Къилбаседа Кавказан бахархой дIаоьху дуьненан кеп-кепарчу мехкашка политикан а, экономикан а бахьанашца. Тоххара цара шайна баха къастийнарг доккхачу декъанна Европа хиллехь а, коронавирусан пандеми хиллачул тIаьхьа а, Оьрсийчоьно Украинехь тIом болийначул тIаьхьа а кавказхоша дукха хьолахь къастайо Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ. Кавказ.Реалиин сайто дуьйцу масех иштачу эмигрантах.
ГIебарта-Балкхаройчуьра Марина дIайахара Америке 2021-чу шарахь. Цунна а, цуьнан хIусамдена а цкъа а ца моьттура шаьш цхьанхьа дIагIур ду, боху къамелдечо, амма дахар иштта нисделира, тIаккха сацам бира доьзало, цхьана шина беттачохь керлачу метта дIабахара уьш. Цул а хьалха зуда Москвахь йехаш йара, бизнес лелош; политикехь а реза йолуш дара боху цо шен дахар.
"Дерриг а доладелира, цхьана дийнахь Тверской урамехь йолайелла лелара со, ларамза митингхойн тобанна тIенисйелира со, - дагалоьцу Маринас. – ЛадуьйгIира аса оппозицин политико Навальный Алексейс дуьйцучуьнга, эццахь хийцаделира сан дахар".
Къамелдийриг йолайелира митингашка эха, уьш вовшахтухуш дакъалаца а: хаамаш дIасакхоьхьуьйтура цо, нахана йукъахь агитацеш йора. Лоьрийн гIирсаца йоьзна шен бизнес а оцу хеначохь дIа ца тосура цо.
Дозанехула чекхйала "керта тIехь Iуьрг" карон дезара, доцца аьлча
2012-чу шарахь Марина лецира курхаллаш лелорна, чохь даккха ши шо туьйхира цунна. Шена тIаьхьабовлар дузу цо шен йахархочун санна йолчу позицица.
"Цхьа тамашен зеделларг дара и. Набахтехь хан йаккхар башха инзаре а дацара, къаьсттина хьуна оьшург латтош а делахь, арахьара хьуна чу тIоьрмигаш дала хьан стаг а велахь. Хала ду ахьа цIенна сагатдар", - дагалоьцу къамелдечо.
Ша маьршайаьккхинчул тIаьхьа Марина Москвара дIайахара, шарахь сов Iийра иза шен республикера лаьмнашкарчу тийначу эвлахь – дас аьлла хиллера цуьнга "хьайн гIуллакх доцчу ма гIерта". 2018-чу шарахь дас вовзийтира цунна цуьнан хинволу майра – Султан. Хасстоьмаш бухкуш йара хIара, важа – уьш кхиош, цуьнан теплицаш йара.
Шо даьлча Султанна тIехIоьттира нохчийн Iедалхойн бIаьрг, цуьнгара бизнес шайна йерзон ойла хиллера церан, боху Маринас. Шен болх царна дIабала ца лаьара цунна, амма тIаьхьо лецира иза, цуьнан парникаш дIайехира. Цхьана шарахь эхашарахь чохь хан текхира Султана, маьршаваьллачул тIаьхьа кхийтира иза: дIадаха деза аьлла.
Йуьхьанца цара ойла йира садаIа цхьана ханна дIадаха, жимма са меттадалон. Некъаца цу шинна бевзинера дагестанхой, цара дийцинера Мексикан дозанехула Американ Цхьанатоьхначу Штаташка кхачон некъах лаьцна. ТIаккха сацам бира цара – шайн мел дерг дIа а доьхкина, жимма духалург ахча а даьккхина, дIаадахара и шиъ.
Доза а, легализацига сатийсар а
Тихуане кхечира и шиъ – Американ дозанера мексикахойн гIала йу иза. Дуьххьарлера дехьадала гIортар аьтто боцуш дирзира – и шиъ лецира дозанхоша, Гватемале дIахьажийра. Кхо дей-буьйсий даьллачул тIаьхьа йуха а дехьадала гIоьртира и шиъ, лелийна машен ийцира цу шиммо, амма дозанхоша и а схьайаьккхира.
"Доцца аьлча, "керта тIехь Iуьрг" лаха дезара, дозанехула чекхдовла, цунна лерина адамаш ду нах дехьабохуш болх беш. Ахчанах машен а эцна, дозанерчу постехь болчу америкахойн полисхошна тIе а вахана, тховкIело йеха йеза", - кхетадо Маринас.
Амма оцу КПП-на тIекхача масех постах чекхвала веза, могIаршна йукъахь болчу мекискахойн полисхошна йуккъехула дIа а воьдуш. Массарах а таллам бо цара, нагахь санна, и стаг мигрантах тера велахь, оцу рогIа йуккъера иза схьа а воккхий, тарло иза лаца, йа цуьнгара машен дIайаккха.
"Кисанашка а хьуьйсу, нагахь хьоьга ахча делахь, и дицдан деза ахь. ХIетахь кхийтира со, мексикахойн полисхой Оьрсийчуьрчул а эшна хилар", - боху къамелдечо.
Цо дийцарехь, цаьргара машен схьайаьккхира, 300 долларшкахь ахча дала дийзира церан кхоана Мексикера бакъоларйаран органашкара белхахочунна, шаьш дIадохуьйтург.
Со цхьацца белхаш беш йу – туьканахь болх бо аса, йа реабилитацин центрехь къаношка хьажа йоьду
Американ дозана тIе кхача аьтто хилира цу шиннан доьалгIа гIоьртича – нах "дIакхетош лелочу" стага шен машенахь меттиг беллера цу шинна цхьаннах эзар долларш а оьцуш. И дерриг а дирзича, Марина са малделла охьайоьжнера.
Зудий-майрий вовшах а даьккхина камераш чу дигинера – божарийн а, зударийн а. Тайп-тайпанчу къаьмнийн нах бара цигахь. Маринас боху, шен а, хIусамден а аьтто белира, - йалх сахьтехь латтийна, маьршадитира и шиъ.
"Йога йан куз ло цигахь, фольга а ло, тIетаса, - дIавуьжуш лелон комплект йу иза. Дийнахь кхозза йуург ло. Кхин дIоггара даладелла ца хуьлу йуург, амма Оьрсийчуьра набахтешкахь кхин а телхина ду хьал", - кхин дIа дийцира цо.
Отелашкахь дIатардира и шиъ тIаккха: Сан-Диегора жуьгтийн гIоьналлин хьешан цIийне кхаьчнера, цигахь кхо дей-буьйсий даьккхира цара.
"Отелехь Iачу хенахь, Нью-Йоркехь петар карийра тхуна, тIаьххьара 800 доллар цунах дIа а делла, цига дIадахара тхо", - боху йоIа.
Дукха ца Iаш болх карийра Султанна: машенашна тюнинг йо цо, басар туху. Марина а йу цхьацца белхаш беш – цIийнадс доккхург тоаме ца хуьлу. Йасакхан номер а, болх бан бакъо а хIинца а цу шинна йелла йац. Карахь и кехаташ доцуш болх карон хало ду, алапа а кIезиг ло.
"Адвокато элира тхоьга, Iедал кочадан там бу шуна бакъо йоцуш белхаш бой дIахаахь. Ткъа цхьа амал ца бича довлий тхо?", - кхетадо къамелдчео.
Доьзало карарчу хенахь керла йоккхо петар лаьцна жимма лаьттан дакъа а долуш, луьйчу чоь, йукъара кухня а йолуш, дуьйцу Маринас: "Тхан цициг ду, чIерий, тхешан беш. Кест-кеста белхаш бо аса – туькана арайолу, йа реабилитацин центрехь къаношка хьажа йоьду".
Ахчанан цхьа дакъа адвокатана охьадуьллу цо, легализаци йеш шайн интересаш лелочу. ТховкIело кечйеш процедура, Маринас бахарехь, пхеа шаре гергга дIайахлур йу.
ГIалгIайн протестийн жигархо
"Цкъа а дага а ца деанера суна, дIагIур ву аьлла, хIунда аьлча, тхан доьзалехь воккхахверг ву со, гIалгIашлахь цхьа жоьпалла ма дуй суна тIехь цундела", - дуьйцу ГIалгIайчоьнан вахархочо Бузуртанов Ахьмада. Шен зудчуьнца а, деа бераца а Мексикан доза а хадош, Американ Цхьанатоьхначу Штаташка дехьаваьлла иза.
2018-чу шарахь жигара декъашхо вара Бузуртанов Нохчийчоьнца доза хийцарна тIехула дуьхьал йолийначу митингийн. ХIетахь ницкъахой тIаьхьабийла буьйлабелира жигархошна, царна дуьхьал сингаттамаш а бохуш. Ахьмадан дешнашца, цхьа делан къинхетамца ка йелира цуьнан лоцучуьра вада, 2019-чу шеран охан-баттахь Туркойчу дIавахара иза.
"ГIалгIайчоьнан барамашца чIогIа йаккхий бизнес-проекташ йита дийзира сан: коворкинг-центр, берийн-доьзалийн кафе, 40 стага болх бен рекламин бизнес", - боху къамелдечо.
Туркойчохь даьккхира Бузуртановс цхьа щой, ахшой, цуьнан доьзал оцу заманчохь ГIалгIайчохь бара. Йуьхьанца Европе дIабаха лерина бара уьш, амма виза йаккха аьтто ца хилира. ТIаккха хаьржира цара Американ Цхьанатоьхна Штаташ.
Эхашарахь гергга доьзало кечамаш бира: ахча гулдеш, информаци зуьйш, шайн бахамах тIаьххьара йисинарг дIайухкуш. Истанбулера Тихуане дIакхаччалц цхьа а дуьхьало ца хилира царна.
Мукъаденош, йа деза денош дацара, де а, буьйса а дацара
"ТховкIело йоьхуш Американ дозанхойн контролера эпсаре тхо дистхилча, маашенчуьра арадовла элира тхоьга. Цул тIаьхьа суна а, хIусамнанна а куьйгех гIоьмаш туьйхира. ДIа ладоьгIча, тховкIело йехарх тхан дехар дIахаийтина хиллера можачу сизах тхо чекхдевллачул тIаьхьа, формалехь низам дохор лору и. Амма 5-10 минотехь бен ца дитира тхо гIоьмашца", - дагалоьцу Ахьмада.
Кхо де даьллачул тIаьхьа ханна нах дIатарбечу хIусамехь доьзал маьрша битира, некъ дика хуьлийла а олуш.
Бузуртановс бахарехь, чохь Iен хIусамца а проблемаш йацара: царна маса маьхза медицинан страховкаш йира, бераш школе дIаийцира, царна мел оьшург а латтош.
"Кхузахь дуккха а курсаш йу маьхза ингалсан меттан онлайнехь, дуккха а леррина центраш йу кхачан сурсаташ луш, йуург йеш, ишта халялан а цхьана", - билгалдоккху Ахьмада.
Эмиграци йинчул тIаьхьа хьалхара шо, цо дийцарехь, уггар а чолхе дара: йалх стага лаьтта церан боллу доьзал Iаьржачу, ларма санна йолчу шина чоьна чохь Iаш бара, догIанаш оьхучу сезонехь шозза чу хи делира царна.
Документашка хьоьжучу хенахь Ахьмада "мувинга" тIехь ахча доккхура – кхечухьа Iен дIабоьлхучу америкахойн хIуманаш кечйеш.
"Мукъа, йа деза денош, йа де-буьйса дацара. Наб йан кхаа сахьтера йалх сахьте гергга хан хуьлура, - дагалоьцу къамелдечо. – Ницкъ хуьлу даим а оьрсийн мотт буьйцучу нахана йукъахь хьо хиларо, ингалсан мотт бийца Iамарх гIуллакх ца хуьлу".
Шо даьлча БузуртановгIарна кехаташ делира. ХIинца Ахьмад электрикан болх беш ву йоккхачу компанихь. Цуьнан доьзал а дехьабаьккхина цо кхо дIавуьжу чоь, кухня, гIалгIаша ма-оллура, йоккха хьешан хIусам а йолчу паргIатчу цIийне. ДIасадаха минивэн а эцна цара.
"Болх атта бу олийла дац, амма даимна а бу, цомгаш хилча цIахь Iен йиш йолуш, мукъаденош а долуш. Уггар а коьртаниг – хьо хьанал къахьоьгуш велахь, атта ду хьуна карьерехь лакхавала", - боху Бузуртановс.
Цуьнан хIусамнан Луиза а йац хIуммаъ а ца деш Iаш, онлайнехь туркойн коча-лерга ухку хIуманаш йухкуш туька схьайиллина цо.
Нохчийчуьра мухIажар
"Тоххара а ойла йара сан дIайаха, амма цIеххьана цхьа мIаьрго хIоьттира, дIатетта йиш йоцуш", - дагалоьцу кхин а цхьана эмигранто. Нохчийчохь шен бисинчу нахана цхьа хьовзам хиларна кхоьруш, шен цIе ма йовзийтахьара аьлла, дехар дира цо.
ЦIеххьана дIайахара йоI, шен дега-нене а ца хоуьйтуш. "Дагахь доцуш хилла хIума дара и, амма уьш кхеташ бара хьолах, цу тIе кхо бутт хьалха сан ваша а дIаваханера", - кхетийра цо.
Къамелдийриг дехьайелира Мексикин Америкаца долчу дозанехула 2023-чу шеран гезгамашин-баттахь. Цуьнан дешнашца, мекикахоша го бира цунна.
Хьо схьайеанчу хенахь оцу йоллу проблемех Iиттало хьо, ойланаш йо ахьа, суна стенна оьшура хIара бохуш
"Оцу дийнахь кавказхой башха дукха бацара, суна биллгал хаьа, хIунда аьлча, дозанехула дехьабуьйлучийн кхуьй а рагI суна гуш йара", - боху эмигранто.
Меттигерчаьргара цунна хиира, кавказхой хьалхо дуккха а хиларх, амма хIинца, кехаташ кечдар чолхе даьккхина.
"ХIинца дукха хьолахь берашца дай-наний дIадоьдуш хуьлу – церан алсам шансаш йу, парггIат дозанехула дехьабовла", - билгалдоккху йоIа.
Керлачу меттехь йуьхьанца халонаш дукха йара – банкера карта цахилар, эмигранташна хIусам йала ца лаьа кредитан истори йацахь, оьцу мах беза хуьлу. Амма тIаьхь-тIаьхьа дерриг а дIанисло, бохура Нохчийчуьра йахархочо.
" Хьо схьайеанчу хенахь оцу йоллу проблемех Iиттало хьо, оьйланаш йо ахьа, суна стенна оьшура хIара бохуш. Амма муьлххачу а пачхьалкхехь иштта хир ду. ХIаъ, хьан цIахь бисина нах хьуна тIе ца тоьа. Амма кийча хила веза, айхьа некъ йуьхьара лаьцнехь. Со кийча йара, сан йухайаха меттиг бацара", - дерзийра цо.
"Адамашца кхечу тайпа бу кхузахь"
Оьрсийчохь Iийначу тхуна "цхьа тамашен маьрша" ду Америкехь даха, шена хетачух дуьйцу Бузуртановс. Цо бахарехь, цкъа а ксенофобица, йа полисхошкара кхерамах Iоттавелла вац иза.
"Оьрсийоьне хьаьжча, кхузахь цхьана адамо къовлур йац хьан маршо, йа вийр вац хьо сийсаз, кехаташ доцуш, хьо легалехь воцу мухIажар велахь а. Полицино са ца дуу хьан, хIунда аьлча, лерринчу миграцин хьукматийн проблема йу иза. Коьртаниг, хьоьгара гонахчу нахана кхерам ца хилчхьана", - билгалдаьккхира Ахьмада.
ГIебарта-Балкхаройчуьра Маринас Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а дIакхоьхьу шен бахархойн позици: тIамна дуьхьал комитетехь йу иза, Украинерчу тIамна дуьхьал хIитточу акцешка а лела иза, иштта Навальныйгахьа вовшахтухучу митингашка а.
"ХIара цхьа тамашен ду, шен транспорт а эцна, митинге ваха йиш хилар, такси чохь лечкъа а ца лечкъаш. Адамашка кхечу тайпа хьоьжу кхузахь – массарна а хетарг коьрта ду", - боху къамелдечо.
ХIокху материалан турпалхойн дийцаршца, США-хь карарчу хенахь жигара вовшахутухуш йу эмигрантийн-кавказхойн диаспора. Оьрсийчоьно Нохчийчохь тIом болийча дIабахна бу цхьаберш, цхьаберш – тIаьххьарчу шерашкахь.
Оьрсийчуьра бусалбанаш дукха хан йу кеп-кепарчу мехкашка дIаоьху
"Социалан машанашкара чаташкахула Америкехь вовшашца зIенаш латтайо кавказхоша. Кеп-кепарчу штаташкарчу гIалгIайн, нохчийн, хIирийн чергазийн шайн-шайн чаташ а йу, керла схьабаьхкинчарна гIо латтадо цара", - тIечIагIдира США-хь йехачу ГIалгIайчуьра бакъоларйархочо, шен цIе къайла а хьош.
Цо бахарехь, Къилбаседа Кавказера эмигранташ сих-сиха цхьанакхета, даккхий тойнаш, ловзарш хIиттадо цара.
"Оьрсийчуьра бусалба нах шайн мехкашкара кхечухьа баха дIаоьху дуккха а хан йу. Пандеми гучуйаллалц дукхахболу бусалбанаш Туркойчу а, Украине а, Европе а лестара",-билгалдоккху Къилбаседа Кавказера бахархойх талламаш бечу Соколов Дениса.
Политикан хилла ца Iаш, экономикан бахьанаш а хила тарло, билгалдоккху къамелдечо. Оьрсийчоьнан ницкъахой "кхин ойла" йолчу бусалбанашна а, гIаттамхошна а тIаьхьабийлар а ду цаьрца.
Гуттар а Европе лестара кавказхой, амма пандеми хиллачул тIаьхьа а Украинехь шуьйра тIом болийчхьана а Европан пачхьалкхашка бахар чолхе дирзина Оьрсийчоьнан бахархошна, кхин дIа дуьйцу Соколовс.
"Цхьаъ бен доцу, арахьарчу дуьнене кхачон коьрта кевнаш хилла дисисна Мексикехула Американ Цхьанатоьхначу Штаташка воьду некъ. Цундела кавказхойн диаспора де-дийне кхуьуш йу",- дерзийра талламхочо.
- Philippenzo цIарца гIараваьлла, арахь суьрташ дохку Волгоградера Козлов Филипп, гIадужу-беттан йуккъехь Литва дIавахара. Армина "дискредитаци" йарна а, полицино бохург ца дарна а, административан гIуллакхца лацарна а, шен хIусамах хьовсарна а шена кхоазза гIуда тоьхначул тIаьхьа цо сацам тIеийцира дIаваха.
- Муьлш бу уьш – XX-чу бIешерашкахь Францихь нисбелла мухIажарш? Пачхьалкхан истори йукъахь муха лар йитина цара, стенца пайден бу уьш даймахкана? Муха дIатарбелла хийрачу махкахь, шайн идентификалла ларйиний цара? ХIара а, кхиндолу а хеттарш дийцаре дира "Хроника Кавказа" подкастан авторо Вачагаев Майрбека историкца, иконографца Корляков Андрейца.