ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Аушев Руслан реза ву президент хΙотта


Аушев Руслан
Аушев Руслан

ГΙалгIайн жигархоша шайн махкарчу бахархошкара 60 эзар хиллал куьйгаш лахьийна гурахь хила безачу президентан харжамашка Аушев Русланан кандидатура хьалхатоттуш. 12 шо хьалха шегахь хиллачу ГΙалгΙайчоьнан куьйгалхочун дарже юхаван резахилла ша Аушев а. Амма могуьтур дуй цунна Кремло оцу дарже хIотта боху хаттар гIотту Аушев Iедале юхаван тарло бохучуьнца цхьаьна.



Деношкахь, аьлча а, шоьтан дийнахь дерриг къоман гулам бу ГΙалгΙайчохь дΙабахьа кхайкхийна. Ши хаттар ду оцу барамехь луьстуш. Хаьлахарниг - Нохчийчоьнний, ГΙалгΙайчоьнний юкъара дозанаш, шолгΙаниг - гурахь мехкан президент хийцалуш, муьлха некъ аьттоне бу керла куьйгалхо билгалваккха - даима а санна, и гIуллакх Путина шен карахь дитар я къомана харжам бан магор.

Дозанех дерг аьлча, гΙалгΙай реза бац Нохчийчоьнан администратора Кадыровс Рамзана а, парламентан дас Абдурахманов Дукавахас а шайн бустамашца шина махкана юкъа тоьхначу зилна. И хаттар луьстуш, кхеташ ду, дуккха а нохчашна дуьхьал луьйцанаш гуламехь бохург хилар а, Кремле дΙахьедарш гуламхоша дийриг хилар а.

ШолгΙа хаттар а ду хьалхарниг а санна къоман кхолламах гергга дозуш – мила хир ву мехкан да, я вайнаха еха ойла а ца еш ма-аллара – керла паччахь.

Аушев Руслана ша «Дождь» (нохчийн матте даьккхича – «ДогΙа») телехьожийлехула дΙахаийтина шинарий дийнахь, ша тΙеоьцу элира наха шега доьхург – реза ву президентан дарж къовса, аьлла.

Гуламехь дийцаре дендолчу шина а хаттаран хьокъехь Маршо Радионо, хетарг алар доьхуш, зΙе туьйхира гΙалгΙайн жигархочуьнга, Ιедалшца, цаьргара юьйлу аьлла шена хетачу харцонашца кху маситта шарахь, вала санна, къийсалучу Хазбиев Мохьмаде.

Амма гучуделира тхуна, Хазбиев ша а харжамашка, нагахь санна уьш хилийта Кремл дуьхьал ца ялахь, ваха лерина вуйла, цунна а президент хила лууш хилар.

Оцу хьокъехь а, шеца дарже къовсавала тарлучу Аушев Русланах а лаьцна цо иштта дийцира.




Иштта ю Хазбиев Мохьмадан ойла. Кхеташ ду цо шерашкахь схьабахьачу къийсаман хотΙе хьаьжча, иза я Путинна а, я Москох кхечу пачхьалкхан дайшна а товш воцийла. Цундела тамаша бу Хазбиев, иза мел цΙена а, къомах дог лозуш а патриот велахь а, президентан дарже кхачийтахь.

ШолгΙачу хаттарх – гΙалгΙашна шайн нохчашца долчу дозанах лаьцна, аьлча а, и хаттар кегор а, ахкар а шена хетарг а довзийтира Маршо Радиона оппозиционера Хазбиев Мохьмада.





Дозанах дерг а, президентан даржаца дозург а мехала ши хаттар ду тахана гΙалгΙашна. Ткъа хΙун Ιалашонаш юхьаралоцур ю, ша нагахь санна хьалхачул кху массо а хΙума хийцаделлачу заманахь президентан дарже кхачахь Аушев Руслана бохург а ду хаа оьшучех хаттар. Аушевс ша резавоцийла хаийтира «Дождь» телехьожийлехь къамел деш Оьрсийчоьнан таханлерчу Кавказан политикана. Цунна хетарехь, къиза а, халкъан дагахьажина доцуш а хΙума ду Кремло Кавказехь латтабе тΙемаш, масала.

Изза элира цо хьалхо Маршо Радиоца къамел деш а – нийсо, нийсо яц Москохара Кавказе кхочуш, аьлла.




Ιедалехь хилла а воцчу жигархочул Хазбиев Мохьмадал башха, Кремлана цунна ма-оьшшу мутIахь хир вац ша юха а президентан дарже кхаьчча Аушев Руслан. Цундела цхьа Ιаламат тамаше хийцам босса беза Оьрсийчоьнан политикийн, аьлча а, президентан Путинан коьрте, оцу шиннах муьлххачух а ГΙалгΙайчоьнан куьйгалле кхача, аьлла хета юьстахарчу тергамхошна.
XS
SM
MD
LG