ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Имуннодефицитан синдром а, коронавирус а. Ши ун ловш ю Къилбаседа Кавказ


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан могашаллин министра Мурашко Михаила дIахьедарехь, Оьрсийчохь "цхьана эшаре доьрзуш ду имуннодифицитан цамгар яржарца долу хьал" – кхаа шера AIDS (СПИД) ун наха лецар лахделла, цул хьалха дIадахначу хIора шарахь иза 85 эзарза карийна хиллехь, хIинца цуьнан терахь охьадаьлла 60-нна тIе. Коронавирус юкъаяьлча лоьраша шайн тергонан шолгIачу могIара СПИД яьккхинехь а, кхузахь коьрта дош лара деза "карийна" бохург. Имунодефицит кхеттачу Оьрсийчуьрчу бахархойх лаххара а 30 процент наханна ца хаьа шайн цамгр муьлхачу хьоле кхаьчна, боху "СПИД.Центр" фондо. Дуьненаюкъарчу имуннодефицит уьнна дуьхьало ечу денна лерина, Кавказ.Реалиино дуьйцу, муха беха, хIун дарба хуьлу СПИД лаьцначу наханна Къилбаседа Кавказехь.

Росстатан терахьаша гойту 2012 шеран бархI баттахь Оьрсийчохь СПИД цамгар кхин а 40 эзар вахархочунна кхетта хилар. Оцу нахах ах гергга бу 14 регионера, шайлахь Краснодар-мохк а болуш. Йисина Къилбаседа Кавказ ю рейтинган тIаьххьарчу могIаршкахь. Оцу рейтингехь ерриг Оьрсийчохьчул тоьлла хьал долчу Нохчийчохь (2019 шеран талламца) 10 эзар вахархошлахь СПИД йолуш карийна 3 стаг, ГIалмакхойчохь – 4, ГIалгIайчохь – 5, Дагестанехь – 6. Ткъа Ростов махкахь итт эзаршлахь хааелла и боьха цамгар 16-зза, Адыгейхь – 14-зза, Краснодар-махкахь – 20-зза.

"Имуннодфицит гучуяккха атта дацарна лахдина ду и ун кхеттачийн терахьаш, ткъа бакъдолу терахьаш статистико гойтучул лакхара ду. Дукха хьолехь керла нах уьнхошлахь карор дац СПИД сиха яржарца дозалуш – масса стаг теллина хьажжина ду", – билгалдоккху "ГIоь оьшу" фондан "Билггал аьлча" цIе йолчу проектан авторша.

ДегIо сагатдан доладалллц стаг ца воьду лоьрашна тIе ша зейта, цундела ца хуьлу статистикан терахьашлахь а.

2020-2021 шерашкахь СПИДца латточу кийсамна тIекхетта кхин а цхьа бала – коронавирус, ткъа цо пачхьалкхерчу лоьрашна вуно боккха болх баьккхина. Могашллин министраллаша сацийра цомгуш болу нах рогIехь дарбан хIусамашка бахар, диспансеризаци яр – оцо алсамъяьккхина СПИД ловш болучаьргара гIело.

"СПИД-центро шен кевнаш дIакъевлина"

Оьрсийчоьнан Къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а пачхьалкхан структрашна ца лаьа СПИД лаьцначу нахаца болх бечу лоьрашца къахьега, боху Краснодарерчу могашалла ларъечу "Равный диалог" юкъараллин куьйгалхочо Прохода Евгенияс.

 Жигархоша мел дийриг цатомаца тIеоьцу, прокуратура я ФСБ арайолу юкъараллахой зен

"Масала, Краснодар-махкарчу Спид-центран а, могашллин министраллин а хьажамаш гарабовлу, юкъарло хаьдда. Медицинан хьакамаш къовлабелла, гуш бац юкъараллина, ца кхойкху тхо цхьаьнакхетаршка. Жигархоша мел дийриг цатомаца тIеоьцу, прокуратура я ФСБ арайолу юкъараллахой зен", – дуьйцу Проходас.

Цо бахарехь. Луларчу Ставропол-махкахь а ду изза хьал, изза ду Астрахан-макхахь а, ГIалмакхойчохь а, цигара жигархой а гIерта болх марсабаккха, амма хьашт дац иза пачхьалкхан хьукматашна, ца бо цара юкъархошца болх.

Коронавирусан пандеми латтачу шина шера чохь муха хийцаделла СПИД йолчу Краснодар-махкарчу нехан дахар, дуьйцуш, Проходас билгалдоккху медикаша имуннодефицит йолчарна ден накъосталла лагIделла хилар а, лоьрашна тIекхача чолхе хилар а.

Халачу хьоле кхаьчна даима а молханаш мийла дезарш, уьш мийлар совцо йиш йоцурш

"Краснодарерчу СПИД-центро кевнш дIакъевлина, молханаш ло кертан йостонца долчу корах ара. Нах цунна реза бац – молханаш луш го юьстахарчу бахархошна, ткъа уьш шайх кхаьрдийла ца лаьа цомгушчарна, оцу бахьаница уьш кIезиг лелабоьлла дарба лохуш", – дуьйцу юкъараллин куьйгалхочо.

Пандеми йолаеллачу хьалхарчу беттанашкахь дарба лелорца хало иккхира Дагестанерчу имуннодефицит йолчу наханна, лоьраш бацара тIелела, молханаш ца лора хеннахь, дагалоьцу СПИДца къийсам латточу "Вешанаш" цIе йолчу юкъараллин куьйгалхочо Гаджиева Сабията.

"Иза цхьамма хIуттаренна дора я болх ледара барца дозура, алалур дац соьга, ковид цIеххьана юьйжира тIе. Амма халачу хьоле кхаьчна даима а молханаш мийла дезарш, уьш мийлар совцо йиш йоцурш", – боху Гаджиевас.

ХIоьттинчу хьолехь гIодира цомгушчарна Дагестанехь жигара къахьоьгучу коммерцех йоцчу секторо – могашаллин министро бинчу кхайкхамца гIевттира сагIадаран юкъараллаш, волонтераш, гIо дора цара СПИД йолучарна молханаш эцарнца, уьш тIекхачорца. Ткъа шайн цомгушчийн аьтто бацара ярташкара ХIинжа-ГIала молханаш схьаэца баха.

…Ткъа цамгаро ца хоржу нах, дика я вон

"И тайпа накъосталла деш тоба ю ватсапехь, могашаллин министр а ву оцу юкъахь, Къилба федералан гонанСПИД-центрера нах а, лоьраш а, студенташ а, шаьш пациенташ а бу. Накъосталла оьшу меттиг йоггIушехь, дIакхайкхадо орца машанехула, министрна ца хууш а ца хуьлу иза. Тхан тоба – шатайпа гIирс бу. Суна хууш, кхечу регионашкахь яц и тайпа машанехула вовшахкхетта тоба", – боху Гаджиева Сабията.

Цо дийцарехь, Къилбаседа Кавказ СПИД кхеттачу наха шайца и цамгар хилар лечкъаде регион ю, нах атта реза ца хуьлу дарба лело, лоьрашна тIебаха. Я цамгарх мукъабийла гIерта пал тосучу наханна тIе а лелаш.

"СПИД нарокоманашний, нахаца лелачу зударшний, гомосексуалисташний бен ца кхета бохучух теша бахархой хIинца а. Со оцу нахах вацахь, суна кхетийла а дац СПИД – иштта ойла лела хIоранца, халахеташ делахь а. Ткъа цамгаро ца хоржу нах, дика я вон", – билгалдоккху "Вешанаш" юкъараллин куьйгалхочо.

Масал далош цо даглоьцу дукха хан йоццуш хилларг: кхо шо хьалха шегара диагоз хиина цхьанна, амма бакъ ца дина цо шена хилларг. Иштта цамгар дIаелла шен зудчуьнга, ткъа шеца ерг яьлла марса. Иза дарбан хIусаме вуьллуш цуьнан дилхан миллиграмца яцара ялх иммунан зарат бен (могуш волчу стеган дилхан декъалгаца уьш хуьлу 500). Иза хIинца халчу хьолехь ву, лоьраш иза денван гIерта.

"Диагноз хIоттийначу медико кхетташ ца дийцина цунна цуьнца дерг. Кхузахь жигара хьаьвза юкъархой, СПИД текхна я токхуш болу нах. Цара кхетабо пациенташ, муха тIеэца еза ирчачу диагнозах йолу информаци, муха ваха веза, муха цамгар лан еза. Стаг оцу Iазапца ша вита мегар дац", – тешна ю Гаджиева Сабият.

Ледара гIо

Пандеми бахьанехь СПИД йолчу нах шаьш бисина хьесап ду шайгарчу цамгарца, лоьрашна тIекхача хала ду, дарба лело а дац атта. Иза иштта ду, тIечIагIдира ГIебарта-Балкхаройчуьрчу "ТIетовжийла" цIе йолчу юкъараллин куьйгалхочун гIовс Назранов Аслан.

Стационаре хьо кхачор вац цамгаро охьавижийна меттиг ца ягIахь

"СПИД хьовха, массо а хIума теттина тIехьа. Масала, наггахь бен нислуш йоцчу цамгаршна дарбадчу лоьрашна тIекхочура лазар гучудоллушехь, ткъа хIинца дIаязло – баттахь хьоьжу. Стационаре хьо кхачор вац цамгаро охьавижийна меттиг ца ягIахь. Бакъду, молханаш ло хеннахь, кхечу гIуллакхашца ледара ду", – боху жигархочо.

Назрановна бахарехь, тоъал дика яц могашаллин министраллин а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан СПИД-центран а юкъаметтигаш. Юкъархоша шаьш кхоьллина пациентан школа, цара дIахьо нах цамгарх кхеторан а, къамелашца гIодаран а болх. Могашаллин министралло СПИДан профилактикна юкъа ца озабо "ТIетовжийла" юкъараллера говзачаш.

"Тхуна хаьа СПИД кхеттачу нахехь хIун бала боллу, тхан векалша а лайна иза шайца. Тхан таро ю кхечарн дерг довзийта, иза гIолехьа ду ченашлахь Iохкур йолу брошюраш арахоьцуш ахча дойъучул", – боху Назрановс.

Ламасташ шога долчу къаьмнашлахь иэхье, маьттаза, боьха лору СПИД кхетар

Ткъа СПИД йолчу нахе гома хьежар, церан къа гуш цахилар – иза Къилбаседа Кавказан башхалла яц, ерриг а пачхьалкхехь изза ду, элира цо.

Ламасташ шога долчу къаьмнашлахь иэхье, маьттаза, боьха лору СПИД кхетар, иза ловш болчу нахе а бу изза хьажам. Къилбаседа Кавказхойн инстаграмехь, кхечу машанашкахь доIанаш до адамаш массо а вочу цамгарех Деле мукъадахар доьхуш, амма хьахош а ца хуулу СПИД.

"Вон цамгарш" – хала дарба далуш ерш ю, масала, кхузаманара цамгарш, рак а, СПИД а ю царех, – яздо цхьана постан авторо.

  • Кавказ.Реалиино хаийтина ма-хиллара, кхушеран бIаьста Оьрсийчоьнан 24 регионехь ца эцна СПИД цамгар йолчу наханна молханаш, царалахь ю Адыгей, ГIалгIайчоь, Кхарачой-Чергазийчоь, Къилбаседа ХIирийчоь, Нохчийчоь.
  • Европан Бартаца дуьстича, Оьрсийчохь 100 эзар вахархочунна юкъахь уьттазза дукха ду СПИД йолучийн терахьаш, боху Роспотребнадзоро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG