ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ичкерин лидерийн цIарах урамаш ду украинхойн Кривой Рог гIалахь


Дудаев Джохар
Дудаев Джохар

Къобалйазчу Нохчийн Ичкерия республикан лидерийн цIарах урамаш гучудевлла украинхойн Кривой Рог гIалахь. Къилбаседа Кавказехула аналитико Чемберс Гарольда зорбане даьхна гIаларчу керлачу уьнийн суьрташ

Билгалонаш тIехь ю – Ичкерин хьалхарчу президентан Дудаев Джохаран, вице-президентан Арсанов Вахин, тIеман ницкъийн хиллачу буьйранчан Гелаев Хьамзатан а цIераш. Суьрташ тIехь бу, Украинехьа тIемаш бен нохчийн тIемалой а.

Билгалдаларца, Кривой Рог гIалара 180 сов ураман цIераш хийцира гIадужу-баттахь. Оцу кепара сацам тIеэцнера гIалин кхеташоно гIишлойн цIерашна дерусификаци йаран гурашкахь.

  • ГIадужу-баттахь Киевехь хийцира, Оьрсийчоьнца йа Советан заманца йоьзна хилла 40 сов урамийн, майданийн цIераш. Кхин а украинхойн шахьаран 95 гIишло хийцира марсхьокху-баттахь. Ерриг а Киевехь хийца тарло, экспертийн комиссино билгалйаьккхина 296 кеп-кепара цIе.
  • Топономикехула йолчу Харьковн кIоштан Изюм гIалин комиссин кхеташонехь тIечIагIбира 22 гIалин урамийн цIераш хуьйцу сацам. Тургеневн цIарах хиллачу урамо лелор ю Нохчийн Ичкерия республикан хьалхарчу президентан Дудаев Джохаран цIе.
  • Товбеца-беттан 20-чохь Лакхарчу Радехь кхоьллира "Маьршачу Кавказехьа" депутатийн тоба. Цуьнан декъехь вара юьхьанца урхалла дечу партин а, оппозицин партин а цIарах итт депутат. Стигалкъекъа-баттахь Гончаренкос хьйихира, чергазийн геноцид а, Ичкерин маршо а къобалйар.
  • ГIадужу-беттан I8-чохь Нохчийчоьнан Ичкерия республика Оьрсийчоьно ханна оккупаци йина территори лоруш, "нохчийн къомана дина геноцид" емалдеш, сацам тIеийцира Украинан Лакхарчу Радехь. Оцу сацамехьа кхаьжнаш тесира цигахь хиллачу 287 депутато. Сацаман цхьахволу автор вара Гончаренко.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG