ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ичкерин бардан Муцураев Тимуран иллина тIехула гIуда тоьхна Нохчийчуьра вахархочунна


Муцураев Тимур, архиверан сурт
Муцураев Тимур, архиверан сурт

Нохчийчуьра вахархочунна Экиев Олхазарна эзар соьмана гIуда тоьхна Ичкерин заманара бардан Муцураев Тимуран илли бахьана долуш. Нажийн-Йуьртан кIоштан кхело бехке лаьрра Экиев экстремистийн материлаш йаржорна.

Административан гIуллакха йукъарчу хаамца вотсапе хIоттийна хиллера цо Муцуравен суьратца клип а, "12 эзар муджахIид" илли а. И композици Оьрсийчохь экстремистийн лерина, шозза йихкинчу материалаша йукъайахийтина йу.

Билгалдоккху, Нохчийчуьра вахархо къерахиларх цунна протокол хIотточу хенахь, ша йукъахь воцуш таллар дехна цо шен гIуллакх. Прокуратуро дакъалоцуш дIайаьхьира кхелан кхеташо.

"Экстремистийн материалийн" иттанна йукъадахна Муцураевн иллеш, уьш даржорна дукха хьолахь административан жоьпалла тIедожийра 2011-2022-чу шерашкахь. Оьрсийчохь цамагийначех ичкерихойн илланчин 30 композици йу. Шайн сацамашкахь кхелаша билгалдоккху, уьш "къаьмнашлахь питана, сепаратизм, терроризм йаржош" ду олий. Муцураевн иллешка ладогIарна Оьрсийчохь сих-сиха жоьпе узу социалан машанех пайда оьцурш, иштта Нохчийчуьра бахархой а.

  • Тоххара Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцира Муцураев Тимуран иллеш ша тIе муха оьцу а, Ичкерин иллиалархочо ша иллеш алар сацон дагахь ву аьлча, шен "дог дохарх" а. Кадыровс тIеозийна нохчийн "Ахмат" клубан латархо Чимаев Хьамзат а хаавелира Муцураевн иллешка ладоьгIуш.
  • Ичкерин бардан Муцураев Тимуран экстремизме иллеш даржорна бехке лаьрра Соьлжа-ГIалара Висаитовн кIоштан кхело меттигера вахархо Умалатов Хьусейн. Оьрсийчохь магийна доцу илли зорбане даккхарна цунна лаххара гIуда тоьхна – эзар сом.
  • Шуьйтан кIоштан кхело Нохчийчохь бехке лаьрра меттигера бахархой Пайхаев Илес а, Юсупов Беслан а экстремистийн материалаш йаржорна, цара Ичкерин иллиалархочун Муцураев Тимуран илли социалан машанашкахь даржорна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG