ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Хьовсур дара, Кадыровна а, Путинна а хьалхара уьш бала кийча буй": Ичкерин лаамхочо дуьйцу Белгородан кIошта йинчу рейдах


Украинехьа тIемаш бечу батальонан тIемалой, архивера сурт
Украинехьа тIемаш бечу батальонан тIемалой, архивера сурт

Украинан агIор тIемаш бечу Ичкерин маршонан агIончаша зазадокху-беттан 14-чохь хаамбира Оьрсийчоьнан дозанаш тIехь "диверсин операцеш" йолорах. Масех де даьллачул тIаьхьа цара дIакхайкхийра Белгородан кIоштара юьртан администраци схьайаккхарх. Оьрсийчоьнан тIеман министралло чIагIдо оцу йукъанна доза хадо церан хьийзар шаьш масийттаза йукъахдаккхарх.

Белгородан кIошта йинчу рейдашкахь Ичкерин тIемалоша дакъалацарх коьрта тоьшалла дара дозанера Горьковский эвлахь йаьккхина видео. Цу тIехь администрацин гIишло тIера байракх а, у а схьадоккху цара – нохчийн тIемалоша кхечу операцешкахь дакъалацарх информаци йац.

Белгородан кIошта рейде масех ВСУ-н интернационалан легионан дакъа дахийтира: Къаьстина леррина Iалашонаш кхочушйен батальон (ОБОН) йоцург цу йукъахь дакъалецира "Оьрсийн лаамхойн корпусо", "Оьрсийчоьнан маршо" легионо а, "Сибиран батальоно" а. Операци йечу хенахь деш мел дерг украинхойн эскарца дага а дуьйлуш, дора, цуьнан коьрта Iалашо йара "тIом даймахка берзор", билгалдаьккхира Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада.

ОБОН-ра тIемало "Янычар"
ОБОН-ра тIемало "Янычар"

ВСУ-н арахьарчу легионан декъера нохчийн ОБОН батальонан "Янычар" цIарца лелачу тIемалочо дийцира Кавказ.Реалиин корреспондентана зазадокху-беттан йуьххьехь Белгородан кIошта йинчу рейдах лаьцна

Мел хеначохь йахйелира операци?

– Зазадокху-беттан 24-чохь Украине йухадаьхкира тхо. Иттех дийнахь Iийра тхо Оьрсийчохь. Кхин батальонаш цигахь йиссиний, суна ца хаьа, амма тхайн тобанах дерг билггал ала йиш йу сан.

"Оьрсийн лаамхойн корпус" а, "Оьрсийчоьнна маршо" легион а "Сибиран батальон" а йарий шуьца?

– ХIаъ, хIоранна а шен-шен дакъа дара. Арахьарчу лаамхошца цхьаьна дахара тхо. Кеп-кепарчу меттигашкахь тайп-тайпана тобанаш дехьайуьйлура. Тхуна, Зумсо Хьаьжа-Мурда куьйгалла а деш, уггар а хала меттиг кхаьчнера. Цхьанна а ца лаьара цига ваха. Гобаьккхина минаш йара, чолхе дара, "чIогIа къаьхьа де" дара оцу дозанехь. Iалашо йара дозанашкара йарташ дIа а лецна, тхешан карахь латтор. Атта дацара, делахь а, и территори тхайна тIе а лаьцна, цигахь кхерамзалла латтийра оха.

Шун тоба йоцург а, кхин а нохчийн дакъош дарий цигахь?

– Шишани Iабдул Хьакиман (Ажиев Рустам) тоба а йара, тхан вежарийн. И дакъа а ду Закаев Ахьмадан куьйгакIел, амма ОБОН-нна йукъа догIуш дац. Цара шаьш чIогIа дика гайтира, лазийнарш а бу царлахь. Белгородан кIоштахь жигараллица къахьийгира цара.

– Путина бохура, Украинера кхо эзар ца кхоччуш нах а, 75 гIагI дилина техника а чукхачийна.

– Туьйранаш ду уьш. Авиацица чудаьхкина, хIордакеманаш тIера оха тIелатар дира ца аьлла а дика ду цара, иштта а дийца йиш ма йарий! Оццул техника мичара йалор йара?

Ма-дарра дийцича, масех техника йара. Цхьахйолу танк (цуьнан сурт машанашкахь даржийнера) мини тIе йаьллера, цуьнан зIенаш тIерайевллера. Оьрсийчоьнан эскарша йохийна йацара и. Вийна цара ма-боххура, цхьа эзар ахэзар стаг а вацара цигахь. Масех вийнарг вара. Тхо кийча дара эшамашна, йоккхачу пачхьалкхаца бен боккха тIом ма буй хIара. Нохчашлахь цхьа а ца вийра. Хила тарлора, украинхошлахь белларш, тхоьца бара уьш, йа "Оьрсийчоьнна маршо" легионера. Амма бIе стаг-м вацара.

ТIелеттарш дуккха а бара бохучух теша реза вара Путин а. МостагIчунна халахета, ши тоба чу а йеана, церан кIунзал аьхьна, дIайахча, дийнна арми йара баха ма дезий. Амма тхо оцу туьйранех дIадоьлла.

Оцу тайпа болчу тIамана Украинехь арахьара йолахой башха дукха а бац. ХIаъ, иттаннаш эзарнаш бу олу, амма и бакъ дац, аьттехьа а бац оццул.

Дозанашкара йарташ дIалецаран хIун тIеман маьIна ду?

– МостагIчунна хаа деза, аьлла хета суна, Украина Iалашйина ца Iаш, цуьнан дозана тIехь а цунах летар долуш тхо дуй! ДIоггара тхо тIекхочур доцуш а, ша дIагайта ма-гIерттара онда а, ницкъе а иза воций. Кхин а чIогIа лазаме жоп лойла йу тхан. Оцу акхарошна дIахаийла, тIелата гIора доцуш уьш биссахь, маьрша Сибире, шайн баннаш чу дIагIойла церан хир доций. Оха тхешан оьгIазло, тхешан ницкъ, доьналла кхачам боллуш дIагайтина дац царна хIинца а. Кхин а шога хила йиш йолуш ду тхо.

Шу чоьхьадевлла меттиг тIом боьдучу меттигал а ледара ларйеш йарий?

– Кхечу меттигел а гIийла ларйеш йацара и меттиг а. ХIаъ, бацара цигахь Китайн пен, йацара цигахь лаьтташ 25 дивизи а, заратан шахташ, атоман фугасаш а йацара, амма доза лардеш дара. Тхо дехьадевллачул тIаьхьа Оьрсийчоьнан эскарша кхечу меттигашкара а дакъош тIеуьйзира цига. Тхо цига кхочур ду ца моьттина хир дара царна. ТIамехь хIуъа а хила йиш йоллушехь. МостагIчун ницкъах шеконаш хила мегар дац.

Меттигера бахархой дуьхьалкхийтирий шуна?

– Тхуна ца кхийтира. Цигара дIабаха ларийнера уьш. Цигахь хилла эскархой а, оха йухатеттинера. Шайн меттигаш дIа а туьйсуш, бевддера уьш, генара йаппарш йора, ткъа йуьхьдуьххьал тхан бIаьргаш чу хьажа ца хIиттира. Оьрсийн чIагIонаш карийра тхуна, церан бахамца цхьаьна. Тхуна башха генахь бацара уьш, пхеа минотехь вовшашна тIеттIа кхочийла дара. Буьйлабелла лелара уьш, тхуна тIехь терго а латтош, тхо царна тIаьхьа…Иштта хуьлу тIамтIехь. Вуьшта тхан операци кхиамца йирзира.

Йуург-мерг йарий шуьгахь?

– ХIаъ, тхо йеххачу ханна аьлла, чудахна ма дара. Дерриг а тхайна ма-хеттара хир доцийла а хаьара тхуна. ТIом ма буй хIара: шоколад йиъча – дикка ханна цунах тоам хуьлура. Дийнахь марха хуьлура тхан. Итт денна аьлла сайца йуург эцнера ас, со йухавеъча, кхин а масех шоколад йиссинера соьгахь.

Дукха хан йоццуш Белгородан кIоштара Кадыровн батальоно дIахьедира, цигахь меттигаш цIена йу аьлла. Шун дуьхьалончийн могIаршкахь "Ахмат" йарий?

– Дуьхь-дуьхьал тхо тIеттIа ца кхечира. Царна тIекхачахь а, доггах гIад гIур долуш ду тхо. Хьовсур дар-кх церан доьналле, майралле, Кадыровна а, Путинна а хьалхара уьш бала кийча буй а. Цигахь цара къепе нисйина бохург, - Кадыровн туьйранаш ду уьш. Хабарча ву иза, ша массара а вуьйцуш хазахета цунна. Ша хестош воккхавоь иза.

Оьрсийчоьнан президентан харжамашца йоьзна йарий и рейд?

– Хила тарлора, амма оьрсий муха бу аьлча: хьо тIелеттехь а, уьш долччух а тешар болуш бу. Леррина Путинан дог-ойла йохон дина хIума дара аьлла, ца хета суна. Украинан эскаран буьйралло а, коьртачу штабо а цхьана хеначохь дийцарединера хIара, харжамашца цхьана нисделла хир дар-кх. Амма хаза нисделира: царна дIахаийла-кх, тхоьга а дохало Путин йухахIоттош церан хIоттийна той.

Цхьа Орсийчоьнан бахархойх лаьтта тобанаш цхьана Iалашонца чуйахийтина йарий Оьрсийчу?

– Йара, и нийса бина сацам бара аьлла а хета суна. Суна суо Оьрсийчоьнан вахархо ца хета. Нохчий - къаьстина истори йу, тхан Оьрсийчоьнца тIом лаьтта эзарнаш шераш ду. Оьрсех дерг аьлча, уьш шайн цIийца россиянаш бу. Уьш реза бацара Iедална, шаьш тIеэцначу мехкашка цундела дIабахара уьш. ТIаме арабевлла уьш, герз карахь шайн даймохк а, маршо а къийса. Цара дан дезаш хIума ма ду и, церан метта мила гIоттур ву?

Кхин даха дагахь дуй шу Белгородан кIошта?

– Оха рагI кхечу берашка йелла, тхаьш Украине йуха а догIуш, жимма садаIа. ГIо алахь, тхо кийча ду йуха а даха. Эшахь, тхо Сибири а, Генарчу Малхбале а кхочур ду.

  • Марсхьокху-баттахь ОБОН-н тобанан аьтто хилира Белгородан кIошта кхача, мел лахара а тIеман цхьа машен хIаллакйира цара. Ажиевн а, "Ансаран" а тобанаш "Оьрсийн лаамхойн корпусца" цхьаьна ВСУ-н интернационалан легиона йукъа йогIуш йу.
  • Стохка гIадужу-баттахь Лаккхарчу Радехь сацамбира, Нохчийчоь Оьрсийчоьно цхьана ханна оккупаци йина хилар бакъдеш, "нохчийн къомана йина геноцид" йемалйеш. Оцу йуккъехула жигарйевлира Европера нохчийн диаспораш.
  • Карарчу хенахь къаьстина, Украинин эскарехьа тIом беш нохчийн йалх батальон хиларх. Иза Шайх Мансуран цIарах батальон (буьйранча ЧIебарло Муслим); Дудаев Джохаран цIарах батальон (буьйранча Осмаев Адам, батальонца жигара "Адаман тоба" йу); ОБОН ВС ЧРИ (леринчу гIуллакхашна къастийна батальон, буьйранча - Ажиев Рустам); Шалена Зграя "Хьере арданг"( Абдурзаков Казбек); SOG (Леррина оператив тоба); Гелаев Хьамзатан цIарах батальон.
  • Кадыровс кхаъ лур бу ша элира нохчийн батальонаш йолу меттиг бийцинчунна. Цо масийттаза къамел дира церан командирашна а, тIемалошна а дуьхьал. 2023-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Кадыровн бIанакъоста шайн гонашка сехьаваьккхира ОБОН-н информацин-аналитикан сервисан хилла куьйгалхо Джамбетов Хьусейн. Нохчийчу кхаьчначу Джамбетовс дуй биира Кадыровна тешаме хила, цул тIаьхьа масийттаза гайтира иза пропагандистийн роликашкахь. Европехь бехачу нохчаша бахарехь, Джамбетовс дIайийцина Украинехь батальонашкахь тIемаш бечийн цIераш. Цул тIаьхьа нохчийн ницкъахоша леца болийра Нохчийчохь беха церан гергарнаш, царна тIехь ницкъ бира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG