ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ичкерин куьйгалхочун хьехамчан кIант Францин депортацин набахтера маьршаваьккхина


Мусаитов Шейх-Ахьмад
Мусаитов Шейх-Ахьмад

Францехь 45 шо долу Нохчийчуьра схьаваьлла Мусаитов Шайх-Ахьмад депортацин центрера араваьккхина – оцу йукъанна кӀиранах шозза полисхойн декъе тIе а воьдуш, куьгйаздан декхаре вина иза. Хьалха цуьнгара мухӀажиран статус дӀаяьккхинера мехкан Ӏедалша, х1инца Оьрсийчу цунна депортаци йан хьийза, цигахь кхерам лаьтта цунна.

Мангал-беттан 25-чохь Страсбургехь лаьцна Мусаитов, иза аэропортерчу полицин миграцин декъе дӀавигинера, цигахь 24 сохьтехь латтийна хиллера, аьлла цо "Кавказ.Реалиин" редакцига дийцинера. Цул тӀаьхьа кхин а ши де даьккхира цо депортацин набахтехь. Цул тӀаьхьа бен аьтто ца баьлла цуьнан лаьцна латторан барам хийца, ша вехачу меттигера аравалар а доьхкуш, кӀиранах шозза полице гучувийла декхаре вина, маьршаваьккхира иза набахтера.

Шен доьзалца цхьаьна 2007-чу шарахь Оьрсийчуьра дIавахара Мусаитов, Мисарахула а, Австрихула а Франци кхечира иза. 2012-чу шарахь мухIажаран статус йелира цунна Iедалхошкара кхерам латтарна. Цул совнах, цуьнан да Масхадовн хьехамча лаьттина хиларал а сов, цо куьйгалла дира Австрихь нохчийн а, гIалгIайн а Кхеташонан. Цо дакъалаьцна Европеран нохчийн Ассамблейна йукъахь а.

"Тхан доьзал чIогIа дуьхьал бу Кадыровн рожана, цундела санй дахарна кхерам го суна Оьрсийчу экстрадици йахь", - кхетийра Мусаитовс. Иштта цо тIетуьйхира, ша пачхьалкхера араваккха бина сацаман латкъам бан а.

  • Нохчийчуьра вахархо Албаков Ислам Бельгира депортацин набахтера арахийцира оханан-баттахь. 2019-чу шарахь дуьйна лаьцна вара иза. Ислам а, цуьнан жимахволу ваша Албаков Iимран а Интерполон лехамашкахь хиллера, Оьрсийчохь низамца йолчу герзашца лелачу тобанашлахь хилла ву аьлла, бехкевина. 36 шо долу Iимранан аьтто хилира шена бехкаш дахкар бух боцуш хилар тIечIагIдан. Кху шеран дечкен-баттахь депортацин набахтера араваьккхира иза. 2018-чу шарахь Лионера кхело листира вежарийн гIуллакх, уьш Оьрсийчоьне дIабалар йукъахдоккхуш.
  • Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело дIатеттира 55 шо долчу Нохчийчуьра вахархочун арз, цуьнан хьокъехь Францин Iедалхоша сацам бинера Оьрсийчу иза дIахьажош. Шайн пачхьалкхана цуьнгара кхерам лаьтта аьллера Iедалхоша. Латкъамхочо чIагIдора, Оьрсийчохь ша баланехь латтор ву бохуш.
  • Дечкен-баттахь Amnesty International организацино кхайкхамбира, Оьрсийчоьне дIа ма ло Къилбаседа Кавказера бахархой аьлла. Даймахкахь гIело, сийсазалла хьоьгуьйтур йу цаьрга, йа Украинерчу тIаме хьовсор бу, дIахьедора бакъоларйархоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG