ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ичкерин президентан хьехамчан кIантана Францино депорт йан тарло радикалашца уьйраш йу аьлла


Мусаитов Шейх-Ахьмад
Мусаитов Шейх-Ахьмад

Страсбурган кхело луьстур долуш ду шайн пачхьалкхера 45 шо долу Нохчийчуьра вахархо Мусаитов Шейх-Ахьмадна депортаци йарх хаттар. Хьалхо Францино статус йухайаькхинера цуьнан радикалашца уьйраш йу аьлла шеконаш хилла. Шеконаш хилар доцург тIечIагIдина хIума дац аьлла, дIахьедо бакъоларйархоша, шайн ма-хуьллу Мусаитов Орсийчу дIа ца валийта хьийза уьш. Ткъа цигахь бу цунна кхерам. Цуьнан да Мусаитов Шайхи Ичкерин президентан Масхадов Асланан хьехамчан даржехь лаьттина ву.

Шен доьзалца цхьаьна 2007-чу шарахь Оьрсийчуьра дIавахара Мусаитов, Мисарахула а, Австрихула а Франци кхечира иза. 2012-чу шарахь мухIажаран статус йелира цунна Iедалхошкара кхерам латтарна. Цул совнах, цуьнан да Масхадовн хьехамча лаьттина хиларал а сов, цо куьйгалла дира Австрихь нохчийн а, гIалгIайн а Кхеташонан. Цо дакъалаьцна Европеран нохчийн Ассамблейна йукъахь а.

Делахь а Францера тIебаьхкинчийн гIуллакхашкахула йолчу коьртачу урхалло (DGEF) дIахьедина Мусаитов шайн пачхьалкхехь вита цалаарх, цуьнан динан радикалашца уьйраш хила тарло аьлла. Оцу шеконийн буха тIехь 2019-чу шарахь мухIажаран статусах ваьккхира Нохчийчуьра вахархо. 2021-чу шеран гезгамашин-баттахь бехктакхаман гIуллакхехула йолчу Къоман кхело йухабаьккхира и сацам, хIунда аьлча, къайлахчу сервисаша тIе ца чIагIдира "Кавказан Имаратца" а, йа "Исламан пачхьалкхаца" а цуьнан гIуллакх деана хилар.

Шена догIучунна Пачхьалкхан консилиумо 2023-чу шеран зазадокху-баттахь Къоман кхелан сацам йухабаьккхира.

Нохчийн бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара дийцира Кавказ.Реалиин редакцига, стигалкъекъа-беттан 26-чохь Мусаитов лаьцнера аьлла.

"Цхьана ханна делла кехат дара цуьнгахь, стигалкъекъа-беттан 26-чохь йуха карладаккха дезаш хиллера иза а. Оццу дийнахь лаьцна, депортацин центре дIавигина иза. Селхана (мангал-беттан 27-чохь хуьлу и. – Редакцин билгалдаккхар) цуьнан кара кехат делла, пачхьалкхера аравала аьлла. Гергарчу хенахь, аьлча а, кхана депортаци йарх цуьнан хаттар Страсбурган кхело луьстур хир ду", - элира Янгулбаевс.

Цунна депортаци йар тIечIагIдина хIума хилахь бакъоларйархой лерина бу Къоман кхеле сацамна латкъамбан, цул тIаьхьа адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхеле бовла а.

  • Нохчийчуьра вахархо Албаков Ислам Бельгира депортацин набахтера арахийцира оханан-баттахь. 2019-чу шарахь дуьйна лаьцна вара иза. Ислам а, цуьнан жимахволу ваша Албаков Iимран а Интерполон лехамашкахь хиллера, Оьрсийчохь низамца йолчу герзашца лелачу тобанашлахь хилла ву аьлла, бехкевина. 36 шо долу Iимранан аьтто хилира шена бехкаш дахкар бух боцуш хилар тIечIагIдан. Кху шеран дечкен-баттахь депортацин набахтера араваьккхира иза. 2018-чу шарахь Лионера кхело листира вежарийн гIуллакх, уьш Оьрсийчоьне дIабалар йукъахдоккхуш.
  • Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело дIатеттира 55 шо долчу Нохчийчуьра вахархочун арз, цуьнан хьокъехь Францин Iедалхоша сацам бинера Оьрсийчу иза дIахьажош. Шайн пачхьалкхана цуьнгара кхерам лаьтта аьллера Iедалхоша. Латкъамхочо чIагIдора, Оьрсийчохь ша баланехь латтор ву бохуш.
  • Дечкен-баттахь Amnesty International организацино кхайкхамбира, Оьрсийчоьне дIа ма ло Къилбаседа Кавказера бахархой аьлла. Даймахкахь гIело, сийсазалла хьоьгуьйтур йу цаьрга, йа Украинерчу тIаме хьовсор бу, дIахьедора бакъоларйархоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG