ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Инарла Соболевна критика йина Нохчийчоьнан куьйгалхочо, "оьрсийн эскаран авторитет йохорна"


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Пачхьалкхан думан тIеман дуьхьало йаран комитетан декъашхо инарла-лейтенант Соболев Виктор бехкевина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "оьрсийн эскаран а, йерриг пачхьалкхан а авторитет йохорна". Оьрсийчоь Польшина тIелетар йац аьлла цо динчу дIахьедарна дуьхьал йинера цо ишта реакци.

Кадыровс "страусан кепаца" догIуш дIахьедар ду аьлла Соболевс динарг, тIаккха кIилло ву аьлла бехк биллина цунна.

"Соболев воцург кхин а цхьаъ шен ойланашкахь тIамехь эша кечвеллехь, тIаккха полякашна караваха веза-кх, европхошкхьа къамелаш ца деш, оьрсийн эскаран а, йерриг пачхьалкхан а авторитет ца йохош", - дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

"Хаамийн къоман сервисан" журналисташка инарла Соболевс хьалхо элира, НАТО-н декъашхо йолчу Польше чугIортаро КхоалгIа дуьненан тIом гIаттор бу зарратан герзашца, и хилийта хIуттур йац аьлла хета шена Оьрсийчоь бохура. Шех лаьцна Кадыровс дийциначунна жоп делла пачхьалкхан думан комитетан декъашхочо – цуьнан дIахьедар тамашена ду аьлла цо, зорбанаша цуьнан дешнаш харцдина хила тарло аьлла ойла а йеш, иштта дIахьедина цо, "рогIерчу герзаца полякашца дерг къастор тоьлу", амма дуьххьара оьрсийн эскаран ресурсаш меттахIотто йеза.

Дагадоуьйту, Кадыровс хьалхо Польшина денацификаци, демилитаризаци а йан дагахь ву ша элира, Украинера тIом дIабирзача. Цунна хетарехь, Польшан векалша Американ Штаташкара шайна герз дехарна дуьхьал дан деза и.

Дуьххьара дац иза Кадыровс инарла Соболевна критика йеш. Дечкен-беттан йуккъехь, эскарехь мажош ца магорах лаьцна оьрсийн тIеман корреспонденташа баржийначу хаамна комментари йеш, Соболевс дIахьедира РБК-га, "[эскархо] шена тIехь хьожуш вацахь, - и цхьанне агIор товш дац цуьнгахь – стагехь хилча, йа салтичунгахь". Шен телеграм-каналехь Кадыровс и "питна" ду элира, "тIеман догойла гIелйан дагахь долийна".

  • Дечкен-беттан 17-хь шен телеграм-канале хIоттийначу интервьюхь Кадыровс оьрсийн ГIашсалтийн эскарийн коьрта буьйранча хилла волчу Болдырев Владимирах "бла-бла-бла инарла" аьлла. Болдыревс Кадыровх лаьцна дечкен-беттан 10-хь дира къамел. ГIашсалтийн эскарийн куьйгалле Лапин хIотторна комментари йеш, инарлас дIахьедира, маьрша вахархо волчу Кадыровн бакъо йацара цунна критика йан.
  • ГIадужу-баттахь украинхойн Лиман гIала оьрсийн эскарша дIатасарна бехкевира Кадыровс Централан тIеман гонан инарла-майор волу Лапин Александр, "похIма доцу стаг" элира цо цунах. ТIаьхьо Лапин оцу даржера дIаваьккхира.
  • Цул хьалха Кадыровс хьулйинчу кепехь критика йира карарчу хенахь оьрсийн эскаран Цхьанатоьхначу тобанийн буьйранча волчу Герасимов Валерийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG