ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIумма а дац…  Исландехь гIуллакх хир ду


Нохчийн нускалан тIоркузаш.
Нохчийн нускалан тIоркузаш.

Кху беттан 18-чохь кхажтосучу дийнахь доьзал кхоьллинчарна Iедалша петар а, ахча а лур ду аьлла даьржинчу эладитано карзахдаьккхина дара Нохчийчохь дуккха а адам. Республикан муфтийс уьш аьшпаш бу аьллехь а, Iедалша шаьш Iехийна хеташ бу, яккхийн харжаш а еш, ялор а йоцу зуда ялийна нах.

Нохчийчохь харжамаш хилла шолгIачу дийнахь, Iуьйринна телефонехула "бакъ дуй иза" аьлла хаьттира соьга Нохчийчохь болх бина а, цу махке безам бахана а волчу Малхбузерчу цхьана журналисто.

Деладахь, хIинца хIун хилла-те аьлла, кийра ша биллира хIора денна аьлча санна даймахкара вон хаамаш хаза Iеминчу суна.

- Нохчийчохь Кадыров Рамзан республикан куьйгалхо хоржучу дийнахь кхоллабелачу доьзалшна Iедалша совгIатана ахча а, петар а лур ю аьлла цхьаммо эладит а даржийна, рагI ца кхочуш, зударий балош хьийзаш бара ма-боху нохчий! - элира цо.

-Уьш бало-м цхьаммо а ахча ца делча а кийча дера бара нохчий, - аьлла, забаре а даьккхина, дерзийра ас къамел.

Цу хьокъехь баккъалла а эладит даьржинера Нохчийчохь. Делахь а харжамаш хила 4 де хьалха и хаам харц бу аьлла дIахьедар дира Нохчийчура муфтийс Межиев Салахь-Хьаьжас. «Грозный-Информ» агенталлехь зорбатоьхна бу и хаам. Керла доьзал кхоьллинчу кегийрхошна догIуш дац петарш ялар а, ахчанаш далар а аьлла ду муфтийн хаамехь.

«Интернетехь хабарш даьжина Гезгмашин-беттан 18-чу дийнахь зудаялор нисдеш Бусулба динан урхалле (муфтият) кехаташ чуделлачу нахана петар а лур ю, 500 000 сом ахчанца гIо а дийр ду аьлла. Официалан кепара дIабоху ас, и информаци аьшпаш хилар а, харц хилар а. Ас доьху республикан бахархошка, цхьа а тергам а ца беш, вон дерг луучу наха даржош долу и эладита дитар".

Делахь а муфтийн кхайкхам дIоггара дIакхаьчначух тера дац иза хьажийначу нахе. Социалан машанашкахь хаамаш бу цу хабарех тешна, зудаялийна нах шаьш Iедалаша Iехийна бохуш эргIад бахана къамелаш деш бу бохуш.

Уциев Абу нохчийн яздархо, этнограф ву. Цо дуьйцу шена а хезнера и хабарш бохуш.

Уциев Абу: - Муьлхха а цхьа диканиг дIадолийна адамаш иза юьхьарлаьцна кхочуш дан гIерташ хилча, цуьнан мехалла лахдан, иза сийсаздаккха, иза эрчадаккха питанаш доладо, эладитанаш доладо. Ца дуьйцуш хIума а ца дуьту наха.

Вайн харжамаш болчу муьрехь юкъадевллера и тайпа хабарш. ХIокхунна хIара лур ю, вукхунна важа лур ю аьлла оцу дийнахь зудаялаяхь бохуш. Цу тайпа даьржина къамелаш дар... Церах тешаш болу нах, бакъдерг дийцича, суна ца гира. 444 харжаман куьпехь хилира со. Цига нускал далош баьхкинера. Амма уьш цунна дела далош цабаьхкира иза, и хабарш даьржинера аьлла.​

Делахь а цхьаболчарна дагадогIу хир ду хьалхара тIом дIабирзинчул тIаьхьа, бераш а лечкъош, церан дегIамеженаш юхкуш гучуяьллачу евзаш йолчу эшаршлакхархочунна тоьпаш тухуш ю аьлла эладитанах а тешна, ерриг а республика ала мегар долуш Соьлж-ГIала дIагулъелла хилла. Цундела цхьа нах тешна хилла а тарло кху эладитанах а.

Керла доьзал кхоллар вуно экаме гIуллакх хилла нохчашна юкъахь дукхахенахь дуьйна. ХIинца а иштта юьсуш ю и институт, цхьацца даганна тIеэца ца луъуш болу хийцамаш хиллехь а бохуш, дуьйцу кхин дI а Уциев Абус.

Уциев Абу: - Вайн дайн кица ду-кх. Малх хаьжначу дийнахь чиркх а латабай де захало олуш. Оцу кицано бохучух, цуьнан маьIнех лаьцна аьлча, и захало тховсенна-кханенна, цуьнан да министр волчу ханна, цуьнан дегахь ахча долчу ханна олий деш ца хилла. Захало велла дIаваллц йолчу ханна деш хилла, шайн тIаьхьенийн тIаьхьенаш кхиийта деш хилла.

Къонахий болчу цIийнах схьаяьлла йолу йоI къонахий болчу нахе яхча цуьнан иман беркат а хир ду, кхуьуш долу бераш къонахий а хир бу, мехкан кхане а хир ю олий, оцу кепара, бух а, бохь а толлий, ялош верг мила ву, хьена ву а хуий бен йоI йогIуьйтуш а ца хилла наха. И йогIург мила ю, муьлхачу цIийнах ю олий бен йоI ялош ца хилла.

Тахана яла а йой цхьаъ дIайохуьйту, важа схьайохуьйту. КIантана нус цанисъелира, цунна хIуманаш йитта ца хаьара, цунна хIара ца хаьара, иза цахаьара, шен да-нана долчу цIайодара иза бохуш бахьанаш а лоьхуш дIайохуьйту. Иза эхь ду. Вайн дайн гIиллакхашца деана хIума дац иза. Иза стаг цахилар ду баьхна вайн дайша.

Цу хеннахь тамашийна хаам къаьчна Европан уггаре а Къилбаседехьа йолчу пачхьалкхара. Цигарчу Iедало, шайн божарийн терахь дукха лахдаларна, сацам бина невцарий кхечу пачхьалкхашкахь лаха. Шайн мехкарий маре бигийтар Iалашонца Исландин Iедалш дагахь ду уьш бигинчу нахана хIора баттахь 5 эзар доллар ахча латто.

Исландерчу журналисташа дийцарехь, Iедалан векалшна цу гIуллакхана уггаре а хьалха шайн махка бахка луурш бу аьлла билгалбаьхнарш бу Къилбаседа Африкера бахархой (Марокко, Алжир, Мисара, Тунис).

Цуьнга хьажна доцуш, и гIуллакх баккъалла а дагахкхетта генарчу шийлачу махка баха ховша уггаре а хьалха тохабелларш болчух тера ду нохчийн.

XS
SM
MD
LG