Ичкерин бардан Муцураев Тимуран экстремизме иллеш даржорна бехке лаьрра Соьлжа-ГIалара Висаитовн кIоштан кхело меттигера вахархо Умалатов Хьусейн. Оьрсийчохь магийна доцу илли зорбане даккхарна цунна лаххара гIуда тоьхна – эзар сом.
Сацамехь билгал даккхарца, 2023-чу шеран лахьан-баттахь Умалатовс мессенжерехь йаржийра Муцураевн "12 эзар моджахIид" цIе йолу илли. Протокол хIотточу хенахь цо шен бехк тIелецира, дIахьедира ша дохко валарна. Кхело иза бехк малбен хьал лерира.
"Малх чубузучу хенахь маьлхан таьӀна-цӀен бос…" ("12 эзар моджахIед") иллеш 2010-чу а, 2017-чу шерашкахь Кемеровскан а, Калининградан а кхело экстремизман а лаьрра шозза реестре даьхна.
- Муцураев Тимур хьалхарчу а, шоллагIчу а тIемашкахь дакъалаьцна ву Ичкерин агIонехь. Цул тIахьа Парижехь ваьхна, йуха 2007-чу шарахь Нохчийчу вирзина. ХIетахь дуьйна цунах лаьцна хууш дукха дац.
- Гуьмса гIалин кхело бехкевина меттигера вахархо Манаев Наиб экстремистийн материалаш йаржорна, цо социалан машанахь Ичкерин заманара бардан Муцураев Тимуран "12 эзар муджахIид" илли зорбане хIотторна.
- Цу цамагийначу иллешна йукъахь доцчу иллига ладоьгIча а, нахана гIуданаш тухуш нисделла. Масала, Гуьмсерчу кхело экстремистхойн материалаш йаржорехь бехке лерира меттигера вахархо Саиев Адам, "ВКонтакте" социалан машанехь "Хадис Пророка" илли хIотторна.
- Буьри-ГIаларчу кхело гIуда тоьхнера меттигерчу йахархочунна Зинкина Ольгина. Иза бехке лерина, цо шен "ВКонтакте" агIонехь ичкерихойн илланчан Муцураев Тимуран илли хIотторна. Экстремистийн материалаш йаржорехь зудчун болу бехк тIечIагIбина, иза декхарийлахь йу эзар сом гIуда такха - оцу административан артиклехь уггаре лахара таIзар ду иза.
- Кхарачой-Чергазийчохь бехкевира меттигера вахархо Долаев Равиль экстремистийн материалаш йаржорна – шен социалан машанарчу агIонехь цо зорбане даьккхинера бардан Муцураевн "Исламан уммат" илли. Ши эзар сом гIуда хьарчийра цунах.