ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ходорковский а, нохчий а: хIунда луьйш бу совдегарна кадыровхой а, Ичкерин агIончаш а


Ходорковский Михаил
Ходорковский Михаил

Журналистана Дудь Юрийна йеллачу интервьюхь Ходорковский Михаила цхьа могIа дIахьедарш дина Нохчийчохь хиллачу хьалхарчу тIамехь ша лач дакъалацарх, цо эргIадалла гIаттийна Малхбузера диаспорехь. Оппозицин политикан дешнашна Кадыров Рамзанан рожан агIончаш а, дуьхьалончаш а реза цахиларан бахьана къастон гIоьртира Кавказ.Реалии сайт

Ходорковский а, Кадыров а

Паччахь оьгIазвахна олигарх Ходорковский Михаил итт шарахь набахтехь хан йаьккхина, пачхьалкхера дIавахначул тIаьхьа масийттаза лийра Кадыров Рамзана лелочунна. Цо жоп лора кхунна, цкъацкъа кхерамаш туьйсура. Мехкан Iедалхоша 2015-чу шарера схьа дуьйна дIахьедора, бизнесхочун комментареш – Кадыров Рамзанан сий дайъа гIертар ду. Оппозиционерна бехкаш дохкура Нохчийчоьнан халкъаца гамо йу бохуш а.

Доккхачу декъанна, исламан гIаттамхошца 2014-чу шарахь ницкъахойн хилла тIом, мехкан урхалхочо ша хIоттийна сценарий йу элира цо.

"ДIоггара цецвер вац со, Соьлжа-ГIалахь хуьлуш дерг Кадыровс вовшахтоьхна делахь, ахча кхачор лахдарна", - йаздира цо X социалан машанахь

2015-чу шарахь бизнесхо францхойн хIора кIиранах арахоьцучу Charlie Hebdo журнало лелочунна тIетайна, цо Мухьаммад пайхамарна карикатураш йехкича йина хилла теракт йемал йаро эргIадалла гIаттийра Нохчийчохь, Кадыровс кхерамаш тийсира. Совдегар шен мостагI ву аьлла, дIакхайкхийра Кадыровс.

Орсийчоьнан президенто "бандитийн анклав" йина Нохчийчоьнах

Регионехь хIетахь кхайкхам арахийцира Ходорковскийс, цо къайла ца хьо шен нохчийн къоме цабезам хилар, Нохчийчоьнан республика йоллу Оьрсийчоьнан дозанаш тIехь ша Iаткъамбар даржон хьийза "къаьстина зуламхойн тоба" йолуш санна дIагойтуш. Хаамбора, оцу кхайкхамна бухахь республикера 24 йукъараллин гIуллакхдархочо, йаздархоша, журналисташа куьйгаш йаздира аьлла.

Оццу шеран стигалкъекъа-баттахь Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран "кIант" ву элира бизнесхочо Кадыров Рамзан.

2016-чу шеран дечкен-баттахь Кадыровс дIахьедира, шена оппозиционераш "халкъан мостагIий" хета, царна кхел йан йогIу "йамртхошна" санна аьлла. Цунна дуьхьал жоп лучу Ходорковскийс дIахьедира, "кхераме дукхабезарш" кIари чохь латтон беза аьлла, Путинан а, Кадыровн а къаьстина йукъаметтигаш хилар билгалдоккхуш. ХIеттахь цо элира, нохчийн къам "бандидаташна кхелана" дIаделла ду.

Ходорковскийн а, Кадыровн а онлайнехь дуьхь-дуьхьал тасавалар чIагIделира 2022-чу шеран чиллан-баттахь Оьрсийчоь шуьйрачу тIамаца Украинана тIелеттачул тIаьхьа. ХIетахь агресси гайта кийча хиллачу украинхоша цецваьккхинчу Кадыровн дIахьедарна жоп йаздира Ходорковскийс: "Кхечийн къестамашна бухара даим а бовда хьийза нохчий. Шозза геноцида хилла зеделларг ду церан, кхоалгIа цхьанна а оьшуш йац".

2023-чу шеран товбеца-баттахь, Соьлжа-ГIалахь журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Немов Александрна а тIелетча, шен фейсбукера агIонехь Ходорковскийс Путин билгалвоккхуш дIахьедира, Оьрсийчоьнан президенто "Нохчийчоьнан бандитийн анклав йина".

2024-чу шеран дечкен-баттахь шен ютуб-каналехь рогIера йуха а дIахьедира цо, Оьрсийчоьнан низамаш Нохчийчохь лелаш дац, мохк Кадыровн кланан карахь бу аьлла. "Йуккъера оьмарера" ду бохура цо Кадыровн урхалла дар.

Ходорковский – националист ву?

2013-чу шеран гIуран-баттахь, шен цхьахйолчу интервьюхь Ходорковскийс дIахьедира, Къилбаседа Кавказ Оьрсийчоьнах дIакъасто тарлуш хиларх деллачу хаттарна жоп луш, "тIом вон хIума йу", амма ша Оьрсийчоь дийна йиссийтархьама тIом бан кийча ву аьлла. Циггахь цо билгалдаьккхира, цхьана маьIнехь ша националист ву ала а кийча хиларх.

2022-чу шеран марсхьокху-баттахь Украинехь боьдуш тIом а болуш, цо тIечIагIйира шен Къилбаседа Кавказах йолу позици, "ГIирма а, Донбасс а – Украина йу. Къилбаседа Кавказ – Орсийчоь", ткъа Кадыров бандит ву бохура цо.

Шина кIиранчохь 7 миллион стаг хьаьжна, Дудь Юрийна йеллачу интервьюхь Ходорковскийс дийцира, Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш Оьрсийчоьнан эскархой йийсарера схьабохуш 10 миллион долларшкахь ахча дайина ша аьлла.

Кавказ.Реалии сайтаца хиллачу къамелехь бакъоларйархочунна, Нохчийчуьра дуккхаъчу хиламийн теш хиллачунна дага ца йеара хьалхара тIом боьдучу заманчохь салтий йухаэцна цхьа а меттиг. Амма хила тарлуш хIума ду и, бохура цо.

Нохчийчохь оцу шерашкахь салтий бухкуш, "бизнес" лелийначу нахе тахана а куьг лур дацара ша бохура Ходорковскийс. Хууш дац, муьлш бу и нах, Оьрсийчохь бу уьш, йа дозанал арахьа беха.

Къаьстира ишта, Ходорковскийн бизнес оцу шерашкахь Оьрсийчоьнан армина йуург кхехьийтарца а, Томскера ОМОН-нна гIо латторца а йоьзна йара.

Цо бахарехь, 90-гIа шерийн йуьххьехь Нохчийчуьра бахархойн доьалгIа дакъа оьрсий бара, цул совнах, республикехь "кхин а оццул" бара кхечу къаьмнийн векалш а. Советан заманахь тIаьххьара нах лоруш хIоттийначу статистикаца бIостане ду и: 1989-чу шарахь ЧИАССР-хь 1 275 513 стаг вара, царех 71% бара нохчий а, гIалгIай а, оьрсий – 23 процент.

Еврорпера нохчийн йукъараллин реакци

Стигалкъекъа-бутт бовш Ichkeria News ютуб-каналехь (Закаев Ахьмад куьйгаллехь волчу, къобалйазчу Ичкерин Iедалхойн керла хаамаш зорбане боху цу тIехь, видео гучуйелира, Ичкерин коьрта прокуратуро бехкзуламан гIуллакх айдина Ходорковскийна дуьхьал, хIунда аьлча, бизнесхочо "бакъдина, ша ахча латтош, оьшург латтош" Орсийчоьнан эскарна гIо дарх. И цо динехь, хила тарло иза бехке "адамаллина дуьхьал лелочу зуламашца а", тIеман зуламашца а воьзна.

Нохчийн диаспорера волчу йукъаралхочо, блогеро Абдурахманов Тумсос нохчийн къоман мостагI ву элира Ходорковский, цо Нохчийчоьнах лаьцна аьллачух комментарий йеш. Бакъду оцу кепара Абдурахмановн ойла йолу дуьххьара шо дац.

Ичкерин Iедалхошкахула адамийн бакъонаш Iалашйечу Тарамов Майрбека элира, "Оьрсийчоьнан президенташца Ельцинца а, Путинца а", ишта Оьрсийчоьнан политикан, экономикан, тIеман кхечу гIуллакхдархошца а йукъахь нохчийн халкъана геноцид йарна" Ходорковскийх шеконаш йу аьлла.

Ичкерин арахьарчу гIуллакхийн министро Шерипов Инала а видеокхайкхам бира оьрсийн а, ингалсан а меттанашкахь. Цу тIехь цо тидам тIеуьйзира Оьрсийчоьнан пропагандин а, Нохчийчохь хиллачу тIамех Ходорковскийн болу хьежамаш а цхьаьнабогIуш хиларна.

Бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара бахарехь, Ходорковскийс мукIарло дина, Нохчийчохь лелийначу зуламех дерриг а хууш дацара шена, амма шеконаш йара царех, Дудь Юрийна йеллачу интервьюхь ша кIелхьаравохура цо "урамаша кхиийна" ву ша, цигахь "сайнаш" а, "хийранаш" аьлла кхетам бу, орсийн салтий шена – "сайнаш" хета аьлла.

"ЧIогIа кхераме дIахьедар ду. Оцу философица дуккхаъ бу Украинерчу тIамехь Оьрсийчоьнехьа", - тергалдира Янгулбаевс.

Кхеле вала веза?

Кавказ.Реалиин редакцино дийхира Ичкерин премьер-министре Закаев Ахьмаде, Ходорковскийна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккхарна гонах долчух лаций дийцахьара аьлла.

Политико тидам бира, Дудьна йеллачу интервьюхь политико дуьйцуш хилар нохчийн къомана дуьхьал лелийначу тIеман зуламашкахь ша дакъалаьцна хиларх.

"Нохчийчоьнан Республикин дозанаш тIехь лелийначу тIеман зуламех дерг аьлча, и суна хетарг, ас дина хьесапаш дац. Оцу факташкахула вовшахтоьхна материалаш йу йозуш йоцчу дуьненайукъарчу организацеша, масала, Human Rights Watch, Amnesty International, "Мемориал". Ишта оцу тоьшаллашкахула бина сацам бу Страсбургера Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело", - элира Закаевс.

Ходорковский – верриг а империн стаг ву

Закаевн дешнашца, Ходорковский – "верриг а империн стаг ву", цунна ца деза "ассимиляци ца йен, муьлххачу империна кхераме хета, шайн къоман идентификалла ларъйен" нохчийн къам".

Евробертан цхьахйолчу пачхьалкхе иск йаларх дуьйцуш, Закаевс дIаьедира, Оьрсийчоьнел арахьа бехачу нохчаша тоьшаллаш вовшахдетта долийна Нохчийчохь ши тIом болчу хенахь тIеман зуламаш хьакхаделлачех лаьцна.

"Тоъал тоьшаллаш гулдинчул тIаьхьа, кхеле иск чуйала лерина ду тхо. Дукхахболу нохчий Евробертан пачхьалкхийн бахархой хиларо, Ходорковский Европан мехкашкахь, иза йукъахь а волуш, нохчашна дуьхьал лелийначу зуламашна тIехула кхеле озон шансаш алсамйоху", - бохура Закаевс.

Цо ишта тергал дира, малхбузен мехкашкахь ЮКОС-н директорийн декъашхой хилар а, нохчийн къам баланехь латтийначу Томскан ОМОН-на оьшург латтош сацамаш тIеэцнера цара аьлла хьахийра уьш Ходорковскийс шен интервьюхь.

"Со тешна ву, Нохчийн Республикин дозанаш тIехь тIеман зуламашна бехке хилла кхинберш а жоьпалле озон йоллу шансаш тхан йу",- дерзийра премьер-министро.

  • 2024-чу шарахь Ходорковский Михаила критика йира Оьрсийчоьнан ницкъахошна, Кадыровс туьйсу кхерамаш тергамза битарна. Цо дIахьедира, "билггал аьлча, Путин эшна нохчийн тIамехь", цо "Оьрсийчоь" йоьхкина.
  • Кадыров Рамзанан могушаллех лаьцна а вистхилира Ходорковский. Цо дийцарехь, официалехь Кадыров цомгаш ву бохучург харцдеш цахиларо "дагна томехь шеконаш йуьту". Ишта цунна хетарехь, Кадыров дIаваларо Путинна гергахь "хьал кхин а тIе карзахдоккху".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG