ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Инарлин чинаш делла Путина Къилбаседа Кавказера эскархошна – Украинаца тIом бечарна


Делмханов Шарип
Делмханов Шарип

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира инарлин даржаш декъна цхьа могIа эскархошна а, Къоман гвардин белхахошна а, кхечу ницкъахошна а. Верриг а тептарехь ву 60 эпсар, бу царлахь Украинерчу тIамехь дакъалаьцна Къилбаседа Кавказера бахархой а. Омра зорбане даьккхина официалан бакъонийн актийн сайтехь.

Инарла-лейтенантан чин делла Путина Нохчийчуьра вахархочунна Ахмедов Сухрабна. Иза вевзаш ву Орсийчоь Украинана тIелеттачул тIаьхьа 2023-чу шарахь цо омра дарца, Луганскера Кременнойн кIоштахь эскархой дIа а хIиттийна, ша "ира-карахIиттош" къамел даллалц собар де аларца. Шина сахьтехь лаьттинера нах, эххар а ВСУ-н эскархоша HIMARS ракета тоьхнера нах гулбеллачу оцу меттиге, хаамбира украинхойн "New voice" хьасто.

Инарла-лейтенан дарж делла Делимханов Шарипана – Нохчийчуьра Росгвардин урхаллин куьйгалхочунна, Оьрсийчоьнан парламентера депутатан Делимханов Адаман вешина. Иза а ву Украинехь тIом бина.

Къилбаседа-Малхбузен гонашкара эскарийн куьйгалла дечун гIовсана, Къилбаседа ХIирийчуьра вахархочунна Кантемиров Русланна а делла инарла-лейтенантан чин. 2022-чу шеран лахьан-баттахь Архангельскехь совгIаташ дира цо Украинаца бечу тIамехь "билгалбевллачарна" мидалшца а, орденашца а.

  • Делимханов Шарип а, цуьнан ваша Адам а Евробертан санкцеша лаьцна ву Украине гIортарна. Цул совнах, Делимханов Адам бехке лоруш ву оппозицин политик Немцов Борис а, Орсийчоьнан думин хилла депутат Ямадаев Руслан а, цуьнан ваша а, иштта лачкъийна оппозицин каналан чатан модератор Тепсуркаев Салман верна а.
  • Делимханов Шарипана йелла ишта Нохчийчоьнан турпалхочун цIе а. Цул совнах, "совгIаташ кхачийра" масех Кадыров Рамзанан гонерчу нахана: Немцов вийна цо аьлла, шеконаш йолчу Геремеев Русланна а, Кадыровн "киллер" аьлча дика вевзачу Росгвардин полкан командиран гIовсана Рашаев Султанна а, ОМОН-н мобилан тобанан командирна Бисаев Анзорна а, иза бехкевира Украино Киевн кIоштахь кхиазхочунна тIехь гIело латторна. Ишта Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министраллин санкцийн тептарехь волчу Куьрчала кIоштан полицин декъан хьаькамна Агуев Рустамна а; Нохчийчохь чоьхьарчу гIуллакхийн министр лаьттинчу Алханов Русланна а, Украинехь тIом бинчу Ибриев Тимурна а, Мусаев Iелина а. Кадырорвн дешнашца, царна совгIат дина "Даймахкана хьалха хьакъ хиларна".
  • Украинан кхерамзаллин урхалло толлуш ду Делимханов Адаман хьокъехь гIуллакх. Иза бехкево пачхьалкхан дозанаш хуьйцуш йукъахь хиларна а, Оьрсийчоьно герзашца йина агресси къобалйарна а. "Кадыровн уллорчу гонера ву хьаькам. Цуьнан омраца пачхьалкхана чугIоьртинчу юьххьехь веана иза ханна дIалаьцначу Донецкан кIоштан декъа тIе", - чIагIдо СБУ-но.
  • Цул хьалха Украинин президента Зеленский Владимира омра арахийцира, оьрсийн чугIортарехь дакъалаьцна болчу наханна дуьхьал санкцеш йохуш, - тептаре Делимханов а кхечира, цуьнан кхо ваша а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG