Мехкан вице-премьеран дарж ша дитарх дIахьедира Нохчийчоьнан урхалхочун 26 шо долчу йоIа Кадырова Iайшата, ша бизнес лело лууш йу аьлла. Республикан куьйгалхочун йоккаха йолу йоI Iедалехь болх беш йара тIаьххьарчу пхеа шарахь, хIинца Firdaws модин цIийнан дола а деш, бизнесе йерза дагахь йу иза. Кадырова Iайшата дарж дита тарлуш долчу бахьанех лаьцна дийцаредира тхан редакцин корреспонденто политологашца а, нохчийн жигархошца а.
2008-чу шарахь мехкан куьйгалле веанчу Кадыров Рамзана дIахьедира, шайн цIийнах йолчу цхьана а зудчо "цкъа а болх бина а бац, йа бийр а бац", церан декхар – бераш кхиор ду аьлла. Нагахь санна, Iайшатана карьера йан лаахь хIун дан воллу хьо аьлла, шега хаьттича, Нохчийчоьнан урхалхочо доцца дIахадийра:"Цунна и лаа а ца деза" аьлла.
Амма бакъду, цул тIаьхьа 12 шо даьлча политико хийцира шен принципаш – 2020-чу шарахь 21 шо бен доцу Iайшат регионера культурин министран хьалхара гIовс хилира, ткъа кхин а цхьа шо даьлча оццу министраллин коьрте хIоттийра иза. Ишта федералан рекорд хIоттийра цо – цул а хьалха уггар а къона министр лоруш вара Комера 25 шо долу Емельянов Сергей, карарчу хенахь Санкт-Петербургера Александрийскан театран директор ву иза.
2023-чу шеран гIадужу-баттахь Кадырова Iайшата шен карьерехь рогIера гIулч йаьккхира: регионан вице-премьеран гIента хаийра иза, ткъа шолгIачу дийнахь – Нохчийчоьнан халкъан артист аьлла, цIе а йелира цунна.
"Регионна чохь даржаш декъар ду хIара, регионан урхалхочун карахь хIума ду и. Кхузахь Кадыров Рамзана щен бакъо йерг дина", - комментарий йира цунна Кремлан пресс-секретаро Песков Дмитрийс.
Социалан блокан Iуналла деш йара Кадырова Iайшат, цу йукъа йогIура культура а, дешар а, могушаллаIалашйар а.Профиалан вице-губернаторийн рейтингехь йуккъера тIегIанехь йара иза, цо а тоьшалла дора цуьнан говзаллин хаарш лахара хиларан. Ала догIу, регионашкахь социалан хеттаршкахула вице-премьерийн даржашкахь нийса ах бохург санна беккъа зударий бу.
Оьрсийчохь йихкина йолчу инстаграмехь чиллан-беттан 27-чохь Кадырова Iайшата хаамбира, ша даржера дIайаларх лаьцна.
"И болх ницкъ болчу боьршачу стага бан беза аьлла хета суна. Ткъа аса бизнесехь проекташ кхочуш йийр йу", – элира хIинццалц хьаькам лаьттинчо. ХIинца Firdaws модан цIийне а йирзина, цигахь болх бийр бу цо.
Карладоккху, администраци болх бан бизнесера схьайеана йара Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоI.
ООО "Фирдаус" модин цIа - схьадиллинчу шен ненаца Кадырова Медница хийцайелира иза шен 20 шо а дузале. Оцу доллу шерашкахь а, ша хьаькам йолуш а цхьана, оцу модин цIийнан дола деш йара Iайшат. 2019-чу шарахь, Москвахь Firdaws-н бутик схьайиллича "Коммерсант" газето йаздира, модин индустрин векалш дуьхьал хилира оцу хиламах лаьцна дийца, ткъа Firdaws араоьцучу духарийн мах хадо хала ду "лаккхарчу модин а, хотIан а" агIор аьлла.
Кадырова Iайшатан фирма жимачу бизнесех лоруш йу. Диллинчу хьасташкахь болчу хаамца, 2023-чу шарахь компанино мах бина – 81 миллион соьмана, хилла цIена пайда бу - 54 миллион сом. 47 миллион сом дара кредитана дIадала дезарг. Финансийн аналитикийн порталаша билгалдаккхарехь – ахча дIадала таро ледара йу церан, тарло декхарш кхочуш ца дан а, иштта йукъахь лела капитал цахиларна а, тIехьарчийна дукха кредитан декхарш хиларна а.
"Цхьана фамилино массо а хIумана тIехь урхалла до"
Нохчийчоьнан Iедалхошкахьа болу хаамийн гIирсаш гIоьртира Кадырова Iайшатан, цхьа эвсара, пайден йолу куьйгалхо иза йолуш санна, васт хIоттон. Амма оцу даржехь иза нисйелира шен ден сардалалла чIагIдархьама, аьлла хета нохчийн NIYSO боламан векална Дишни Ансарна.
"Иза лара йиш йацара [Кадыров Рамзанан] метта хIотториг санна, иза зуда хиларна. Оццул лакхарчу дарже зуда хӀоттор бусалба динца а, нохчийн Ӏадатца а къобал дан йиш йоцуш хӀума ду, ткъа ФСБ-на а, Кремльна а хаьа халкъана хетар дерг. Уьш шаьш а хIуьттур бацара и дан", – элира спикеро, Кадыровн метта Iайшат хила йиш йуй-те бохучух лаьцна дуьйцуш.
Оцу йукъанна Кадырова вице-премьеран даржера дӀайалар тамаш бу доьзна делахь, иза жима зуда хиларца, аьлла хета нохчийн политикан "Цхьаьнатоьхна ницкъ" вовшахтохараллан куьйгалхочунна Сулейманов Джамбулатна. Иза тешна ву, Кадыров Рамзанан кхечу йоӀаршна а хенан йохалла лаккхара даржаш лур ду аьлла.
"Цхьана а кепара товш цахетар, эхь-бехк хетар церан дан а дац. Шайн коьрте деъанарг схьадеш ду цара, ишта хIунда дина аьлла, хаттар хIоттахь, и дерзон а хуур долуш бу. Хьенах ийзалур бара уьш? Царна цхьана а меха ца хетачу халкъана хьалха эхь хетар дара? Цхьана кхечу бахьанаца хила тарлуш ду – доьзалан бизнесан активаш йоIана тIехь йу", – дIахьедира Сулеймановс.
Делахь а доьзалан активаш маьршша лело, уггар а хьалха дозанал арахьа йерш, Iайшатана хало хир ду – кхечу гергарчу нахаца цхьаьна иза а ма йу Американ Цхьанатоьхначу Штатийн а, Евробертан а, Японин а санкцеша йихкина. Дозанаш тоьхна ишта Firdaws цIийнан хьокъехь а. Ишта кхетадойла йу Нохчийчоьнан куьйгалхочо хIоразза а шен доьзалхошна дуьхьал санкцеш йахар лазаме тIелоцуш хилар. Оцу йукъанна хьаькам лаьттинчун, санкцеш тоьхна болчу кхечу йоьIарийн а санна, дозанал арахьа дIасалела кхечу цIарца даьккхина паспорт дара.
Сулеймановс билгалдоккху, бакъдолчехь Кадыровс а, цуьнан тайпанара наха а карарчу хенахь куьйгаллин сацамаш ца бо, даржаш "декоративан кепехь" дӀа а лоьцуш. Бакъболу болх церан метта гIовсаша беш бу. Цундела иза тешна ву, Ӏайшат оцу дарже йеача а, йа иза дIайаьлча а республикерчу социалан блокехь хӀумма а хийцалур дац аьлла.
"Церан йеккъа цхьа Iалашо йу – КадыровгIеран цIийнах мел верг даржашкахула чекхваккха, кехаташ тIехь мукъна а царех боккха пайда бохьу хьаькамаш бан лууш. Вукху агIор аьлча, нохчашна гойту, махкахь дерриг а оцу тайпана гонах хьийзаш ду аьлла. Билггал оцу даржашкахь церан метта къахьоьгуш бу церан гIовсаш, амма цхьанна а дицдала йиш йац, кхузахь массо а хIумана тIехь куьйгалла дийриг цхьа фамили хилар", - дерзийра "Цхьааллин ницкъан" куьйгалхочо.
Маьхькамхо вахар – доьзалан лааман дуьхьал?
Тхан редакцина йеллачу комментарехь политолого Дубровский Дмитрийс бохура, Кадырова Iайшата дарж дитар доьзна хила тарло Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллорчу цхьана стагана "меттиг баккха" а, цуьнга администартиван карьера йайта а лаарца а. Нохчийн ламасташца зуда-политик хилар догIуш цахилар бахьана долуш ду аьлла ца хета Кавказан къаьмнийн Ассамблейн президентана Кутаев Русланна.
"Кадыровн къона йоI оцу дарже хIоттийначу хенахь цецбевлла, йа ца бешаш нах хиллехь а, тIаьхьо дIадирзира и. Цундела тамаш бу-кх оцу гонах дукха дийцарш хиларна иза дIайаьккхинехь. Амма кхузахь хила тарло кхин цхьа бахьана а – жима зуда кIадъйелла хила тарло даим а шогачу божаршна йукъахь латта, ма-дарра, аьлча тIеман-политикан тобанехь", – аьлла хета цунна.
Кутаев Руслана билгалдаьккхира, йуьхьанца дуьйна а Кадырова Iайшатана лууш хIума дацара и, Кадыров Рамзанан метта хаон хIора а кандидаташлахь зераш дечу Москвано иза дIахIоттайе аьлла хила а тарлора аьлла.
"Тахана Оьрсийчоь чолхечу хьолехь йу, хIетте а къаьмнийн республикашна тIехь куьйгалла дар латтон гIерта и. Кадыровн доллу бераш цуьнан метта хIоттон тарло аьлла, царех бIаьрг беттарг хила тарло, цундела пачхьалкхан урхаллехь лаккхара даржашка балийра уьш. Суна дийцина, йа Кадыров а, йа цуьнан нана а, оцу йоьIарийн, кIентийн денана, и бераш Iедалан урхалле хIиттабайта лууш бацара бохуш. Церан хиндерг гора Iарбойн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкахь, йа Европехь, цигахь цаьрга дешийта а, паргIат бахийта а. ТIаьхьарчу тIаьхьенна а цхьана ког хецна баха ахча церан долуш ду", – дийцира Кутаевс.
Кхин ойла йу "Transparency International – Россия" организацин куьйгалхочун Шуманов Ильян.
Цо дийцарехь, Кадыровн карахь ду нах даржашка хIиттор, гергарнаш а, шен го а тайп-тайпанчу даржашка хIиттош система дIахӀоттор а, ишта федералан тӀегӀанехь а цхьаьна. Регионан йа федералан тӀегӀанехь доьзалан декъашхой хьаькамаш хӀитторан ша модель цунна цхьа билггала стратеги хилла дӀахӀоьттина, аьлла хета экспертна. Царех цхьаъ бен вогIуш вац оцу кепара Iалашо кхочушйан.
"Гуш ду, Кадырова Iайшат – федералан цхьацца даржашка хIоттон мегарг цахилар, иза зуда хиларна а, Нохчийчохь зуда хиларе терра хьалакхиъна хиларна а. Цу тIе цуьнан билггал хазахеташ кхин хIума ду – духарш йукъадахар, Firdaws модин цIа а. Схьагарехь, и ду цунна дас лелон магийнарг", – аьлла хьажам бу Шумановн.
Мехкан урхалхочун иттаннашкахь гергара нах бу Нохчийчохь регионан куьйгаллин лаккхарчу даржашка хIиттош. Даржаш делла цо шен берашна, йижаршна, невцаршна, йишин-вешин берашна, иштта кхин дIа болчу гергарчу нахана а. Редакцино вовшахтоьхна КадыровгIеран цIийнах мел волчу стагах дуьззина тептар.
- Кадырова Iайшат "культурин хьакъйолу белхахо" йу, иштта мидалш йу цуьнан "Адамийн бакъонаш Iалашйарна" а, "Нохчийчоьнна хьалха декхарш кхочушдарна", регион "кхиорехь дакъа лацарна" а совгIат дира мехкан 100 шо кхочуш, ДоттагIаллин орден йелира "ДНР" аьлла дIакхайкхийначу мехкан цIарах, иштта Нохчийчоьнан лаккхара совгIат а – Кадыровн орден.
- 2017-чу шарахь Би-би-си гIирсо шаьш бина таллам зорбане баьккхира, цу тIехь йаздора Соьлжа-ГIалахь Кадырова Iайшата интиман аксессуараш а, эротикан Lady A духар а духкуш бутик схьайиллина аьлла. Йохкаран "Фирдаус" центрехь йара и туька – Нохчийчоьнан урхалхочун йоьIан кхечу туьканашна уллохь. "Эхь-бехк доцу, йамарт аьшпаш бу уьш!" – дIахьедира РБК гIирсе хIетахь къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан министр хиллачу Умаров Джамбулата.
- 2022-чу шарахь Москвара арбитражан кхеле иск кхечира "Фирдаус" фирмера декхар схьадаккхар тIедожош. Украинехь тIом болийначул тIаьхьа Оьрсийчохь болх сацийначу Condé Nast арахоьцийло Кадырова Iайшата фирмера схьадийхира 814 эзар сом шайн декхар, иштта барт бохорна - 893 эзар сом а. Арбитражан гIуллакхан материалашкахь йаздарца, декхар лаьтташ ду 2019-чу шеран товбеца-баттера схьа дуьйна. Цул тIаьхьа Condé Nast-о шайн иск йухаийцира, бахьанаш ца дийцира цара – тарлора, кхеле а ца доккхуш гIуллакх дерзийна хила. Медиатобано арахоьцура "премиуман" сегментан глянцан журналаш: Vogue, GQ, GQ Style, Tatler, AD, Glamour а, Glamour Style Book.