохь луьйчур бара бехира. Наной реза хилира.

Уьш дикка кхетта бацара, иза оккупацехь латта дуйла а, цигахь кхерам буйла а.

ТIаккха, бераш ГIирмехь долуш, Херсоне Украинин эскар кхечира. Цара гIала мостагIех паргIат йаьккхира. Ткъа наной тIеман вукху агIора бисира. ХIорш-м дика дIадирзинарш ду. Украинехь цу хьелашкахь дерг хало нисло.

– Нохчийчоьнца боьзна хьайн уггаре чIогIа дагалецам муьлха бу дуьйцур дарий ахьа?

– 1994-чу шеран гIуран-баттахь дара иза. Цу хенахь со дикка кхетта йацара, со тIаме кхаьчнийла. Соьлжа-гIалахь масех журналист висинера, оьрсийн кеманаш бомбанаш чукхийсса дуьйладеллера. Америкахойн журналист Элбаум Синтия йара соьца. Суна хетара: хIаъ, адамаш леш ду, амма тхо журналисташ ма ду, тхуна цхьа а хIума хир дац аьлла.

Кеманаша Соьлжа-гIалина бомбанаш тоьхча, Синтия дIакхелхира. Нохчашца цхьаьна цуьнан дакъа гIалара арадаккха таро лийхира аса. Меттигерчу бахархоша иза чуйилла йаьшка йира. Лармичуьра арадовла шайна кхераме доллушехь, тхуна гIо дархьама, арабовлура уьш. Синтия Хасав-Йуьрта дIайаьхьира оха.

Хьаша-да везаш, комаьрша адамаш ду нохчий. Наггахь тIех дика а. Цкъацкъа тхаьш хIун дан деза ца хууш дуьсура тхо. Цхьаьнга хьошалгIа кхочу хьо, хьуна шайн уггаре дика чоь лой, шаьш цхьанхьа дIабийша боьлхура. Суна чIогIа эхь хетара царех, новкъарло йан ца лаьара. Хьуна шайнчул дика, паргIата хилийта, дерриге дора цара.

И йаьшка йеш цара лелийнарг цкъа а дицлур дац суна. Тхо тергал ца деш, Iийчахьана ма бовлура уьш. Журналист кхелхина, хIун дара и кхелхича? Церан шайн ма бара шортта белларш. Амма тхуна тхан ламасташца догIучу кепара гIо дан лиира царна. И дерриге, хаддаза тIедетташ герз долуш, чекхдаьккхира.

– Нохчийчохь ши тIом болчу хенахь нохчех хеттачул алсам къа украинхойх хета чехашна аларна реза йуй хьо? Стенца доьзна ду аьлла хета хьуна и?

Оьрсийчоьно герзаш диттина Херсонера нах беха цIа. 2023-чу шеран чиллин-беттан 21-ра
Оьрсийчоьно герзаш диттина Херсонера нах беха цIа. 2023-чу шеран чиллин-беттан 21-ра

– Нийса ду иза. Реза йу со иштта аларна. Амма шуна а хаа деза, Украина Нохчийчоьнал а уллохь йу тхуна. Украине йаха дагахь со арайаьлча, масех сахьт далале украинхойн Львовехь хуьлу. Кхин а ши сахьт даларца - Киеве кхочу. Тхо долчуьра милла машена хиина, парггIат Украине ваха йиш йолуш ву. Динаца долу гергарло а ду. Славянаш а ма дуй тхо. Цхьажимма украинхойн маттах а кхета. Оьрсийн мотт ца хаахь а, украинхойчух мелла а кхета аттох хуьлу.

Вуьшта кхин цхьа хIума а ду, Чехехь тIом болабалале хьалха дуккха украийнхой бара тхо долчохь цхьацца белхаш беш. Уьш ишта а тхан йукъараллин декъахой бара. Цундела и тIом оха менталитетаца тхайна дикка гергара болчу нахаца хилча санна тIеэцна. Цхьа дин лелош хиларо а аттачу доккху царех кхета лаар... Чехехь бусулбанашка башха дика хьежам бац.

Боккха тIеIаткъам бо таханлерчу социал-машанаша а. Нохчийчохь тIом болчу муьрехь интернет йанне йацара. Со йолчуьра аса йазйеш дIатуьйссу репортажаш чехашна дIакхачале, дикка хан йолура. Цу хеначохь кхин керладерг эккхара. Йешархошна тIекхача дикка некъ бан безаш хуьлура сан хаамаш. Ткъа тахана Украинехь дерг хуьлуш лаьтташехь ган таро йу. Телефон йолчо муьлхха хIума дIайаздо. Социал-машанашкахула нахана дерриге ма-дарра схьаго. Эзарнашкахь суьрташ, видеош, аудиош а. ТIаккха и тIом хьан дахаран цхьа дакъа хуьлий, дIахIутту. Амма кхин хаттар кхоллало: гуш, хезаш дерш даимна а дуй-те бакъ олий.

– Чехино деш долу гIо хенаца гIеллур ду аьлла хетий хьуна?

– Хета, жим-жима лахлур ду аьлла хета суна. Шо хьалха чехаш шайн машенашкахь Украиница долчу дозане боьлхий, мухIажарш балош, схьабогIура. Уьш цара шайн цIахь кхобура. Цу хенахь хIора доьзалехь аьлча санна "шен-шен" украинхойн мухIажар вара. Тахана хьал мелла а хийцаделла.

Йоккха цхьа тоба йу хIинца а, нахана гIо деш, машенаш лоьхуш, Украинина гIоьнна оьшург дIайохьуьйтуш, шайн керлачу накъосташца-украинхошца уьйр - марзо латтош. Амма и тайпа нах хьалхачул кIезга хаало. Вайн йешархоша вайн йозанийн терго йар а иштта лахделла. Шо хьалха аса Украинера репортажаш йечу хенахь нехан чIогIа бала кхочура. Наха соьга кехаташ йаздора. ХIинца и хьал дикка хийцаделла гуш ду.

Терго лахлуш гIур ю, Нохчийчохь а иштта хилира. 1994-95 чу шерашкахь аса репортажаш йазйора. Со Чехи йухайеъча, нахана новкъахь йевзаш нислора. Нохчашна гIоьнна ду бохуш ахчанаш кхийдадора цара соьга. Ткъа 1998-чу шарахь Нохчийчуьрчу тIамца бала берш бисна бацара. Наггахь цигахь цхьа террорхойн жигаралла хааделча - м хуьлура: гIишлош лелхийтар, нах дIалийцар. Йукъаралла хенаца вонех дIадулу. Хала хеташ делахь а, Украинерчу тIамах а булур бу нах. Чехех ца хьакхалуш и конфликт йисахь. ТIом герга ца багIахь, мухIажарш схьа ца баржахь, суна хетарехь, цу тIамца болу бала, лахлуш, гIеллуш, гIур бу.

– Чехерчу Iедало Ичкерия Нохчийн республика оккупацехь хилар бакъ дийр ду аьлла хетий хьуна? 2022-чу шарахь Украинин парламенто санна?

– Цкъачунна хила йиш йу аьлла ца хета и санна дерг. Чехерчу Iедалехь либералийн, демократийн партеш йу. Уьш кийча йац и тайпа сацамаш тIеэца. Ша Чехера йукъаралла йац цунна кийча - Украинерчу тIаман ойла йеш бу уьш кху муьрехь.

Нохчийчоьнна а, Кавказна тидам тIеберзон тарло. Оьрсийчохь цхьа хийцамаш хилча, хила тарлуш дара иза. Путинан раж йохар, Iедал хийцадалар хилча боху аса. ТIаккха Чехерчу политикаша Нохчийчоьнна тIе тидам берзор бара. ХIинца долчу хьелашкахь иза хила йиш йац.

***

Нохчийчохь а, Гуьржийчохь а хиллачу тIемаша хIун ца кхетийна Малбузехьарчу пачхьалкхашна? Шайна лиънехьара, Украинехь тIом ца эккхийта аьтто барий церан? Цунах дерг дуьйцуш профессора Вачагаев Майрбека къамел дира Парижерчу Sciences Po институтан профессорца Гордадзе Торникеца.

Орсийчоьнан имперхойн амбицийн башхаллаш муьлхарш йу? Путин Владимир дIаваханчул тIаьхьа путинизм дIайер йуй? Украинерчу тIамехь хила тарлочу эшаро хIун тIеIаткъам бийр бу пачхьалкхана? Иза а, кхиндолу хаттарш а Вачагаевс дийцаре дира шен коллегица Сорбонан профессорца Том Франсуазица. Францера эксперт, кхузаманлерчу Оьрсийчоьнан, XX - бIешеран историн говзанча, Оьрсийчоьнан президентан белхан талламхо, "Путинизмах кхетар" ("Понять путинизм") книга йазйинарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG