Кадыров Рамзана кхайкхамбина Путин Владимирна гонах цхьанакхетий, 2024-чу шарахь Оьрсийчоьнан президент хоржуш шайн кхаьжнаш цунна дIало аьлла. Оцу кепара дIахьедарца вистхилла иза, пачхьалкхан куьйгалхочо керлачу ханна харжамашкахь дакъалоцуш ву ша аьлла, официалехь дIакхайкхича – пхоьалгIа йу и цуьнан хан. Кавказ.Реалии сайто дуьйцу, Путинехьа муха агитаци йо Нохчийчохь.
"Тоххара а санна, цуьнан тешаме гIашсалтий хиларе терра, цунна мел оьшу гIо а, накъосталла а дийр ду вай, иштта цуьнан муьлхха а тIедиллар кхочушдийр ду", - йаздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен телеграм-каналехь.
Оцу кепара дIахьедарх цхьаммо а тамаш ца бо хIинца. Кадыров Рамзана даим а олуш ду, ша Оьрсийчоьнан президентана тешаме хиларх, ша цуьнан "гIашсалти" ву олу, цуьнан "уггар а чолхе тIедиллар кхочушдийр ду муьлххачу дуьненан маьIIехь" олий.
2018-чу шарахь президентан харжамаш тIекхочучу заманчохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира, "хIуъа хиларх могуьйтур дац халкъан лидерна харжамашкахь дакъа ца лаца дагадаийта а" аьлла. Кхайкхамбира Путине йоьалгIачу ханна а президентан харжамашкахь дакъалацахьара аьлла. Нохчийчохь хIетахь шуьйра агитаци йолийра.
Махкара Харжамийн комитет йукъахь а йолуш, кегийрхойн "Ахмат" боламан жигархоша "Оха хиндерг хоржу" аьлла баннерш оьхкина машенаш хаьхкира; хьовсархой хила оцу бараме бертаза балийра Iедалхоша бюджетан белхахой а, студенташ а.
Шайн аьтто ма баллара уьш дIабаха Iалашо йу нохчийн
2018-чу шарахь харжамаш дIабахьа ши кIира диисинчу хенахь Соьлжа-ГIалара коьртачу майданахь спортан флешмоб дIайаьхьира, Соьлжа-ГIалара пхи эзар гергга бахархоша дакъа а лоцуш. Пачхьалкхан думин депутаташа, гоьбевллачу спортхоша, студенташа, йукъараллин организацийн декъашхоша 180 318 упражнени кхочушйира – 180 318 терахь кхажтасаран дийнан билгало йара.
Флешмобан лозунг – "Оха ницкъе пачхьалкх хоржу" – дуьххьал дIа Путинан кампанина хьажийна йара иза. Кхинболу президентан дарже баха къовсалун кандидаташ тергамза буьтура, кхечу претендентийн штабийн векалша а бакъдора, Соьлжа-ГIалина генахь лаьтта шаьш кхерамзалла ларйеш бохуш. ХIетахь харжамашкахь дакъалоцуш хилла тележурналист Собчак Ксения йеара республике, амма цуьнца цхьанакхета Кадыров реза ца хилира. Аьтто ца белира Собчакан нохчийн къомаца къамел дан а, меттигерчу Iедалхоша "массарна а дуьхьал" йолчу кандидатаца цхьанакхетачуьра ларбинера уьш, йаздира "Новая газето".
2012-чу шарахь харжамаш болуш регионехь чолхе хьал лаьттара: гIаланашкахь, кIошташкахь, йарташкахь Путинна агитаци йара дIахьош йиллина. ХIетахь Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Нухажиев Нурдис элира: "Нохчашна кхин ца оьшу доьхна денош, царна машар беза, шайн чевнаш йерзон. ХIинца Оьрсийчоьнан президентан гIант къуьйсучу кандидаташлахь Путина бен лур бац царна и аьтто. И боцург харжам царна кхин бисина а бац".
2008-чу шеран харжамаш хилале хьалха Соьлжа-ГIалин йуккъехь дуккхаъ а нах арабевлла кегийрхойн акци хилира Путинехьа. Леррина пункт йара кхоьллина, цигахь кегийрхой дIайазбора "Оьрсийчоьнан президентан гварди". Оцу акцихь кегийрхошка дакъалацийтинера, митинге ца веанарг деша тIе вуьтур вац аьлла, кхерамаш тесна.
Журналисто, бакъоларйархочо Пахоменко Варварас хIетахь билгалдаьккхира: "Тамаш бу-кх, тахана Нохчийчоьнан куьйгаллехь волчу Кадыров Рамзанна Оьрсийчоьнан Турпалхочун седа белла стаг къобалвеш, цуьнан дуьхьа аравала ца лаьа аьлла вистхила стаг вахьарх. И стаг бахьана долуш Рамзанан да республикин президент хIоьттира. И бахьанехь Нохчийчохь "паргIато" а йу. Цига цавахар – Нохчийчохь шолгIа тIом болор бахьана долуш и стаг президент хIотттийна хилар дагахь латтор хир дара".
Хьесапашца безам?
Путинна жигара Кадыровс агитаци йаран бахьана ду, тахана Орсийчоьнан Iедалехь волу президент ца хилахь, Нохчийчоьнан урхалхо вер ву шегарчу даржах а, кхин болчу аьттонех а, аьлла хета Европехь куп тоьхначу "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхочунна Сулейманов Джамбулатана.
"Кадыров декхаре ву Путинна шен токхенца – цунах йоьзна йу боллу цуьнан доьзалан кхерамзалла. Шайн ка ма йелли, уьш дIабохур болуш бу нохчаша, Оьрсийчоьнан эскархой а санна. Кадыровн санна дукха мостагIий Путина а бац. Цеволийла дац, велла дIаваллалц Путина пачхьалкхан урхалла дан Кадыровна лаарх. Iедалехь висина, Iедалан мукъ шен бершка кховдо лаьа цунна, династи кхолла, Нохчийчохь цкъа а хилла йоцу", - билгалдоккху къамелдечо.
Шен политикан Iедалх вала кхерам лаьттина ца Iа Кадыровна
Кадыровс даим а шен ницкъ мел берг дора, уггар а чIогIа, гIараваьлла Путинан агIонча ша ву аьлла хетийта, бохура Прагера Карловн унивеситетан политологин профессоро Аслан Эмиля.
"Цкъа мацца а Iедал Путинан карара далахь, политикан Iедалера воьхна Iийр вац Кадыров. Цунах дика кхетачу цо, тера ду, Путинца онда зIе тесна хила. Шен хьаштдерг хилахьара оцу доллучух а аьлла, Iен лууш вац Кадыров", - боху профессоро.
ГIуран-беттан 9-чохь, ша йуха а президентан гIант къовса дагахь ву аьлла, Путина дIахьединчу шолгIачу дийнахь, Нохчийчуьра харжамхойн комиссино дIахьедира пачхьалкхан куьйгалхо харжарх "информацин, адам кхеторан болх" болорах. Соьлжа-ГIалин урамашкахь хIинцале а дIайиттина харжамийн де билгалдаьккхина баннерш. Республикера Харжаман комитетан пресс-гIуллакххоша дIахьедира, оцу тайпа баннерш регионан массо а гIаланашкахь йаржор йу, ткъа листовкаш а, плакаташ а – хьукматашкахь а, организацешкахь а. Кхечу тайпа агитацин барамаш болорах цкъачунна беш хаам бац.
Республикера редакцин хьасто бахарехь, Кадыровс бина кхайкхам боцург, Нохчийчохь кхин йолийна агитаци йац: "Мел "красавичк" ву иза, бохуш, "Оьрсийчоьнан президентан суьрташ тIехь баннерш а, плакаташ а гучуйуьйлу даим а Керлачу шеран деза денош тIехдевллачул тIаьхьа".
Къамелдечо чIагIдора, Нохчийчохь рогIера президентан харжамашца бала болуш стаг вац, цуьнан жамIаш муха хир ду тоххара дуьйна хууш ду аьлла.
- ГIадужу-беттахь Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна Нохчийчоьнан лаккхара совгIат дина – "хьалхарчу номерца йолу" Кадыров Ахьмадан цIарх орден, дIахьедира Кадыров Рамзана. Регион меттахIоттайарна аьлла, дира президентана цуьнца совгIат. Политологашна хетарехь, 1999-чу шарахь дIакхайкхийначу шолгIачу оьрсийн-нохчийн тIамо вира Путинах президент. Иза веачхьана лечкъийна, байина эзаранаш нохчий, дуьххьара пайдаийцира меттигерчу харжамашкахь харцонаш лелоран кепех, ткъа Соьлжа-ГIала лерира дуьненан ШолгIачу тIеман заманара схьа дуьйна лерича уггар а чIогIа йохийначех.
- ГIуран-беттан 14-чохь деа сахьтехь сов жамIаш дира Путин Владимира дахначу шеран, Оьрсийчоьнан журналистийн а, могIарерчу бахархойн а хеттаршна жоьпаш а луш. Керланиг хIуммаъ дацара цигахь, йуьртбахаман министран Патрушев Дмитрийн хIоашца проблемаш йац алар доцург. Башха кхеташ дац, хьенан бала бу Патрушевн хIоашца. Схьахетарехь, бегаш хилла хир бара и – журналисташна дийца хIума даккхархьама бина.
- Нохчийчоьнан Iедалхоша дIахаийтина федералан центран дотацех шаьш доьзна хилар лахделла аьлла. Кавказ.Реалии сайто къастийра, Москвара ахчанах Соьлжа-ГIала йоьзна йац бохург бакъ дуй.