ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Имам вийначу Нохчийчуьра вахархочунна 17 шо кхайкхийна


Шамурзаев Турпал-Iела
Шамурзаев Турпал-Iела

Нохчийчуьра вахархо Шамурзаев Турпал-Iела бехке лаьрра Шелковскан кIоштара Воскресеновское эвлахь имам верна, цунна шогачу хьелашкара набахтехь даккхийта 17 шо тоьхна.

Къаьстинчу къизаллица стаг вер аьллачу артиклехула дина ду таIзар, хаамбина Нохчийчуьра Талламан комитетан урхалло. Вийнарг ву – 54 шо долу Гакаев Iабдурахьим.

Талламан версица а догIуш, 30 шо долчу Шамурзаевс имам вийна цуьнан 4 шо долчу кIентан бIаьргашна хьалхха, ша дийриг телефона тIе дIа а йаздеш. Цул тIаьхьа ша зулам динчу меттигера веддера иза шен машенахь, "йуьртара араваьлла хьуьнан асане вирзинера иза, цигахь урс дIа а кхоьсина, гIаш дIаваха дагахь хиллера, луларчу махкахь лачкъа дагахь, амма лецира".

Зулам даран бахьана дара боху урхалло "цуьнца хилла гамо", кхин кIоргера ца дуьйцуш. Иштта билгалдаьккхина дац, Шамурзаевс бехк тIелаьцний а.

Нохчийчуьра Шелковскан кIоштара Воскресеновское эвлан вахархо Гакаев Iабдурахьим вийра дечкен-беттан 14-чохь. Иза вехачу цуьнан керта а вахна, зуламхочо урс детташ видео йаржийра социалан мащанашкахь. Масех чакхарма дехьа жима кIант а ву лаьтташ цу видео тIехь, тIаьхьо къаьстира, вийначун кIант иза хиллийла.

  • ШолгIачу дийнахь лецира иза вийна аьллачу шеконашца Шамурзаев Турпал-Iела. ГIуллакх шен тергоне эцна Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра. Шамурзаевн гергарчара гечдар доьхуш видео дIайазйира.
  • ТIечIагIбазчу хаамашца, коьртаца лазар долуш хилла Шамурзаев, дарбанаш лелийна цо психиатрашна а, молланашна а тIеоьхуш. Гакаев дарбанаш лелош хилла боху, иштта вевзаш хилла хила тарло иза Шамурзаевна. Маршо Радионо йаздира зулам дан цуьнан аравала хила тарлучу бахьанех лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG