ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Iилманан-кхоллараллин болх чIагIбар" тIедиллина Кадыровс


Умаров Джамбулат а, Кадыров Рамзан а
Умаров Джамбулат а, Кадыров Рамзан а

Нохчий къам кхолладаларх керла талламаш бе,"массо а агIор нохчийн йукъаралла а, пачхьалкхалла а кхиош" белхаш бе аьлла тIедиллина республикера культурин миистраллина Iилманан академица йукъах. Зазадокху-беттан 1-чу дийнахь цхьа могIа мехкан куьйгалхочо куьйгаш йаздинчу омрана тIехь ду и.

Талламаш бан беза "тIаьхьа-хьалха доккхуш, комплексан а, Iилманан а бух болуш Нохчийчоьнан историх а, цуьнан халкъах а", билгалдоккху документа тIехь. Нохчийн къам а, пачхьалкхалла а толлуш "Iилманан-кхоллараллин болх" 2024-чу шарахь болон дагахь бу –Кадыровс дIакхайкхийра чиллан-баттахь "Историн шо" ду аьлла.

Оцу гIуллакхана леррина кхоьллина урхалхойх лаьтта комисси йолалур йу "дуккха а нах йукъа а балош, барамаш" хIиттон – "уггар а маьIне болчех" тептар зазадокху-беттан 5-чохь кийча хила дезаш ду. Нохчийчоьнан Iедалхойн органашна йоллу тIегIанашкахь тIедиллина "жигара дакъалацар" уьш дIахьочу заманчохь.

"Халкъан бакъйолу истори хIоттон" гIоьртира тIаьххьара Нохчийчохь 2018-чу шарахь: оцу тайпа Iалашо дIахьейира Кадыровс Соьлжа-ГIалахь гулйинчу "Этногенез и этническая итория народов Кавказа" конгрессехь. "Нохчийн халкъан истори Iамош, нохчийн культурин тIаьхье ларйеш" шо хьалха бан болийначу белхан гурашкахь кхайкхийнера конгресс.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхо эргIад вахначул тIаьхьа, экс-министр Мединский Владимир редактор волуш йухайазйира Оьрсийчоьнан XX -чу бIешерийн истори, цу тIехь нохчий а, махках даьхна хилла кхиндолу къам а бехкедира церан мехкаш дIалаьцначу немцойн эскаршца йукъарлонаш лелорна. Хийцарш динчул тIаьхьа керла арахецна киншка йохьуша веара махка дешаран министр.
  • 2022-чу шарера схьа дуьйна махкара Iилманан академин куьйгаллехь ву къоман политикан, арахьарчу зIенийн зорбанан, информацин хилла министр Умаров Джамбулат. Федералан хаамийн гIирсашна йеллачу комментарешкахь цо бакъдора регионехь адамийн бакъаонаш хьешар.
  • Нохчийчохь кхуллуш йу Кадыров Ахьмадан культ – Ичкерин хилла муфтий, цул тIаьхьа Оьрсийчоьно хIоттийна республикин президент, тахана Нохчийчоьнан урхаллехь волчун да ву иза. Кадыров Ахьмадан цIе лелош йу ЦIоьнтара (Ахмат-Йурт), 300 сов урам бу Нохчийчохь а, кхечу регионашкахь а, пачхьалкхашкахь а, Санкт-Петербургера тIай, "Донречфлот" теплоход, маьждигаш а, хьуьжарш а, дешех а, дезачу тIулгех а йина орден, Нохчийчоьнан лаккхара свгIат, орбите хьажийна мини-спутник, Нохчийчохь куп тоьхна, тIеман министраллин а, Росгвардин а 14 дакъа а , полк а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG