ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"И ахча дагардойла йац". Украинерчу тIамехь йина харж Нохчийчохь беркате гIуллакх ларар  


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира гезгамашин-бутт бовш "Сийлаллин Орден" йелира Нохчийчоьнан куьйгалхочун нанна Кадырова Айманина – официалан омрана тIехь ма-аллара, совгIат дина цунна "жигара юкъараллин гIуллакхаш дарна". 2004-чу шарахь схьайиллинчу Юкъараллин Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан президент лоруш йу Кадырова Аймани. Цуьнан коьрта Iалашо йу аьлла, дIакхайкхийнера махкарчу бахархошна гIо дар, амма Украинехь тIом болийчхьана фондо шен болх бар дикка шордина. ХIинца нохчийн Iедалхоша гIоьналлин гIуллакхаш ду а бохуш дуьйцу, кеманаш а, бронетранспортераш а, тIеман экипировка а эцар, иштта дIалецначу дозанаш тIехь украинхойн сурсаташ декъар а.

Хьалхо Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондана масийттазза талламаш бира журналисташа. Церан ахча лелор цIена цахиларна а, цунах лаьцна бакъдерг дуьйцуш цахиларна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун "альтернативе казна" олуш ду цунах. Кхечу компанеша пачхьалкхан бюджетан ахчах кхочушйина проекташ а, шайна тIейазйора фондо, ткъа "гIоьналла" латтон ахча бертаза охьадуьллуьйтура бюджетан белхахошка.

Кадыровн телеграм-каналехь 2018-чу шарера 2022-чу шеран чиллан-батте кхаччалц фонд хьахайо 17-зза: гуманитаран гIо дахьийтина цо Шемарчу мухIажаршна, Мохьмад Пайхамар виначу дийнахь божабераш дуьненчу девллачу доьзалашна ахчанаш лора совгIатана, ковидан пандеми йолчу хенахь масканаш а, молханаш а латтийра Дагестанна.

Украинехь тIом болабелчхьана Кадыровс фонд хьахийна 126-зза. ХIинца тIеман техника а оьцуш, салтийн хьашташ кхочушдеш ву иза. Масала, стигалкъекъа-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира, фондехула 300 гергга гIагI диллина техника эцна махкарчу экскархошна - и гIирс Украинехь долчу дакъошна кхачийна ца Iаш, регионерчу кадрехь болчу ницкъахошна а цхьаьна кхачош бу. ТIемаш боьлхучу асанехь болчу кадыровхошна кхачанан сурсаташ а латтадо фондо – эскархойн хьашташ кхочушдар а гIоьналла лоруш ду.

Нагахь санна, герзаца ледара хьал делахь, йуъучуьнца а, молханашца а, барзакъца а кхин а гIад дайна хир ду хьал 

Нохчийчохь цIерашца батальонаш ю кхуллуш аьлла, дIахьединчул тIаьхьа, царна гарнизон латторан декхарш тIедехкира Кадыров Ахьмадан фондана. Масех бутт баьлча Ханкалахь йира иза, мел мах баьлла иза йийриг, хоуьйтуш дац. Цул сов, лаамхойн тобанашна ахчанаш латториг а цхьа фонд йара – Кадыровн дIахьедрца, хIора кIиранах тIаме 200 стаг хьажавора цо. Йуьйцучу фондо оьцу царна амуници а. Мел ахча хьажадо цунна, иза а дуьйцуш дац.

Кадыров Ахьмадан фондо иштта гIо латтош ду, кхечу регионашкара баьхкинарш тIамна кечбечу спецназан университетна а. Товбеца-беттан юьххьехь инструкторийн дехарца царна ийцира ТР-301 кема – "кукурузник" олучу Ан-2 кеманан модификаци йу иза. Муха иза лелор долуш ду, хууш дац – Кадыровс дIахьедира, цуьнан гIоьнца "регионалан туризм керлачу тIегIане йоккхийла" хир ду аьлла. ТР-301 дина ду Оьрсийчохь бечу гIирсах, цуьнан юкъъерачу барамехь мах бу 12-14 миллион сом. Шен нанас дина "совгIат" ду и элира регионалан политико.

"Шен чоьтах бен тIом хилла тIамах. ХIора стага, хуьлийла иза "лаамхо", масала, шена деллачу ахчанах декхаре хуьлу иза амуници эца а, шена йуъург латтон а. ЛартIахь герз а дац цаьрга ур-атталла луш, Кадыровс ийза а ца луш дIаолу – трофейш схьайаха аш. Дера хIета нагахь санна, герзаца ледара делахь хьал, йуъучуьнца а, молханашца а, барзакъца а кхин а тIе гIад дайна хир ду хьал. Цундела гIоьналла ду бохуш, иштта гIо кхачон дезаш хуьлу", - иштта кхетийра Кавказ.Реалии редакци Кадыров Ахьмадан фондо лелочух бакъоларъярхочо Янгулбаев Абубакара.

Дуьненаюкъарчу "Трансперенси Интернешнл" организацин Оьрсийчоьнан векалаллин директоро Шуманов Ильяс "курхаллин шуьйра" ситуаци йу элира, Кадыровн фондехула дикка ахча тIамна а дойъуш, Нохчийчоьно харжаш йеш хилча.

"ХIаъ, фондехула эцаро цхьана а кепара мах барца операциш йар тIе ца дожадо. Иштта цуьнца нисйина эцаран система ю иза, бюджетан а, пачхьалкхан а контроль йоцуш проекташна ахча латтон. Вайна хIуммаъ ца хаьа: мел мах бу а, уьш кхочушйеш берш муьлш бу а", - элира Шумановс.

Цо билгалдаьккхира, Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен ден цIарх йолу фонд гIоьналлин ю бахахь а, низамехь долчуьнга хьаьжча, цхьа юридикан статус бен йац цуьнан- юкъараллин фонд.

"Дихкина мел доцург, - магийна, фондана шен болх барехь тоьхна дозанаш дац, цхьа низамца йолчу майданахь и йелахь а: фондан йиш ю цхьаъ эца а, совгIатна йала а. Иштта практика йолуш ю. Вай ца буьйцу и ахча даьлла меттиг, дийца дезаш делахь а, хIунда аьлча, доккха хаттар ду, хьангара кхочу цу фонде ахчанаш – лаамехь йа бертаза", - билгалдаьккхира "Трансперенси Интернешнл" организацин Оьрсийчуьрчу декъан куьйгалхочо.

Кадыров Рамзана чIагIдо, тIаме бахначу нохчийн доьзалашна гIо латтаде аьлла, шен нанас тIедиллина бохуш, царна 20 эзарна тIера 100 эзаре гергга ахчанаш латтийнера. Билггал маса доьзална и ахча делла, хоуьйтуш дац. Охан-баттахь видео тIехь йинчу чоьтаца, конверташ дIалуш кадрехь иштта ворхI доьзал нисбелира. Оццу баттахь нохчийн телехьожийлехь гайтира кхин а цхьа сюжет, ницкъахойн гергарчарна гIо деш - царна дIасабийкъира хохаш, картолаш, дуга, гарзанаш, даьтта.

Иштта Кадыров Ахьмадан фондо кхечу регионашка а гIо кхачадо. Масала, Украинера схьабалийначу наханна цIаналла лелоран гIирсаш а, сурсаташ а йахьийтира Ростовн кIоштан дозанашка. "Гуманитарка" йохьу цига кхечу регионашкара а цхьана- "Единая Россия" партин цIарца леладо и. Нохчийчуьра "гIодечийн" коьрта терго кхочу сепаратисташна – тIом болабелчхьана "ЛНР" а, "ДНР" а аьлла, шаьш дIакхайкхийначу меттигашна ийцира мел кIезиг а бIенашкахь машенаш, иштта барзакъ а, молханаш а. Зазадокху-баттахь сепаратистийн мехкашна КадыровгIара гIагI диллина машенаш йелира.

Лечкъийначу сурсаташна тIера, кара ахча а, молаханаш даларна тIекхачалц

Нахана гойтуш бечу нохчийн фондан балха тIехь коьртаниг ду украинхойн оккупаци йинчу дозанашкарчу бахархошна гуманитаран гIо латтор. Сурсаташ хьош хьалхара машенаш гучуйевлира зазадокху-беттан 6-чохь Мелитополехь, чIагIдора, КадыровгIара хIетахь 22 тонн мохь цигахь охьабиллина бохуш. ТIаьхьо иштта гуманитаран маххьаш йоллу регионашка а баьхьира, Оьрсийчоьнан эскарш тIелетачу а, кадыровхойн базаш йолчу а меттигашка. ГIадужу-бутт юккъе баллалц шаьш дина гIо 18 эзар тонн мохь бу аьлла, мах хадийра Кадыровс – и хаамаш талла аьтто бац.

Йуъург дIасайоькхучу юкъанна гучуделира, украинхойн Мелитополера юьртабахаман техника лачкъийна аьлла - GPS-трекершца техника Нохчийчохь, 11 шарахь Кадыров Ахьмадан фондан директор Хучиев Тамерлан вехачу Закин-Юьртахь гучуелира. Тракторш а, комбайнаш а латон ца хиънера, геннара блок тоьхнера царна, хаамбира америкахойн CNN канало, цIе ца яьккхинчу украинхойн бизнесхочунна тIетевжина.

Охан-беттан 3-чохь талламаш бечу Грозев Христон тидам хилира, Мариуполехь кадыровхоша дIасайоькъучу сурсташлахь Укрианехь арахецна сурсаташ а хилар: "Борошно" дама а, "Лiкарська" йоьхьаш а. Зорбанан гIирсаша хаамбира, Кадыровн телеграм-каналера и ролик дIаяьккхина аьлла, амма и бакъ дацара. Цул совнах, шолгIачу дийнахь изза видео, амма кхечу ракурсаца йаьккхина, юха а зорбане йиллира Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

ХIара ахча дагардалур дац. Цул а интересе хаттар ду: стенгара долу и? 

Нагахь санна, гонахара цIенош спутникан карташца дуьстича, къастадойла ю, Оьорсийчоьнан дозана гергахь йолчу къилбасаседа-малхбузера Мариуполан декъа тIера Таганрогская урамехь и дуй. Кхузахь йаьхна ю, кадыровхоша урамашкахь беш тIемаш бу бохуш, гойту дуккха а видеош – иштта хьесап дина хьалхо эксперташа. Мариуполан бахархоша иштта латкъамаш бора къоланаш дарна а. Украинхойн хаамийн гIирсаша йаздарца, йуьйцурш ю, GPS-ца Нохчийчохь гучуйевлла 17 мобилан телефонаш.

Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо гIо ду доькъуш бохуш, украинхойн сурсаташ дIасадекъарх хаам прессехь шуьйра баьржинехь а, охан-беттан 10-чохь акци йуха а хIоттийра, амма цуьнан терго ца йира. Мариуполан бахархошна йуха а дийкъира "Борошно" дама, "Вiвсяна" курпа а – этикеткаш йуха а видео тIехь гуш йара.

Кадырлвс кхетийра, украинхойн сурсаташ шен эскархошка муха кхочу: украинхойн эскархошкара склад схьаяьккхина шаьш, ткъа Волновахехь коьртачу базарахь доллу сурсаташ мах а белла, юха схьаэцна шаьш аьлла.

Фондан цIарах хьийзаш болу Кадыровн гонера наха тоам ца бо йуъург дIаелча – юкъ-кара шайца ахча а дохьу цара, дIало, масала, кегийчу берашна, лоьрашна, пенсхошна. Зазадокху-бутт бовш нохчийн хьаькамашца цхьаьна йеанчу журналистийн делегацино фондан цIарах йуъург эца ахча делира Волновахерчу тIекIелдинчу цIийнан бахархошна, цигахь вийнера сепаратистийн "ДНР-ра" "Спарта" батальонан куьйгалхо. Оцу кепарчу меттигашкахь, чот йоцуш дIалучу ахчанан барам, буьйцуш ца хуьлу.

Кадыровхоша чIагIдо, оккупаци йинчу дозанашкахь меттигерчу дарбанан хIусамашна молханаш кхоьхьу шаьш бохуш. Масала, охан-баттахь оцу кепара мохь беара Донецкан лазартне – йаьшкашна тIерачу йозанца, Нохчийчоьно жигара юкъаралла лелочу "Фармстандарт" холдингера дара уьш. Доккхачу декъанна, оцу компанино йина Соьлжа-ГIалара "АйМед" клиника, дакъалоцу цо Коьртачу клиника-диагонистикан лабараторина проект йечохь а, дийцарш ду дIахьош шуьйра клиникан центр республикехь йан а. Чиллан-беттан юьххьехь Кадыров цхьаьнакхийтира "Фармстандартан" куьйгалхочуьнца Харитонов Викторца, церан бартхилира кхин дIа а инвестицеш йан.

Товбеца-баттахь Кадыровс дIакхайкхйира, "ЛНР-ехь" 25 маьнга а хIоттош, "Ахмат" лазартнан филиал схьайелларх. Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, оцу гIуллакхна фондо дайъина 100 миллион сом. Аьтто бац, и бакъ дуй хаа.

"Дукхачу наханна ца хаьа, шайн ахча муха лечкъадо"

ТIом болабелчхьана Кадыров Ахьмадан фондо дайъина ахча дагардан йиш йац, тешна ву оьрсийн экономист Оьрсийчоьнан къилберчу цхьайолчу регионерчу профилан цхьанакхетараллера белхахо – шен цIе хьулйан лиъна цунна. Кавказ.Реалиин редакцица къамелдинчунна хетарехь, нохчийн хьаькамийн Iалашо – баккъала а фондо дойъучу ахчах лаьцна мелла а кIеззигчу наханна хаийтар.

"ДIакхоьссича а, дуьйцурш миллиардаш соьмаш хир ду, Украинехь дойъу ахча бен дац хIинца дуьйцург. Суна гарехь, Нохчийчохь а цхьаъ леладо цара. И ахча дагардойла йац. Цул а интересе хаттар: мичара долу иза? Хетарехь цунна а жоп дац", - аьлла къамелдинчо.

Кадырова Айманис цигахь хIумма а деш дац, гIирс эцарехула Iилма дац цуьнгахь

Стигалкъекъа-баттахь Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу фондо 2021-чу шарера финансийн чоьташ арахийцира. Юкъараллин цхьанакхетаралло гIоьналлина цхьа а кепек хьажийна цахилар гучуделира, амма дайначу шеран чакхенехь нохчийн фондан чоьтера ахча 5,6 млрд сом дара.

Оьрсийчуьра дIавахначу Нохчийчуьрчу бакъоларйархочо Янгулабев Абубакара бахарехь, республикерчу бахархошлахь Кадыров Ахьмадан цIарх йолу фонд "Кадыровн долара банк" санна хетара.

"Кадырова Айманис цигахь хIумма а деш дац, гIирс эцарехула, логистика лелорехула Iилма дац цуьнгахь. Бюджетера а, баккхийрачу бизнехойн ахча дIагулдаран фонд [ю иза]. Кадыровн "лаамаш" кхочушбора цо. Гуманитаран инициативехула федералан каналашкахула кхечу цхьанакхетараллашна хан луш хилар кхетта иза, тIаккха хIинца ший а фронт дIалаца гIерта иза – тIеман а, гуманитаран а. Дуста долийча гуш ду, шинне фронтехула и гIийла хилар", - аьлла шена хетарг Янгулбаевс.

Нохчийчуьрчу Iедална оппозицехь лаьттачу 1ADAT боламехь тидамбо, фонде кхочучу бюджетхойн ахча декъа дезаш хиларна: тIаьхьалонаш, жоьпалла, студенташа, кхелахоша, йа лаккхарчу хьаькамаша а "шайн лаамехь-нуьцкъаха" дIалучу ахчах хуьлу зен а тайп-тайпана хуьлу боху цо.

"Дукхачу наханна ца хаьа, шайн ахча муха лечкъадо. Йерриг пачхьалкехь йолу йасакхел совнаха кадыровхойн Нохчийчохь кхин а цхьа йасакх йу – Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу фонде. Царна цхьа а деклараци ца йо, эхь ца хеташ схьа а йоху", - чIагIдо 1ADAT-н векало.

  • "Глобалан Магнитскийн актан" буха тIехь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министраллин санкцийн тептарехь ю Кадыровн цIарах фонд. Цхьанакхетаралла масийттаза бехкейина, фонде кхоьхьуьйту ахча нуьцкъаха хуьлу бохуш. Амма Кадыровс бехкаш тIе ца лоцу. Цул сов, цуьнан чоьте ахча кхачаран некъаш билггал цахиларна зорбанаша цунах Кадыров Рамзанан "альтернативе казна" олура.
  • Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо 2021-чу шарахь деклараци йира, ша ахча ца даьккхина, аьлла. Урхалхоша бахарехь, 2019-чу шарахь фондана 6 млрд соьманна сагIина ахча делла (цул хьалха 2,2 млрд), амма тIаьххьарчу шина шарахь ша ахча ца даьккхина, бохуш яздо цо. Фондо шех лаьцна бийцинчу хаамашца, цо шена оьшучу гIуллакхашна ахча дайъина а дац. ЧухIоттийна чот коммерцин йоцучу организацина гергахь "тамашена" ю аьлла эксперташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG