ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьиджабаш техкинчу Дагестанера зудаберашна меттигера йахархо тIелатар толлуш ду Москвара полицино


Бусалба йоI
Бусалба йоI

Кху деношкахь хьиджабаш техкинчу Дагестанера шина йоIана урамехь цхьа зуда тIелатар тидаме эцна Москвара полицино, меттигерчу инспекторо толлуш ду хилларг.

Цунах лаьцна хаамбина Дагестанан Йукъараллин тергамчийн комиссин куьйгалхочо Хадулаев Шемала. Москвара Новогиреевон кIоштарчу чоьхьарчу гIуллакхийн декъаца зIене ваьлла иза. Цуьнана хаамашца, зен хилларг йу 17 а, 15 а шераш долу ши йиша. Хадулаевс хаийтина, шина йоIаца бакъоларйархой зIене бевлла хиларх, цара цу шинна бакъонца гIо латтор хиларх. ЦIерашца ца бовзийтина цо бакъонашларйархой.

ТIелатарх дийца даьккхира гезгамашин-беттан 4-чохь, интернетехь цхьахйолчу йоIа йаьккхина видео дIасайаьржинчул тIаьхьа. Доккхачу декъана иза зорбане хIоттийнера "Осторожно, Москва" телеграм-канало. Хуьлуш дерг телефона тIе дIайаздан долийна, дов иккхинчул тIаьхьа, амма контекстера гуш ду, зудабераш Таджикистанера ду моьттина хилар зудчунна.

Цхьана хеначохь цу шинна тIаьхьа йаьлла лелаш хуьлу иза, "шайн уставца хийрачу пасхьалкхе йеана" бохуш, ткъа "шун божарша тхан зударшна йетта" бохура цо. Цул тIаьхьа съемка йечу йоьIан карара телефон схьайоккха гIурту иза, масех секундашкахь цигахь хуьлучух къаьсташ дац, цул тIаьхьа шолгIа йоI лаьттара хьалагIоттуш го. ТIелеттачу зудчо бедарш тIера а лоций, дIасайетта иза. ТIелеттачул тIаьхьа зудчо дIахьедира, "аша бага лейо тхоьга" аьлла.

"Национализм – хIара вайн пачхьалкхехь боккха сингаттам бу. Цхьана а кепара цуьнца беш къийсам бац. Ткъа бала хьоьгу, даим а хуьлуш ма-хиллара, зударша", - комментарий йина инцидентана Марем цIе йолчу кризисан тобанехь.

  • Товбеца-беттахь Москвара метро чохь урс даьккхина тIелеттера хьиджаб тиллинчу пассажирна цхьа зуда – буьрчан баллон шеца хиларна кIелхьара йаьллера иза. Кхин болу пассажираш йукъагIоьртича, тIелеттачо луьралла лелийнера цаьрца а. Полицин хаамашца, къаьркъа мелла хиллера и зуда.
  • Охан-баттахь Новосибирскехь хилира "Оьрсийчоьнан халкъан отрядан" декъашхоша дӀайаьхьна хьиджабашна дуьхьал рейд. Бойкот йийр йу бохуш, кхерамаш туьйсуш, цара тIедожийнера меттигерчу аптекийн машана, цхьана белхахочун коьртара йовлакх дӀадаккхар. Националистийн агӀончаша дIахьедо, оцу кепехь шаьш "исламан терроризмца къийсам латтабо" бохуш, Москвана гена йоццуш йолчу "Крокус Сити Холлехь" теракт хиллачул тӀаьхьа.
  • Стохка Ростов кӀоштарчу Новочеркасскерчу медицинан колледжан куьйгалло дIайаьккхира цигахь доьшуш хилла Къилбаседа Кавказера орамаш долу пхи студент-йоI. Бахьана дара - хьиджабаш дӀайаха уьш реза ца хилар. Колледжан директоран гIовсо кхетийра цунах, колледжехь дихкина ду динан атрибуташ лелор, цара и низам дохадо аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG