ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хорватихь лецна латточу нохчийн мухIажарша мацалла кхайкхийна


Хорватица дозанех чекхволийла (архивера сурт)
Хорватица дозанех чекхволийла (архивера сурт)

2022-чу шеран лахьанан-баттахь дуьйна Хорватихь къевлинчу куьпахь латточу Нохчийчуьра йалх мухIажаро мацалла кхайкхийна: шаьш экстремизмаца доьзна ду аьлла, кхоллайеллачу церан шеконашна дуьхьал протест кхайкхийна цара иштта. Прокуратурин векалца шайн цхьанакхетар хиларе хьоьжуш бу уьш. Йуьйцург ю, Загребна 30 чакхарма дехьа йолу Ježevo куп. Цигахь мухIажарша мацалла хьоьгу кхозлагIа де а ду, дийцина Кавказ.Реалиин редакцига "Европера нохчийн Ассамблейн" векало Дадуев Iийсас. Мархийн бут чекх ма-белли йолийра цара мацалла мархийн баттаца ца дозийта шаьш лелориг.

"Кхин а кхаа баттана лаьцна буьтуш сацам бина кхело, и нах экстремизмана йа радикалан хьежамаш бу аьлла, бехке хиларх цхьана а кепара тоьшаллаш доццушехь. Адвокато хаамбира цаьрга, кхин дIа а лаьцна битар низамашца догIуш дац, хIунда аьлча, магийначу хенал а тIехбевлла уьш", - тIетуьйхира нохчийн бакъоларйархочо.

Цул совнах, депортацин куьпахь латточара хаамбира "Европера нохчийн Ассамблейга", шайна тIехь тоххара гIело латтийна белхахой йуха а балха дIахIиттийна, хьалхо уьш дIабаьхна аьллашехь. Мукъаденош хиларна мацалла кхайкхийначу мухIажаршна тIе цхьа а ца веана тIехь Iуналла латточу структурашкара, оршотан йа шинарин дийнахь прокурорца шайн цхьанакхетар хиларе дог доху цара.

МухIажарш латточу куьпан администрацигара хаам зорбане боккхучу хенахь комментарий эца аьтто ца хиллера.

Кавказ.Реалиин сайто хаамбарца, Хорватира кхело дуьхьало йина Нохчийчуьра пхеа мухIажарна политикан тховкIело йала, а дуьненаюкъараллин ха хIоттон а. ХIинца Оьрсйчу депортаци йан тарло царна.

  • Лахьан-беттан юьххьехь Хорватихь лецира масех иттаннашкахь Нохчийчуьра мухIажарш – цара латкъамаш дора тховкIело йоьхуш делла кехат юхаэца бохуш, ницкъбо шайна аьлла. Лаьцнарш Оьрсийчуьра ара а бевлла, Туркойчухула кхаьчнера Хорвате транзитаца, Европан кхечу пачхьалкхашка кхача дагахь. Хорватин омбудсмено Шимонович-Айнвальтер Тенас дIахьедира Оьрсийчу дIабала хьийзош болчу, шайн махка баьхкинчу мухIажарийн хьолан а, уьш махках бахаран бахьанийн а талламбийр бу ша аьлла. Иштта хьал тидаме ийцира Хорватин бакъонашларйархоша а.
  • ГIуран-баттахь "Европера нохчийн Ассамблейно" дIахьедира, цхьахволчу нохчийн мухIажарна Хорватин полисхоша аэропортехь йеттарх. Цул тIаьхьа мигранташ латточу куьпа дIакхачийнера иза, цигахь масийтта дийнахь ша цхьаъ камери чохь латтош. Бакъонашларйархоша зорбане дехира йиттина тIехь лараш йолу цуьнан суьрташ, мухIажаран цIе йоккхуш йац. Хорватин Iедалхоша Нохчийчуьра мигрантана йеттарх лаьцна комментарий ца йира.
  • Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ) дехар дира Францин Iедалхошка Оьрсийчу дIахьажон кечвечу Т.Бувайсаран хан тӀаьхьататта аьлла. Даймахкахь иза бехкево ши стаг верна, амма адвокато чIагIдо, ша Iалашвийриг зуламна бехкехилар тIечIагIдина дац бохуш а, нагахь санна, иза махкара араваккхахь Оьрсийчуьра бакъоларйаран органаша цунна тIехь гIело латтор ю бохуш а.
  • Кавказ.Реалии сайто хаамбира, Францин лаккхара даржхой бехкебеш хиларх Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а Iедалхошца юкъарлонаш лелош хилла аьлла. Чоьхьарчу гIуллакхийн министр Дарманен Джеральд а, Лакхарчу Вьеннан префект хилла Морси Сеймуран а, Парижан полицин хилла префект Лаллеман Дидьен а бехке хила тарло боху, Нохчийчуьра вахархо Гадаев Мохьмад 2021-чу шарахь "бертаза къайлавоккхуш дакъалацарна".
  • Гурахь Оьрсийчуьра а, Украинера а, Советан заманан хиллачу мехкашкара а бакъонашларйархойн тобано кхайкхам хьажийра Интерполе, Оьрсийчуьра а, Европерчу пачхьалкхийн кхинболчу бахархошна а политикан буха тIехь тIаьхьабийлар дита аьлла. Доккхачу декъанна дуьйцург дара Интерполон системехула Москван дехарца нах лехар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG