"Iазапашна дуьхьал Командин" бакъоларйархоша дIахьедина чоьхьарчу гIуллакхийн министралле а, прокуратуре а шайн белхахочунна Нохчийчуьра Аламов Мохьмадна вен кхерамаш тийсарх. ГIадужу-беттан 5-чохь цо машенахь дIайигина хилла ГIалгIайчохь доьзалехь гIело латточуьура йедда 28 шо долу Яндиева Марина. ХIинца цуьнан гергарчу лакхарчу дажашкахь болчу меттигерчу полисхошца цхьаьна кхерамаш туьйсу Аламовна а, цуьнан доьзална а, уьш бойур бу, нагахь санна, кIиранчохь церан йоI цIа ца йагIахь, аьлла, хаамбина кризисан "СК SOS" тобано.
ЙоIана кхерамзалла латтош бакъоларйархочуьнга хаийтина ца хилла Яндиеван истори а, йа цуьнан цIе а – цунна хууш ца хилла, йоI стенна ша дIайуьгуш йу а, дийцина "Командо". Делахь а, йеддачу гIалгIачун гергарчара цкъа хьалха иза йайна аьлла дIахьедира, цул тIаьхьа Яндиева бехкейира къола дина аьлла – полицин гIоьнца цIера бевддарш йухабуьгуш хIоттош даьржина бахьана ду и.
ГIадужу-беттан 11-чохь Аламов Мохьмад тIекхайкхира Яндиева йарца доьзна хеттарш дан ГIалгIайчуьра экстремизмана дуьхьало латточу Центро. Кхин а кхо де даьлча, Нохчийчохь веха бакъоларйархочун ваша дIавигира Кадыровн полке – меттигерчу ницкъахоша бехкевира Аламов "СК SOS" тобанца уьйраш латторна, кхерамаш тийсира "Iазапашна дуьхьал Командин" белхахо, цуьнан ваша, цIа валаве бохуш.
ГIадужу-беттан 23-чохь Аламов Яндиева Маринин гергарчеран хIусаме дIавигира (и билггал хьан дин, хоуьйтуш дац). Йеддачу йоIаца зIене бевллера уьш, бакъоларйархо вистхуьлуьйтуш – кхо аьлла, Яндиева кIира даьлча цIа ца йагIахь, ша вуьйр ву аьлла, цуьнан гергарчийн дахар а иштта кхерамна кIел ду.
Яндиева Мариница дийцарш динарг цуьнан ненайиша Местоева Зухра йу, цо дехар дина йоIе "нахана бале а ца йолуш, цIа йола" аьлла.
"Тапъаьлла, машарца и стаг дIахоьцур ву. Цуьнан пхи бер ду, чIогIа цомгаш да а ву. Цициган кIорнеш санна санна, кегий бераш ду цуьнан. Хьо бусалба ма йу, хьан кийрахь дог ма ду", - аьлла цо.
И къамел муха дирзина, хууш дац, Аламов Мохьмадца зIе йац.
"СК SOS" тобанан хаамашца, Яндиеван доьзало аьлла меттигерчу ницкъахоша шайна гIо дийр ду. ДIахьедо, цуьнан цхьахволу деваша республикера МВД-н урхаллехь болх беш ву бохуш, вукхуьнан уьйраш йу Оьрсийчоьнан тIеман министраллин гIовсаца (цуьнан цIе ца йаьккхина, тарло вуьйцург ГIалгIайчоьнан хилла куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек. – Билгалдаккхар). Цул совнах, могушалла Iалашйаран министран декхарш республикехь кхочушден Антошкиева Зарема – Яндиева Маринин ненайиша йу.
ХIинца шолгIа йадар ду хIара йоьIан - 2011-чу шарахь Москва дIайахана иза, университете деша хIоьттира, амма 2015-чу шарахь доьзало цIа йигира иза исламан центрехь "дарба а дина". Яндиевана тIехь гIело латтош хиллера цул тIаьхьа а, 2016-чу шарахь йуха а Москва дIайаха гIоьртира иза, амма гергарчара лецира иза, йиттира цунна, карара телефон а схьайаьккхира, бакъоларйархоша бахарехь, "эхь дойуш" йуьйр йу бохуш, кхерамаш туьйсуш, иза психикан лазар долуш йу аьлла, харц кехаташ кечдинера.
Цунна тIехь терго латтор лахдира 2019-чу шарахь – оцу хенахь дуьйна йуха а йада кечлуш хиллера Яндиева. Карарчу хенахь ша лехамашкара дIайаккхар доьху цо, иштта бехке боцу нах йукъа ма ийзабе а боху.
- Ши шо хьалха, 2021-чу шеран гIадужу-баттахь бакъоларйаран органийн белхахой баьхкира "Iазапашна дуьхьал Комитетан" Къилбаседа Кавказера офисан куьйгалхочун Нохчийчохь да-нана дехачу хIусаме, цунах лаьцна хаамаш ло шайга аьлла. "Бахархой йухабазбеш" ду шаьш аьллера ницкъахоша, амма лулахошка а, кхечу бахархошка а баьхкина ца хиллера уьш.
- Кризисан "СК SOS" группа кхоьллина 2021-чу шарахь. Доллу 2022-чу шарахь церан каракхаьчна Къилбаседа Кавказехь ЛГБТ-адамийн бакъонаш хьешарх 130 хаам. Къаьсттина Дагестанера а, Нохчийчуьра а. 2022-чу шеран жамIашца, "СК SOS" тобано пачхьалкхера арволуш а, кхечу махкахь политикан тховкIело луш а гIо дина 45 стагана, шаьш бехачу меттигашкахь кхерам латтарна дехьабовлуш гIо дина 26-нна. 2023-чу шеран хьалхарчу пхеа баттахь кризисан тобане кхаьчна 90 дехар
- Марсхьокху-беттан 23-чохь Сулейманова Седа а, цуьнца хилла Кудрявцев Станислав а дIадигира Петербургера петарера веа стага, царех шиммо шаьш полицин белхахой ду элира биссинарш могIарерчу нехан духарца бара, дийцина Кудрявцевс бакъонашларйархошка. ЙоI а, Кудрявцев а гIалин 54-чу полицин декъе далийнера. Жимстаг дIавахийтина, ткъа Сулейманова I50 эзар соьмана цо хIуманаш лечкъийна аьлла лаьцна йоI Нохчийчу дIайигинера. Бакъоларйархошна хетарехь, къола дина аьлла и гIуллакх шайггара къоьллина хила тарло, хIунда аьлча, оцу бахьанашца Нохчийчохь лечкъош бу нах.