Гезгамашин-беттан 6-чохь Ичкерин агIончаша билгалдоккху республика йозуш йац аьлла, дIакхайкхийна 32 шо кхачар. ХIетахь нохчийн халкъан Йукъара съездан исполкомо а, инарлас Дудаев Джохара а Iедал караийцира. Оцу бахьанаца Францихь, Германихь, Австрихь, Туркойчохь, Бельгихь митингаш хIиттийра нохчийн диаспоро.
Францира акци дIайаьхьира Страсбургера Европарламентан гIишлона хьалха. Цуьнан декъашхойн карахь йара Ичкерин, Украинан байракхаш, 1990-чу шерийн йуьххьехь Ичкери дIахIоттарх истори охьайазйина резолюци тIеийцира цара.
"Нохчийн халкъо шайн йозуш йоцу пачхьалкх дIахIоттийна ши шо даьллачул тIаьхьа пачхьалхк санна вовшахкхеттачу Оьрсийчоьнан Федерацино 1994-1999-чу шерашкахь суверенитет йолчу Нохчийн республикана геноцид йира. ТIеман оккупаци йира цо нохчийн пачхьалкхана, тахана а мохк дIахецанза бу", - дIахьедина дуьненайукъарчу организацешка а, Евробертан пачхьалкхашка а дIахьажийначу резолюци тIехь.
Митинг вовшахтоьхначу, къобалйазчу Нохчийн Ичкерия республикан Францера сийлахьчу консуло Албаков Шемала дийцира Кавказ.Реалиин сайте, митингехь 20 сов стаг вовшахкхеттера аьлла.
"Тхан Iалашо – хIара де билгалдаккхар, йуха а Евробертан пачхьалкхашка а, Малхбузенан кхечу мехкашка а кхайкхамбар йу, Украинера Лакхара радин масална тIеберзийта уьш а. Нохчийчоьнна ханна оккупаци йина хилар а, нохчийн къомана йина геноцид а къобалйайта", - кхетийна Албаковс.
Ичкерин Австрера векало Дунаева Розас дийцира редакцига, Маршонан дийнахь диаспорийн векалех тIаьххьарчу заманчохь украинхой а, йукъараллин организацийн жигархой а схьакхетарх.
"Коьрта политикан маьIна ду хIара де. Тхо тешна ду, кхин а цхьа толам хир бу, йуха а суверенитет а хир йу", - тIетоьхна Дунаевас.
Оцу кепарчу акцех лаьцна Маршо Радионан сайто йаздира 2000, 2021, 2022-чу а шерашкахь.
- 1991-чу шеран товбеца-баттахь дIайаьхьначу Йукъара къаьмнийн нохчийн халкъан конгрессехь дIакхайкхийра, Нохчийн Республика Нохчийчоь ССР-на а, РСФСР-на а йукъайогIуш йац аьлла. Параллеле ши Iедалан структура гучуйелира - Москва тIетайна Ханна дIахIоттийна Нохч-ГIалгIайчоьнан Лаккхара кхеташо а, дIакъаста луу къамьнашна йукъара конгресс а. 1991-чу шеран гIадужу-беттан 27-чохь Нохчийчоьнан президентан харжамашкахь толам баьккхира инарлас Дудаев Джохара. 90 процент кхаьжнаш кхечира цунна. Харжамашкахь фальсификацеш лелийна бехира Дудаевн дуьхьалончаша.
- Нохчийчоьнан Ичкерия республика тIелаьцна йацара цхьана а низамехь йолчу ООН-н декъашхочун-пачхьалкхан куьйгалхочо. ХIетте а 1997-чу шарахь Оьрсийчоьнан президенто Ельцин Бориса куьйгйаздира Ичкерин президентаца Масхадов Асланца "Оьрсийчоьнан Федерацина а, Нохчийчоьнан Ичкерия Республикана а йукъахь машар, вовшашца йукъаметтигаш латторан бертан". Цхьаболчу эксперташа и барт де-факто ЧРИ къобалйарца буьйзира.
- 2022-чу шеран гIадужу-беттан 18-чохь Украинан Лакхарчу радехь сацам тIеийцира Нохчийчоь Оьрсийчоьно ханна дIалаьцна мохк бу аьлла, къобалдира, цара иштта йемалдира "нохчийн къоман геноцид". Марсхьокху-бутт бовш Украинан Лакхарчу радехь ханна керла комисси кхолларх дIахьедира. ЧIагIдарехь, кегийчу къаьмнашна "Оьрсийчоьнан Iазапах" бевлла, Оьрсийчоь йохош гIо дийр ду цара.
- Нохчийн Ичкерия республикин лаккхара ши совгIат дина Украинин президентана Зеленский Владимирна – "Къоман сий" а, Дудаев Джохаран цIарах орденаш а. И совгIаташ дина Зеленскийна "маршонан а, демократин а дуьхьа гIарадевлла гIуллакхаш дарна а, нохчийн къомана гергахь ша-къаьстина гIуллакхаш дарна а", билгалдоккху президентан официалан сайтехь.
- Украинин территори Iалашйеш йу иштта нохчийн лаамхойн батальонаш а цхьаьна. Церан могIаршкахь – даймохк дIатесна Ичкерин агIончаш а бу, иштта Нохчийчохь ши тIом боьдуш тIемалой хилларш а бу.