Масех Кремлехьа волчу пропагандисто дIахьедира Украинан дуьхьал болийначу тIамехь Оьрсийчоьнан салташна мажош лелор шайлахь дихкина ду аьлла. ТIаьхьо цунах лаьцна вистхилира Пачхьалкхан Думин тIеман комтетан декъашхо Соболев Виктор а. Цуьнан къамелан цIеххьашха тергойира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, цул тIаьхьа бехказавийла дийзира инарлин. Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эксперташа билгаладккхарехь, армихь маж йехка йеза бохуш долийначу дийцарша ма-дарра гойту тIеман министраллин бусулбачу динахболчу эскархошка йолу юкъаметтиг.
"Мажош йаша, месаш тойе, уставан къепе тIеман хьелашкахь а ларйан йеза бохуш, тIетеIа буьйлабелла", - хаамбина пропагандистийн "Неофициальный Безсонов "Z" Безсонов Даниилан телеграм-канало.
Цунах лаьцна йаздо кхин а цхьана "военкоро" Медведев Андрейс. Iедалхошкахьа долчу "Комсомольская правда" газетан журналисто Коц Александра шен публикацихь дIахьедина, "уставан (Оьрсийчоьнан армин. – Ред.билг.) лаамалла туьдуш мах ца хадийна хьаькамаша, буьйр дина гIуллакхдечаьрга тIейогIучу хенахь мажош ма лелайе аьлла, хьехна, масала, "Ахматана" тIера дIадолор".
ХIара информаци бакъ ца йира Донецкера сеапаратистийн лидеро Пушилин Дениса а, Оьрсийчоьнан агIор тIемаш бечу интернационалан "пятнашки" бригадин хьалханчас Авидзба Ахрас а.
Хетарахь, тIемаш бечу агIор болчу массара а мажош йаша йеза аьлла омра дарх долийна дийцарш сацо аьтто хилира, амма РБК-н сайтана йеллачу комментарихь 72 шо долчу инарлас Соболев Виктора – Думера тIеман комитетан декъашхочо- дIахьедира: "Мел чIогIа тIемаш беш велахь а, шена тIехь цIано йан 15-20 минот ца хуьлу аьлла ца хета суна. Нагахь санна иза (эскархо.-Ред.билг.) месаш йахйелла, маж йашанза лелаш хилча, йа салти санна а товш вац иза, йа адам санна а вац".
Соболевна тIетайра оццу парламентан комитетера инарла Заварзин Виктор: "Маж йашар йа цайашар бохург дац иза. Гигиена лело йеза бохург ду".
Думин инарлийн дIахьедаро оьгIазвахийтира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, "ЧВК Вагнер" вовшахтоьхна Пригожин Евгений а. ТIамтIехь маж йашар "доккха хьолалла" ду элира шолгIачо, -динан бахьанашца маж лелон бусулбанаш а, православин а векалш эскархошлахь дуккхаъ хилар билгалдоккхуш.
"Инарла-лейтенантан Соболевн тIедахкарш, - 60-чу шерийн архаика ю, тIеман кхузаманан эрудици цахилар", - аьлла "Путин повар" санна вевзачу бизнесхочо.
"Хьекъал доцуш аьлла лартIахь доцург" ду аьлла Кадыровс инарлин дIахьедар: "Соболевна дукха дика хаьа, хьан, хIунда лелош ю тIемаш боьлхучу меттигашкахь маж. Цундела со баккъал а тешна ву, эскархойн дог-ойла охьатаIо Iалашонца дина и цхьа питана ду аьлла. Тхан командехь 99,9 проценто лелош мажош ю, царна тIехь цIано латтайо, суннехь лелош ю".
Оццул шога шена бехкаш дехкича, инарла Соболев бехказавийла волавелира: ша мажошна дуьхьал вац, эскархойн хатI доцчу вастана дуьхьал ву аьлла, юьхьа тIехь йолучу мажна, мекхна шен претензеш йац аьлла билгалдоккхуш.
Тамашен ду, кхул а масех бутт хьалха Кадыровс ша критика йира йеха мажош лелош, амма Нохчийчуьра маьждигашка ца оьхучу кегийчу нахана – йеха маж йолуш, амма мекхаш даьшнарг республикехь динан радикал хиларан билгало лору.
Кадыровхойн привилегиш
Оьрсийчоьнан юкъарчу армин устава тIехь билггал йаздина ду "шен-шен хена маж йашар, месаш а, мIараш а хедо" эскархойн декхар ду аьлла, амма хаддош маж магош йац аьлла хьахийна дац. Цул совнах, рогIерчу уставан артиклехь боху коьртара месаш а, мекхаш а тодина хила дезаш хиларх, "ша Iалашвен гIирсаш а, герз а лелон" новкъарло ца хилийта.
Оцу юкъанна мажош лело шайн бакъо кхелехь къийса дезара эскархойн. Масала, 224-чу гарнизонан кхело цхьана декъана къобалйира Басараба Русланан иск, эскархойн декъан командиро коьртара месаш дIайаха баьхнера цуьнга, штабан офицерашна хьалха карзах а вохуш. Басарабан агIо лаьцнера кхело, амама куьгалла цунна реза ца хиллера, устава тIехь маж лелор дихкина цахиларх и бакъо эскархошна йелла бохург дац иза аьлла. Оцу юкъанна Санкт-Петербургерчу Малхбузенан гонашкарчу 1-чу тIеман кхело гарнизонан кхелан сацам хийцаза битира.
Цхьана а кхечу декъана, Къилбаседа Кавказера мехкашкара а цхьаьна, магийна дац иштта йаккхий мажош лело
Маж лелор дехкар доккхачу декъанна официалехь а доцуш, армин юкъара унификаци ларйан аьлла дина ду аьлла хета Ставрополера подполковникна, Оьрсийчохь репрессеш лелош низам хиларна шен цIе цайаккхар дийхира цо.
Нохчийн дакъошкахь болчийн мажош юьйцуш, цо билгалдоккху, "Кадыровн, схьагарехь, шен арми йолчух тера ду", духарца а, тIехуларчу вастаца а, субординацица а кхечарех къаьсташ хиларна.
"Цхьана а кхечу декъана, Къилбаседа Кавказера мехкашкара а цхьаьна, магийна дац иштта йаккхий мажош лело. Дагестанера кхелхинчу эскархойн суьрташка хьажахьа- массо а бохург санна мажош йаьшна бу, йа йоца мажош ю", - боху полковнико.
"Сан цхьа комментарий ю. Трибуналах вера вац маж хиларх, йа и цахиларх а", - элира инарлашна а, Кадыровна а юккъехь иккхинчу конфликтех лаьцна бакъоларйаран "Гражданин и армия" юкъараллин куьйгалхочо Кривенко Сергейс.
Чохьара тIом?
Цкъа а цхьа а халкъ шеца нисдеш хилла йац Оьрсийчоь бохуш дуьйцу мажош йехкарх лаьцначу хаамех "Ичкерия" культурин центран куьйгалхочо Исханов Хьусейна.
"Шаьш "эшийначийн" ламасташ, гIиллакхаш цкъа а лорур дац империс. Тахана украинхошца тIом бен эскархошца иштта хила а догIу. Украинехь нах бойуш, къоланаш деш, зударий хьийзош лелачу Оьрсийчоьнан салтийн дайша изза лелийна 30 шо хьалха Нохчийчохь а. Шайн наной, йижарий байинчийн воIаршца тахана белш белшах тесна тIемаш беш бу кадыровхой, цхьа а хIума дага ца догIу манкурташ бу уьш", - билгалдоккху къамелдечо, тIеман министраллина гергахь даим а хетар бу бусулбанаш цхьа шайх къастийна, церан ламасташ тIе а ца лоьцуш аьлла, тIе а тухуш.
Украинехь нах бойуш, къоланаш деш, зударий хьийзош лелачу Оьрсийчоьнан салтийн дайша изза лелийна 30 шо хьалха Нохчийчохь а
"Нагахь санна генералитет баккъал а ларам болуш хилча бусулбанашца, царна жIаран кепехь орденаш лур йацара совгIатна (иштта кеп йолуш ю, масала, Доьналлин орден, Георгийн жIара, тIеман министраллин урхаллин мидалш тIехь а ю жIара.- Ред.билг.) – керстан динан билгало. Цо а цхьаьна дIагойту, шайна хьалхара бала дIахьежочу Оьрсийчоьнан Iедалхойн бусулбанашка хьежам муха бу", – дерзийра цо.
Оьрсийчоьнан тIемалошна лечкъа а ца деш, бIаьргаван ца веза Кадыров а, Пригожин а, билгалдоккху Квропехь куп тоьхначу "Цхьаалин ницкъ" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата.
"Коррупцин пачхьалкхехь бIаьргаш хьаббечу куц лелорца дац баккъал а долу бахьана. Кадыров а, Пригожин а гIерта пачхьалкхан керла политикан васт хIоттон. ТIеман буьйранчаш оцу тIе бевллехь (маж йехкарх дIахьедарш дар.-Ред.билг.), царна юкъахь къийсам чIагIбелла богIу кхин ца хиллал чIогIа", - тIетуьйхира Сулеймановс.
- Инарлица Соболевца хилла конфликт Оьрсийчоьнан лакхарчу тIеман даржхошца дуьххьара йац Кадыровн. Дечкен-беттан 17-чохь цуьнан телеграм-каналехь зорбанейаьккхинчу интервью тIехь, лаьттахула лелачу Оьрсийчоьнан эскарийн хилла коьрта командир "инарла бла-бла-бла" ву элира Кадыровс.
- ГIадужу-баттахь украинхойн Лиман гIала оьрсийн эскарша дIатасарна бехкевира Кадыровс Коьрта тIеман гонан инарла-майор волу Лапин Александр, "похIма доцу стаг" элира цо цунах. Цхьа хан йаьллачу хенахь Лапин Оьрсийчоьнан Лаьттахула лелачу ТIеман ницкъийн Коьртачу штабан куьйгалле хIоттийра.
- Цул хьалха Кадыровс хьулйинчу кепехь критика йира карарчу хенахь оьрсийн эскаран Цхьанатоьхначу тобанийн буьйранча волчу Герасимов Валерийна.