ГIалгIайн оппозицино "хIуй кхайкхийна" шайн оппоненташна
Нохчийчоьнца доза къастош хIоттийначу берто юкъаметтигаш эгIийна ГIалгIайчоьнан куьйгалхойнний, цигарчу оппзозицинний. Нохчашна лаьттан асанаш юхалуш дакъалаьцначарна дуьхьал "халкъан кепаш" йоху оппозицино.
Уггаре боккха Iаткъам лов оцу тIегIанахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека – иза "къомах дIахадийна" (ткъа кхушеран бIаьста мехкан муфтиято шен сацамца "бусулба динах ваьккхира" иза). "Я къам а, я дина а доцург" ву хIинца мехкан администратор.
Бахначу беттан 27-чохь Магасерчу митинго "къам доьхкинчийн" могIаршка ваьккхина министрийн кабинетан а, парламентан а ши куьйгалхо – Евлоев Зеламха а, Яндиев Мохьмад а.
Оццу митингехь шен тайпанах -Лемойх - "дIахадийна" Петарбухахь Конституцин кхелехь, нохчашца лаьттах долу документ хIоттош Евкуров хIуманна а тIехь гал ца ваьлла аьлла волу Добриев Назир.
Тайпанах ваккха там болуш, цкъачунна кхерам тесна, витина вице-премьер Латыров Исрапил.
СултыговгIеран декъара "яьккхина" ГIалгIайчоьнан Халкъан кхеташонан депутат Султыгова Марифа а, цуьнан майра а.
Орстхойн тукхумера "воссийна" оппозицино Алкун юьртара имам Цечоев Ахьмад а - доза къастош хIиттийначу документашкахьа вистхилла иза а.
НальгиевгIеран тайпан векалша шайх вац, аьлла, "юьставаьккхина" парламентан депутат Нальгиев Руслан. Изза таIзар кхаьчначех ву кхин а массех депутат.
Магасерчу гуламхоша "хIуй кхайкхош" юьстах ца бисина нохчий. Дозанах дерг социалан машанашкахь шена ма-гарра тидинчу юкъархочунна Успанов Юнина тиллина "къоман мостагIчун" цIе. Ша ХIирийчохь вехаш хиларна "бехке" хила а тарло иза - аттачех яц гIалгIайн, хIирийн юкъаметтигаш а.
Бакъду, "къомах хадор", "динах вохор" тIех гена долу таIзар а дац ГIалгIайчохь. "ДIаваьккхина", "вохийна" волу Евкуров лела официалехь визиташка, нахаца цхьаьнаветтало, аьрзнашна жоьпаш ло, кадамаш бо, цунах цхьа а ца къехка – иза шен балхахь ву. Иштта беха махкахь кхиболу "дIахедийнарш" а.
Делахь а, оцу кепарчу тIеIаткъамо а йохьу гIело массо а вовшашна вевзачу ГIалгIайчохь. Масала, деношкахь Магасан мэро Цечоев Беслана сацийна хилла урамехула воьду Добриев Назир, юьхьъяхна нахана юккъехь, дозанашца йоьзна позици бахьанехь. Цул массех бут хьалха а вара Добриев ша Iедало хьийзаво бохуш леткъаш.
Дозанашна резаболчу нахаца ша латточу къийсамехь харц го махкара оппозици дуккха а гIалгIашна. Республикехь къам чIагIден, къомо исторехь баьккхина меттиг айбен мур хIоьттина. Цуьнца доьзна даржочу къамелашкахь, йозанашкахь хаало ксенофоби. Оппозицин лидерша шайн кхайкхамашкахь хьехадо "цIена цIий", зударий кхечу къоман нахе баха торуш дацар, гIалгIай ша-тайпа деза къам хилар, цунна тIехь шенна къастийна уггаре деза историн дукъа хилар.
Шен къамелаш оцу хорша дерзош хьийзачу гIалгIайн оппозицино шех къахкош бу шегахьа хилла махкара а, арахьара а тергамчаш. Ала дашна, дозанах бина барт емалбеш, дерриг а нохчийн къоманна лер бахьана долуш, оппозицино шех дIакъахкийна юьхьанца шех дог лозуш хилла, Кадыровца юкъарло лелош боцу нохчий.