ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хорватин миграцин сервисо шайн бакъонаш хьешарх дIахьедина Нохчийчуьрчу мухIажарша


Нохчийчуьра мухIажарш бу Хорватин дозанехь, архивера сурт
Нохчийчуьра мухIажарш бу Хорватин дозанехь, архивера сурт

Эзар сов Нохчийчуьра мухIажар ву Хорватера мигранташна леринчу хьукматашкахь латтош, дIахьедина оцу мухIажаршна тIе а тевжаш "Европечу нохчийн ассоциацехь". Цара бахарехь, миграцин сервисо церан цIарх аьрзнаш кечдо дуьненайукъара кхерамазалла лоьхуш бу уьш олий, тIаккха Евроберта йукъайогIучу кхечу пачхьалкхаша уьш тIе ца лоцу. Хорватин миграцин сервисехь комментари ца йира церан латкъамашна.

"МухIажарш хIора денна аьлча санна схьабогIу", – дийцина "Европечу нохчийн ассоциацин" векало Дадуев Iийсас.

Цо тIетоьхна, Нохчийчуьра мухIажарш шайн махка кхаьчначул тIаьхьа миграцин сервисо церан цIарх тховкIело йоьхуш шайгара аьрзнаш йаздо, амма оцу наха цаьрга и де аьлла дехар дина дац – Европерчу кхечу пачхьалкхашка кхача лууш бу уьш. Цул тIаьхьа мигрантийн аьтто ца хуьлу Евробертан кхечу пачхьалкхашкахь тховкIело йеха – дуьненайукъарчу Дублинан регламентехь билгалдаьккхина ду иза.

"Пачхьалкхан хьукматех зен а хилла, тIаккха тоьшаллаш дахкийна мухIажарш биссалц, вукхеран хьокъухь лелаш ду и низам. Уьш мухIажарийн лагершкахь латтабо, шайн гIуллакхехула сацам баллалц, шерашкахь дахдала мега и гIуллакх", – тIетоьхна Дадуевс.

Кавказ.Реалиин редакцино Хорватин МВД-га кехат дахьийтина, мигрантийн лагершкахь латточу нохчийн терахь, церан мигрантийн статусах дуьйцуш жоп ло аьлла. Карарчу хенахь цаьргара кехат кхаьчна дац.

  • Лахьан-беттан йуьххьехь Хорватехь лецира масех иттаннашкахь Нохчийчуьра мухIажарш – цара латкъамаш дора, тховкIело йоьхуш делла кехат йухаэца бохуш, ницкъбо шайна аьлла. ДIалийцинарш Оьрсийчуьра Туркойчухула сехьабевллера. Европин кхечу пачхьалкхашка баха дагахь. Хорватин омбудсмен йолчу Шимонович-Айнвальтер Тенас куьпахь дерг толлуш, зераш дийриг хиларх дIахьедира. Иштта хьолан терго йира Хорватин бакъонашларйархоша а.
  • ГIуран-баттахь "Европера нохчийн Ассамблейно" дIахьедира, нохчийн мухIажарна Хорватин полисхоша аэропортехь йеттарх. Цул тIаьхьа мигранташ латточу куьпа дIакхачийнера иза, цигахь масийтта дийнахь ша цхьаъ камери чохь латтош. Хорватин Iедалхоша Нохчийчуьра мигрантана йеттарх лаьцна комментарий ца йира.
  • 2022 шеран гурахь Оьрсийчуьра а, Украинера а, Советан Iедал доьхначул тIаьхьа хиллачу мехкийн а, Европерчу пачхьалкхийн а бакъонашларъярхойн тобано кехат дахьийтира Интерполе, Оьрсийчуьра а, кхечу пачхьалкхашкара а бахархошна политикан бахьанаца тIаьхьабевлла леларехь гIоьналла латточу политикана дуьхаьло йе аьлла, кхайкхамбеш. Буьйцурш бу Интерполан системехула Оьрсийчоьнан дехарца лоьху нах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG