Ростов кIоштара дешаран министралло бакъо йелла хьаиджабаш лелорна Новочеркасскан лоьрийн колледжера дIабаьхначу студенташна деша юхабахка. Цуенах лаьцна Кавказ.Реалии сайте хаийтина зудаберийн адвокато Нурбагомедов Мохьмада.
Юристо бахарехь, кехат деана цуьнга министраллера латкъамна дуьхьал, цу тIехь урхалло "колледж бакъ ю" боху, амма чакхенехь билгалдоккху, студенташ юхабахка мегар ду аьлла.
"Зудабераш юха дIаоьцур ду дешаран хьукмате, амма хаттар хIутту, буьсур бу уьш цигахь, йа бац. Цхьахйолчу студентан ненаца къамел хиллера сан, цо хьиджаб йац лелош, йовлакх ду, цунна а эшамаш бо цхьацца бахьанашца. Оцу кепара масалш дуккха а ду, цундела цигахь деша хала хир ду царна, кхечухьа дехьабевр бу уьш", - хаамбина Нурбагомедовс.
Хьалхо хаам хилира, медицинан колледж кийча ю дIабаьхна студенташ юха дIаэца аьлла, амма, хьиджабаш доьшучу гIишло чохь цара лелор йацахь.
- Новочеркасскера медицинан колледжера пхиъ бусулба студент доьшучуьра дIайаккхарх лаьцна хиира дечкен-беттан 29-чохь, зудабераш юристе а бевлла, шайн хьолах лаьцна видео дIайазйинчул тIаьхьа.
- Дешархой дIабохучу омрана куьйг йаздинера колледжан куьйгалхочун декхарш кхочушдечу Щикуля Игоря. Зорбанан гIирсашкахь конфликтах лаьцна дийца даьккхирча, цо кхетийнера, колледжан чоьхьарчу низамашкахь бина сацам бу и ша, адвокаташа ма-боххура, дIабаьхначу студенташлахь Нохчийчуьра дешархой бацара аьлла дIахьедира цо.
- Медколледжера дешархой-зудабераш дIадахарх лаьцна дуьххьара комментарий йира Нохчийчоьнан куьйгалхочо дечкен-баттан 30-чохь. Оцу сацамна жоьпаллехь берш "Оьрсийчоьнан бахархой" бац, "фашисташ" бу элира Кадыровс.
- Кадыровс оцу дарже хIоттийначу нохчийн омбудсмено Солтаев Мансура дечкен-беттан 23-чохь комментарий йира хьолана. Оьрсийчоьнан Конституци лоьрийн колледжехь талхор ду элира цо хьиджабаш йехкар, кхайкхамбира "низамийн тIегIанехь" проблема йерзайе аьлла.
- Хьиджабашна тIехула дешархой дIабахарх лаьцна Дагестанера жигархо, бакъонашларйаран блогер Алиева Марьям а йистхилира. Конституцица догIуш дац элира цо доьшийлашкахь хьиджаб цамагор, интерент-петици
кхоьллира цо "бусулбачу зудаберашна тIаьхьадийлар сацаде" аьлла. - Кест-кеста нисло Оьрсийчохь хьиджабашна тIехула конфликташ. Кеп-кепарчу шерашкахь Тюменехь а, Краснодарехь а, Астраханехь а, иштта кхечу гIаланашкахь а нисйелира уьш. Дукхахйолчу меттигашкахь студентийн ницкъ ца кхочу йовлакхаш лело бакъо къовса.