ТIекхочийла долу линкаш

 
Инарлин чин делла Путина Оьрсийчоьнан парламентан депутатана Делимханов Адамна
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Инарлин чин делла Путина Оьрсийчоьнан парламентан депутатана Делимханов Адамна


Adam Delimkhanov
Adam Delimkhanov

Оьрсийчоьнан президенто тIеман "инарла-майоран" чин делла Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан думехь депутат волчу Делимханов Адамна. Цунах лаьцна хаамбира Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехь.

"Йоккха авторитет" йолуш, "лараме" ву Делимханов – Нохчийчохь вевзина ца Iаш, доллу дуьненна а гIараваьлла стаг ву иза, йздина Кадыровс. Цо билгалдаьккхина, Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал болийначу тIамехь цо дакъалацар а.

Оьрсийчоьнан Турпалхой а, инарлаш а бу ДелимхановгIеран кхуьй а ваша: "Оьрсийчоьнан бакъболу патриоташ бу уьш, шайн цIийца шаьш тешаме хилар тIечIагIдина цара", - билгалдаьккхина цо.

Делимханов – Кадыров Рамзанан ненехула гергара стаг ву, цуьнан цхьахволу уллора бIанакъост а ву. 1990-гIа шераш довш Ичкерин гIаттамхойн командир хилла Радуев Салман дIасалелош хилла ву иза. 1999-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскарш Ичкерина тIелетачу заманчохь шен вежаршца цхьаьна, тахана мехкан урхаллехь волчу Кадыров Рамзанан ден Кадыров Ахьмадан агIор велира иза.

2006-чу шарахь Пачхьалкхан думин депутат хинверг шеконашка ийцира, Москвахь ФСБ-н подполковник, нохчийн "Ламанхо" тобанан командир, Кадыров Рамзанца девнехь хилла Байсаров Мовлади вийна цо аьлла. Иштта иза вузура ши ваша верца а – Оьрсийчоьнан парламентан депутат Ямадаев Руслан а, "Восток" батальонан хилла командир Ямадаев Сулим а.

2007-чу шарахь, Кадыров ханна президентан декхарш кхочушдан хIоттийча, республикин цIарах думехь депутат вира цунах, хIетахь дуьйна оцу статусехь а ву иза. Оцу йукъанна, ша депутат лаьттинчу 15 шарчохь, Пачхьалкхан думин низамаш дохучу базерчу хаамашца, 19 низамаш дахаран инициативийн бен автор а, соавтор а хилла вац иза. 2017-чу шарахь РБК ресурсо "тийна депутат" элира цунах: оцу шарахь парламентхочо цхьа а низаман проект йукъайаьккхина йацара, цхьана а коллегийн инициативех кхетта вацара, пленаран кхеташонехь дош аьлла а вацара.

Оьрсийчоь тIамца Украине чугIоьртинчул тIаьхьа оцу сохьта республикера дакъойх дIакхийтира иза. Кадыров Рамзанан "тик-токан" эскарийн командир олура цунах, билггалчу тIамехь политико дакъалаьцна цахилар, тылехь герз карахь кеп хIиттор къедош.

2021-чу шеран манагл-баттахь Оьрсийчоьнан политико Яшин Ильяс "пачхьалкхан уггар а кхераме депутат" ву иза элира.

  • Тахана Делимхановн дуккха а болчу гергарнаш республикехь цхьамогIа даржаш дIалоьцуш бу. Цуьнан шича Геремеев Сулейман – Оьрсийчоьнан Федералан гуламан Нохчийчуьра декъашхо ву. Цуьнан вешех цхьаъ, Делимханов Алибек, Оьрсийчоьнан къоман гвардин Къилбаседа Кавказерчу эскаран гонан буьйранчан хьалхара гIовс, инарла-лейтенант, Оьрсийчоьнан Турпалхо ву; шолгIаниг, Делимханов Шарип, Нохчийчуьрчу МВД-н хадаран Урхаллин мехкадаьттан а, газан а объекташ ларъеш йолчу полицин полкан буьйранча, республикехула йолчу Росгвардин урхаллин куьйгалхо, полицин инарла-майор ву.
  • Оьрсийчоьнан политик Немцов Борис вуьйш цо дакъалацаран тоьшалла дина дац, амма оцу гIуллакхехь масийттаза йаьккхира цуьнан цIе. Цуьнан вешига Алибеке а, гергарчу Геремеев Руслане а, Сулеймане а хеттарш дайта гIиртира адвокаташ, амма царех цхьа а кхеле ца веара.
  • 2014-чу шарахь Американ финансийн министралло санкцеш кхайкхийра Делимхановна дуьхьал, "Братский круг" олучу зуламхойн тобанца и воьзна хилар а, узбекхойн криминалан хьалханчан Рахимов Гауфан омраца иза лелаш хилар а чIагIдора цара.
  • 2022-чу шеран аьхка Делимханов Адамна дуьхьал рогIера санкцеш йехира, цо Украинерчу тIеман тийсдаоаршкахь дакъалацарна. Путинан политика жигара къобалйарна, къаьсттина Украинерчу тIамехь дакъалацарна а, 2022-чу шеран товбеца-беттан 22-хь Евроберто а санкцийн тептаре ваьккхира иза. И воцург, цуьнан вежарий Шарип, Алибек и кхечира тептаре.
  • 2022-чу шеран гIадужу-баттахь Делимханов Адам а, цуьнан кхо ваша а Украинан санкцешна кIел нисвелира, пачхьалкхе оьрсийн чугIортарехь дакъалецначу наханна дуьхьал йаьхна йара уьш.
  • "Коррупцица къийсам латточу Фондера" Навальный Алексейн накъосташа марсхьокху-баттахь "тIом марсабаккхархойн" тептар арахийцира, цига юкъахь ву Делимханов а. Тептар хIоттийнарш тешна бу, дерриг дуьненарчу нохчийн диаспоршна куьйгалла деш ву иза, "криминалан а, экономикан а потенциалах" пайда а оьцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG