ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедалхой Хьабибана тIеберзар доьзна хила тарло иза Украинерчу тӀамна гӀортор йан дуьхьал хиларца – "Проект"


Нурмагомедов Хьабиб
Нурмагомедов Хьабиб

Оьрсийчоьнан хьаькамаша UFC-н чемпион хиллачу Нурмагомедов Хьабибана йукъараллехь критика йар доьзна хила мега цуьнан Украинерчу тӀамца йолчу позицица. ТӀелатар доладеллачул тӀаьхьа цуьнга президентан администрацера телефон а тоьхна, Оьрсийчоьнна гӀортор йеш къамел де аьллера, дийцина шен цӀе йовзийта ца лиъначу спортхочо "Проект" ресурсе.

ГIирсан хьасто дийцарехь, Нурмагомедовга телефон тоьхна хиллера президентан администрацин куьйгалхочо Вайно Антона а, цуьнан хьалхарчу гIовса Кириенко Сергейс а. Амма спортхочо тергамза дитинера церан дехарш.

Оьрсийчоь Украинана тIелатарх лаьтцна цкъа а комментарий ца йира Нурмагомедовс. Мангал-беттан йуьххьехь Нурмагомедовс массарна а гуш къамел дира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент ваха луучу кандидатаца Трамп Дональдца. "Палестинера тIом сацабар" дехнера цо цуьнга. Оцу къамело кхин тIе а эргIад бахийтина хила тарло Кремлехь берш, аьлла хета "Проектана". ТIаьхьо Трампа дIахьедира, Нурмагомедовс иштта Оьрсийчоьнан Украинаца болу тIом а сацабе аьллера шега.

Трампца къамел динчул тӀаьхьа Нурмагомедовна критика йира президентан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонехь. СПЧ-н декъашхочо, 2024-чу шарахь хиллачу харжамашкахь Путин Владимиран векал хиллачу Ахмедова Маринас дIахьедира Нурмагомедовс Трампе кхайкхам бинчул тӀаьхьа, цуьнан "Палестинах бен дог ца лозу". UFC-н чемпион хиллачунна юкъараллехь йен критика кхин а тIе марсайаьккхира ХIинжа-ГIалахь а, Дербентехь а, Сергокалехь а тӀелатарш динчул тӀаьхьа. ХIетахь гIаттамхойн могIаршкахь гучуваьллера маьршачу кепехь латарийн спортан мастер Кагиров Гаджимурад. СПЧ-хь йуха а бехкаш дехира экс-чемпионера "вахӀабхойн идеологи" йаржорна.

Йукъараллехь Нурмагомедовна тӀеӀаткъам бечу бахьанашлахь хила тарло цунна дуьхьал ясакхийн хьукматашкара претензеш йахар а. Декхарх болу хаамаш йуьхьанца зорбане баьхнера Кремлехьа йолчу "База" телеграм-канало.

  • Дагестанехь цхьа могIа герзашца тIелетарш дира мангал-беттан 23-чохь полисхошна а килсашна а, синагогашна а. 20 сов стаг велира цигахь – чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахой а, мозгIар а, динан гIишлойн хадархой а.
  • Дагестанерчу UFC-н чемпион хиллачу Нурмагомедов Хьабиба дӀахьедира, ХIинжа-ГIалахь а, Дербентехь а синагогашна а, килсашна а тӀелетарш динарг шен ден спортан школица цхьа а уьйр йолуш вац аьлла.
  • Оццу 2018-чу шарахь спортхочун девешо Нурмагомедов Алекса дӀахьедира, Хьабиб украинхойн паспорт эца гӀоьртира, амма масийттазза дуьхьало йира цунна аьлла. Цул тӀаьхьа цуьнан дас, тренер хиллачу Нурмагомедов Ӏабдулманапа тешийра, махкалла хийца гIерташ вацара цхьа а аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG