ТIекхочийла долу линкаш

 
Империн политика йа хене вийлар? Къилбаседа Кавказехь белхан меттигаш хIунда йац
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Империн политика йа хене вийлар? Къилбаседа Кавказехь белхан меттигаш хIунда йац


Дагестан, ХIинжа-ГIала
Дагестан, ХIинжа-ГIала

Балха баха меттиг йоцу нах алсам стенгахь бу къасточу рейтингийн хьалхарчу могIаршкахь йу Къилбаседа Кавказ. И терахьаш масийттаза лакхара ду пачхьалкхан йуккъерчу терахьел а. Доьзна хила тарло иза республикаш экономикан агӀор федералан бюджетах йозуш, ткъа церан бахархой – социалан ахчанех боьзна хиларна Москвана пайден хиларца. Иштта билгалдаьккхира редакцица къамел динчара. Iедалхоша бIаьргаш хьаббо, регионера ах гергга бизнесаш шерашкахь «сира» зонехь латтарна, вукху агIор, алапаш лахара хиларна, мехаш дестарна а нах декхаре хуьлу хене бийла цхьа некъаш леха.

Росстатан зерашца, 2024-чу шеран гурахь ГӀалгӀайчуьрчу бахархойх доьалгIа гергга дакъа сов (26%) болх боцуш бисира. Кхузахь буьйцурш бу, официалехь цхьанхьа а балха хӀиттийна боцу, амма белхаш бан хан йолу нах. Цуьнца цхьаьна статистика башха хийцаелла йац тӀаьхьарчу шерашкахь: изза 26% белхазалла дӀайазйина йара иштта 2018–2019 -чу шерашкахь а. Цул тӀаьхьа терахь хьаладелира 30 проценте кхаччалц 2020-чу шарахь, ткъа Украинехь тӀом болийначул тӀаьхьа иза хьалха хиллачу тӀегӀане охьаделира. Оцу заманчохь цхьана а кепара ладаме гӀулчаш йаьхна йац махкахь, масала, цхьа йаккхий заводаш, йа компанеш схьайиллина а.

ШолгӀачу меттехь йу - Дагестан, цигахь 2024-чу шеран гурахь болх боцуш бу аьлла, дIайазбинера 10,5% бахархой. ГӀебарта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Нохчийчохь а и терахь лаьтташ ду 8%. Йуккъерчу барамехь Оьрсийчохь (официалан статистико юкъаэцна аннекси йина ГӀирма а, Севастополь а) 2,4 % бахархой буьсуш бу болх боцуш. Уггар лахара терахьаш ду Москвахь а (0,9%) а, Ханты-Мансийскан автономин гонашкахь а, Амуран кӀоштахь а (хӀора а 1,2%).

Гуш йоцу экономика

Къилбаседа Кавказах йолчу статистиках тоьшийла йац, бохуш комментари йо ХӀинжа-ГӀалахь вехачу публицисто а, юкъараллин жигархочо а, шен цӀе йовзийта ца лиира цунна: "Цо тӀечӀагӀдеш дерг цхьаъ бен дац - Дагестанах болу хаамашкахь кегари а, доьхна хьал а хилар. Алтернативе бозуш боцу талламаш гучу ма-бовллура, официалан терахьашна дуьхьал хуьлу уьш. Республикехь бакъйолу белхазалла вуно лахарчу тӀегӀанехь йу, Оьрсийчоьнан йуккъерчу барамца йуста йиш а йолуш. Бахархойх доккхаха долу дакъа бизнес леллош ду, ткха иза чоьташкахь йазйина ца хуьлу".

Дагестанера мехаш Москварчаьрца дустийла йолуш ду, ткъа цигарчийн йуккъера алапа кхозза лакхара ду

Масала, дукха бераш долчу доьзалшна луш долу доллу ахчанаш дӀакхачорхьама, дай-нанойн ахча лаххара хила дезаш ду. Цундела дуккха а нах балха хIуьтту кехаташ а ца хIиттош, къайлах белхаш беш бу, билгалдоккху тхоьца къамел дечо: "Уьш балхахь боцчу нехан статистикана йукъабоху, ма-дарра дийцича, уьш цхьанхьа балха хӀиттийна боллушехь. Хуьлийла уьш цхьана мастерскойхь, гӀишлошъярехь, сервисийн декъехь, йа таксхо санна болх беш. Масала, балхахь вац аьлла лору стаг хила тарло цхьана кофейнин долахо. Некъаш хийцархьама, йерриг а республикехь юкъаметтигийн система йуха листа йезаш йу, амма федералан центро тамаш бу-кх цу хьокъехь сацам бахь".

Уггаре а лакхара социалан пособеш эца лаам хиларан бахьанех цхьаъ - болх цахилар дац, Къилбаседа Кавказехь луш долу алапаш лахара хилар ду, бохуш кхин дӀа а дуьйцу цо: "Дагестанера мехаш дуста мегар ду Москахь долчаьрца, цигахь йуккъерчу барамехь алапа кхозза лакхара ду. Нагахь санна, хӀинццехь пособешца ден гӀо-накъосталла йукъара даккхахь, цунах массо а нах гIевттина, протесташ хир йу, ткъа цу балхана Кремль кийча йац. Цундела бIаьргаш хьаббо ститистикан башхаллашна а, адамана хене довла таро лучу некъашна а".

Цуьнан ойлана тIетовжу, шен цIе къайлайахьар дехна Дагестанера жигархо а. Цо дагадаийтира, махкара 60 проценте кхаччалц заводаш а, организацеш а къайлах белхаш беш хилар, цу тIе и гайтам шераш дIаэхарх кхин хийцалуш а бац. 2015-чу шарахь изза терахь далийра оцу хенахь регионан урхаллехь хиллачу Абдулатипов Рамазана а, ткъа 2017-чу шарахь территориалан а, экономикан а кхиорехула йолчу министраллин куьйгалхочо Юсуфов Раюдина дIахьедира, 50% кхаччалц экономика къайленехь йу аьлла. Ткъа премьер-министр хиллачу Абдулмуслимов Iабдулмуслими бохура 40-50% "сира" заводаш а, организацеш а йу.

"Оцу йоллу цехашкахь а, йохка-эцаран меттигашкахь а, кибарчик адамаш ду. Республикера бахархой лерича, вуьйцург ву бIенашкахь эзар стаг. Оцу йукъанна болх боцуш бисинчу нахах хIотточу тептаре йазбо, хене бийла беза нах, кепекашкахь оьцу алапа бахьана долуш, пособешка са а туьйсуш. Олийла дац, массо а дагестанхоша пачхьалкх Iехош йу, официалехь балха а ца хIуьттуш, социалан ахчанаш а оьцуш. Дукхахболчу доьзалийн кхин дан амал дац", - бохура къамелдечо.

Дустуш аьлча: 2024-чу шеран дечкен-гIадужу беттанашкахь ГӀалгӀайчохь официалан йуккъера алапа 39 эзар сом дара, шарахь 12% хьаладаьлла бохуш дуьйцу. Нохчийчохь – 40 эзар (10% хьаладаьлла), Дагестанехь – 42 эзар, ГӀебарта-Балкхаройчохь – 44, ткъа Кхарачой-Чергазийчохь – 45 эзар сом.

Уьш Оьрсийчоьнан регионашна йукъахь лаххара терахьаш ду, амма ма-дарра аьлча, терахьаш кхин а ледара ду: "Хроника" а, ExtremeScan а проекташа бинчу талламашца, Нохчийчоьнан а, Дагестанан а 70% бахархойн хӀора доьзалхочунна баттахь тIедогIу ахча 30 эзар соьмал сов ца долу. Ткъа бахархойн кхоалгӀачу декъана хуьлург - 12 эзар сом ца кхоччуш ду.

Москвана пайден ду?

Пачхьалкхан йуккъерчу барамел 12-зза лакхара йолу ГӀалгӀайчуьра белхазалла - Оьрсийчоьно йеххачу хенахь дӀайаьхьначу империн политикан жамӀ ду аьлла, дIахьедира "ГӀалгӀайчоьнан йозуш ца хиларан комитетан" боламехь болчара: "Лакхара белхазалла хиларх пайдаоьцу, дотацеш луш, Кремло "кIелхьарабоху" нах аьлла, кеп хIоттош.

Республика Оьрсийчоьнах дӀакъастаран агӀо лоцучу боламо довзийтира цу политикан коьрта бахьанаш: Москвано Къилбаседа Кавказ дотацин анклаве йерзош йу, цигахь финансийн гӀо кхиарна а доцуш, меттигерчу элитийн тешаме хилар лардарна лелош ду. Бизнесана а, инфраструктурина а, меттигерчу инициативашна а инвестицеш йеш ца Ӏаш, федералан центро регионаш латтайо шайх дозуш долчу хьолехь, шайна дуьхьал уьш несала а бохуьйтуш.

И хьал хийца лууш болчех а цхьана, оцу системин йийсархой хуьлу

"И хьал хийца лууш болчех а цхьана, оцу системин йийсархой хуьлу. Йукъарчу гергарлоне а хьуьйсуш, белхан меттигаш шайлахь дӀасайоькъу. Цу гӀуллакхо кегийчу а, жигарчу а нехан аьттонаш хедабо, шаьш-шайна меттиг лаха гIертарх а церан гIуллакх ца хуьлу",- охьадагардира комитетан векалша.

Дагестанера жигархо Хитинав Ӏумар а реза ву Кремло хаддаза Къилбаседа Кавказехь белхазалла лаккхара латтош йолу политика дӀахьош хиларна.

Цунна хетарехь, 2014-чу шарахь Украинин малхбалехь тӀом балале хьалха федералан центран некъ хьажийна бара "Къилбаседа Кавказан регионаш кхиор сацорна, шатайпаналлин ойланаш цигахь ца кхиийта". 2010-чу, адам "дуьзна" долчу шерашкахь бахархойн аьто бара республикан йозуш цахиларх а, уьш шайн лаамехь йаха йиш йолуш хиларх а лаьцна хIинцачул а жигара дийца.

"Колониалан политико байракхаш а, духарш а бен ца хуьйцу, амма цуьнан чулацам ша ма-барра буьсу. Украинехь тIом болийначул тӀаьхьа Кремло ша къаьсттина Дагестанна гӀортор йо бохуш, моттаргӀанаш лелайора. Амма республикан куьйгалло карарчу хенахь тидам тӀебохуьйтуш дерг дерриг а ду, - дагестанхошна тӀаме вербовка йар а, меттигера нах алсам болчу меттигехь туризман декъера белхан меттигаш нисйар а", -бохуш, дуьйцу Хитинава.

Жигархочо иштта элира, Ӏедалхоша дийриг, паркаш, нехаш дӀакхоьхьу меттигаш, гӀашлойн некъаш схьаделларх лаьцна хаамаш бар ду, амма баккъалла а оьшу экономикан заводаш, йа фабрикаш йелларх, нахана болх бан меттигаш нисбарх лаьцна ца дуьйцу

Къилбаседа Кавказехь ницкъахоша кест-кеста хаам бо бюджетан ахчанца бозбуунчаллаш лелорца доьзна бехктакхаман гӀуллакхаш долорах лаьцна, дукха хьолахь и гIуллакхаш хьакхалуш хуьлу пособеш дӀайаларца. И тайпа гӀуллакхаш дуьхьал дехира Дагестанехь а, ГӀебарта-Балкхаройчохь а, ГӀалгӀайчохь а, цхьадолчу хьелашкахь бӀеннаш миллионаш ахчанаш хуьлура дуьйцурш, дагадаийтира Transparency International – Russia йукъараллин куьйгалхочо Шуманов Ильяс. Цуьнца цхьаьна регионехь официалехь белхазалла хиларан тӀегӀано лач гойту къайлах белхаш беш хилар а, цигахь пособеш дӀадаларе болу хьежамаш мелла а башха хилар а.

ГIоьналлин тIе луш йолу ахчанан пакет санна тIеоьцу пособеш

"И ши агӀо цхьаьнайогӀуш йу, цу кепара ахчанаш схьаэцаран практика йаьржина хилар дIа а гойтуш. Ас республикийн бахархошца динчу къамелашна тIе а тевжина, жамӀ дан йиш йу: пособеш тӀеоьцу, Москван бух боцу ресурс, финансийн гӀоьнан тӀетоьхна пакет санна",- бохуш, билгалдаьккхира эксперто.

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца хиллачу кхеташонехь лахьан-баттахь йийца йаьккхинчех йара белхазаллин тема. Цо дIахьедира, регионехь 80 эзар алапа а луш, гIишлошйарехь белхаш бан меттигаш йу, амма пособеш тIехь Iачу нахана болх бан ца лаьа аьлла. Тхан редакцица къамел динчара кхин бахьанаш дийцира белхазалла латтаран, царлахь дара – кхаъ ца белча, балха дIа ца эцар а.

  • ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь динчу зерашца, Оьрсийчохь тIехь да воцуш бисина доьзална луш долчу пенсин барам бара 15 эзар сом, амма Нохчийчохь а, ГӀалгӀайчохь а иза шозза кӀезиг ду. Социалан ахчанан барам а лахара бу Оьрсийчоьнан юккъерчу барамал Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а цхьа могӀа кхечу регионашкахь, Пенсин а социалан страховани фондан тӀаьххьарчу статистико гайтарехь.
  • 2023-гӀа шо чекхдолуш Къилбаседа Кавказан 6 регион – ГӀалгӀайчоь, Кхарачойн-Чергазийчоь, ГӀалмакхойчоь, ГӀебарта-Балкхаройчоь, Къилбаседа ХӀирийчоь, Нохчийчоь – Оьрсийчоьнан регионийн социалан-экономикан хьолан рейтингехь лахарчу итт меттигехь карийна. Таллам бина РИА Новости олучу пачхьалкхан агенталло. Анализ йира, бахархойн тIедогӀучу ахчанца, декхаршца, белхазаллаца, кегий беран даларан терахьца, адаман дахаран ханца, леларца а, къечу нехан терахьца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG