ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Иэсан Проекто" рапорт арахецна Нохчийчохь нуьцкъала адамаш къайладахарх


Соьлжа-ГIала, 1996-чу шеран чиллан-бутт
Соьлжа-ГIала, 1996-чу шеран чиллан-бутт

Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонашца а, историн иэсца а болх бечу юристийн а, талламчийн а тобанийн инициатива йу - "Иэсан Проект", цара рапорт арахецна Нохчийчохь нуьцкъала адамаш довш хиларх. "Йерзаза чов" йу документан цIе. Бертаза лечкъош нах къайлабахаро церан гергарчеран синошкахь йуьтучу тIаьхьенах лаьцна йаздина оцу рапортехь доккхачу декъана.

Дикаллин социологин некъашца а, гергарнаш лачкъийна, тIепаза байначу 21 зудчуьнца динчу кIорггерчу къамелаш тIехь а хIоттийна бу таллам. Цара массара а дIахьединера Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле шайн нах нуьцкъала къайлабахарх, церан массеран а латкъамашкахула цаьргахьа жоп деллера кхелахоша.

Хеттарш динчарлахь дукхахберш 50 шарал тIехбевлла зударий бу. Царех иссаннан кIант вайна, йалханнан – ваша, веаннан – хIусамда, цхьана зудчун йоI йайнера, кхин а цхьаннан – да.

Респондентийн дийцарша гайтира оцу лазамо царна йитина тIаьхье, талламчаша олу цунах "билгалза зен дар". Цунах Iиттабелла нах "буьсу" оцу хьолехь, и шерашка дахло, доьзалехь тIаьхьарчу тIаьхьенна дIа а луш. ТIепаза вар, цу тIе бертаза шайн стаг къайлаваккхар оцу доьзалан дахарехь уггар а коьрта хилам хуьлу, кхин дIа хан йаккхар а цунах доьзна а долуш.

Къамел динчу зударша билгалйаьхначу проблемашлахь йу, - цайоьрзу цамгарш, хетарехь, психологин лазарша тоьхна, хIусамда лачкъийначу зудчун социалан статус къаьстина цахилар, хIусамден гергарчу нахаца йукъаметтигаш гIоьртина хилар, берийн дола дан бакъо дIайаккхарна кхерар. Ишта цара билгалдоккху, доьзална напха латторан жоьпалла а шайна тIехь хилар, оцу йукъанна вайнарг лоьхуш, дог ца дуьллуш, бакъоларйаран органаша кхерамаш туьйсуш, уьш тIаьхьабуьйлуш – оцу кепара доьзалаш Iедалхоша радикализацин кхерам лаьттачех дIатуху.

ХIинца долчу политикан хьоло байначу нехан гергарчарна гIодан яккхалур йоцу дуьхьало латтошшехь, рапортан авторша цхьа могIа рекомендацеш вовшахтоьхна, царна хетарехь, уьш оьшур йу царна, хьал хийцалахь. Ду царлахь – массарна а гуш-хезаш бакъдар бертаза лецна бигинчу нахана тIехь зуламаш дар, церан талламбар, коммеморацин тайп-тайпана кепаш, кхинболу барамаш а.

  • Гезгамашин-бататахь адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центро рапорт арахийцира Нохчийчохь нуьцкъала нах къайлабахарх. Документа тIехь билгалдаьккхина нуьцкъала адамаш лечкъор даьржина хилар, цунна бехке мехкан куьйгалла хилар, нах лечкъийначарна таIзар цадар, дукха меттигашкахь кхел йоцуш нах байар. Рапортехь билгалдоккхура, нах бертаза лечкъор долийна хилар Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш, хьахийна "бакъо йоцуш нах лецар, къайлах набахтеш, гIело латтор, кхел йоцуш нах байар, шаьш байинчийн декъий къайладахар конвейер тIехь санна нисдина хилар". Нохчийчохь "контртерроран операци" дIахьочу муьрехь, Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш, цул тIаьха хиллачу шерашкахь а – 1999-чу шарера 2009-чу шаре кхаччалц – "Мемориало" охьайаздина бертаза нах лечкъорах 1650 эпизод, оцу йукъанна цхьана эпизодехь лар йоцуш масийтта стаг къайлаваьккхина нисло.
  • Бертаза къайлабаьхначу нехан Дуьненайукъара де ду марсхьокху-беттан 30-гIа. Оцу терахьца доьзна дара Къилбаседа Кавказехь нах лечкъорах, бертаза къайлабахарх, цу кепара гIуллакхаш толлучу заманчохь Оьрсийчоьнан Iедалхоша цуьнан терго цайарх "Верстка" гIирсан майданахь бакъоларйархой йукъа а балийна дийна дийцарш.
  • Къилбаседа Кавказехь, къаьсттина Нохчийчохь, бертаза нах лечкъош хилар масийттаза билгалдаьккхира дуьненайукъара организацеша, доккхачу декъанна, Amnesty International, Комитет по правам человека ООН, Human Rights Watch йукъараллаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG