Зазадоккху-беттан 26-чу дийнахь рогIера гулам хIоттийра ГIалгIайчоьнан оппозицино. Протестхой реза бац мехкан Iедало тIеэца кечдинчу референдумах долчу низаман проектна - Евкуровн администраци шен карадерзо гIерта мохк хийца а, кхечу регионах дIатоха а йолу бакъо, боху гуламхоша.