ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кибер-маршо мархйоккхуш а догIу де...


Цензурана дуьхьалояран гуламера, Москох, 2012
Цензурана дуьхьалояран гуламера, Москох, 2012

Дуьненаюкъара кибер-маршонан де ду Зазадоккху беттан 12-гΙа де. Интернетехь нахана парггΙат юкъарлонаш лелон аьтто беш къастийна иза ЮНЕСКО-но 2008-чу шарахь. «Дозанаш доцу репортераш» цΙе йолчу журналистийн юкъаралло шарахь цкъа арахоьцу «интернетера маршонан мостагΙий» бовзуьйту «Ιаьржа тептар». Цуьнан хьалхарчу могΙаршкахь хΙоразза а нисло Оьрсийчоь.



Пачхьалкхашлахь интернет-маршонан мостагΙийн ши гара ду, «Дозанаш доцчу репортер» юкъаралло бахарехь. Махкашкара ерриг интернет шен куьйга кΙел эцна хьийзаш ду цхьа гара. ШолгΙаниг ду, кибер-аре тергонехь а кхобуш, цучуьра шена товш боцу нах дΙалехьош.

Интернетан луьра мостагΙ Китайра Ιедал ду. Оьрсийчоь шолгΙачийн масал ду, ЮНЕСКО-но тоьшалла дарехь. Китайно деккъа дΙа цхьана дехкарца дΙаяьккхина шен бахархошкара маршо. Ткъа Оьрсийчоьно ю, боху, нехан интернетехула парггΙат хетарг, гург, луург дийца бакъо, амма цо лерг диллина терго йо хьан хΙун, муха олу.

Китай, ГΙажарийчоь, Шема, БахΙрейн, Вьетнам ларало уггаре шуьйра кибер-къоланаш дан а, интернетехула нехан ойланаш долаяха а марзъеллачу пачхьалкхех.

Китайхь дуккха а лоьцу интернетехь Ιедална хьашт доцург дуьйцу нах. Оьрсийчоьно а лоьцу уьш, Китайна дукха тΙаьхьа ца юьсуш.

Рунетна, аьлча а, Оьрсийчуьрчу интернет-машана чΙада тоха бакъо елларш, кхеташ ду, ФСБ а, цуьнца йозу а Ιедал Ιалашден хьукматаш ю. Царех дукхахйолучара къайлаха бо шайн цензура латторан болх – дΙакъуьйлу товш йоцу сайташ, хедайо зуламе шаьш лору тексташ.

Карарчу ханна Оьрсийчохь ткъеха сов ю официало экстремистийн ю аьлла цΙе тоьхна йихкина юкъарлонаш, иштта зуламе лоруш ю церан сайташ а. Уьш доккхачу декъанна Ιедало харц лоручу керста а, бусулба а динийн гаранаш леладен юкъараллаш ю. Церан декъахь ю Кавказ-Имарат а, дуккха а жамаΙаташ а.

Ιедалша интернетехь маьршша хетарг аларна лецначу нехан чот а ю Оьрсийчохь кхуьуш. Къаьсттина луьра а, сема а хьийза интернетера «экстремисташ» а, «террористаш» а дΙалехьош Къилбаседа Кавказера кибер-цензорш.

Дашна ала, дахначу шарахь ГΙебарта-Балкхаройчоьнан полицино дΙахьедира, ша маситта эзар вахархо Ιораваьккхина шайн макахошлахь экстремизме ойланаш интернетехула яржош, аьлла. «Одноклассники», «Фейсбук», «Вконтакте», уьш санна кхийолчу а интернетерчу социалан машанехь маьршша хетарг дΙасаязден кегийрхой бара буьйцурш. Царех массех стаг бехктакхаме а озийна Нальчикехь.

Изза хьал ду Дагестанехь а, Нохчийчохь а.

Деношкахь Терйистехь лаьцначуьра дΙахийцира Ιедалша интернетехь шена паргΙато ю аьлла хеташ хилла цхьа жима стаг. Иза муха нисделла, хΙун дара дагадоуьйту вайна Маршо Радион корреспондента Хасимиков Ιусмана.

Хасимиков: " Ша маьрша ву а, цу декъехь шена маршо ю а моьттурш, дукха хьолехь, кегийрхой бу. Жимма а хьекъало сагатдеш волчунна моттане а ца моьтту Нохчийчохь интернетца маршо ю. Кегийчарна ца хаьа шайна тIебазбелла мел кхерам бу.

18 шо долуш жима стаг ву лаьцнарг. Суна дукха хан хьалха бевзина нах бу цуьнан да а, девежарий а, нана а, къинхьегамхой, даима а гIишлош еш, болх беш. ХIокху 18 шо долчу кIанта "Одноклассники" чохь цхьана тIемалочун сурт хIоттийна шен агIон чу. Цхьамма иза дIадаккха аьлла. Кхо ца даьккхина. Вукхо, хьо стаг велахь, хьайн цIе йийца, аьлла - дIайийцина. ШолгIачу дийнахь еъначу полицино лаьцна, итт дийнахь етташ а кхаьбна, цIаваийтина.

Иза доцуш а шорта ду масалш. Маьрша дац, цхьана а агIор маьрша дац. ХIумма а ала а маьрша дац, дийца а маьрша дац. Ма-дарра хьайна гушдерг дийцар - хьо мостагI санна туьду-кх кхузахь".

Интернет - шен билгалваьлла да а воцуш, электронан маша хилар Оьрсийчохь цатовчу хьаькамийн могΙарахь кхерамзалла ларъен хьукматаш хилла ца Ιаш, бу дуккха а политикаш а, Ιедалан дай а. Президента Путин Владимира, масала, ши кΙира хьалха, ша ФСБ-н куьйгалхошца кхеташо дΙахьош, уьш декхаре бира ша экстремисташ лоручу нахана интернетах пайдаэцар дехка. И болх дΙахьош цо магадо ФСБ-на, кхелан сацамашка а ца хьоьжуш, сайташ дΙакъийла.

Масех шо ду Европан а, Ιаьмеркан а, кхечу континентийн а пачхьалкхаш интернетах пайдаэцаран, аьлча а, дехкарш даран юкъара кеп яржон гΙерта. Амма ца карийна царна барт хΙинца а. Цхьанатоьхначу Штаташна хетарехь, адамашкара дешан бакъо дΙайоккхуш нисло Китайно я Оьрсийчоьно ма-баххара кибер-цензура юкъаяьккхича. Ткъа вукхарна хетарехь, Штаташа тΙех сов маршо ло нахана интернетах пайдаэцарехь.

Юкъара сацам хилла бацаро куьйгаш даьстина Китайн а, Оьрсийчоьнан а. Оцу шина пачхьалкхо юкъахь кхоьллина, я юьстахара оьцуш ю хΙинца интернет луьтту технологеш. Царна хьежадо шайн бюджеташкара миллиардаш долларшкахь ахча.

Хьоло гойту Советан Ιедал доьхначул тΙаьхьа Оьрсийчохь цензура йоцуш лаьттина зама исторехь юьсуш юйла. Газеташ, телевидени, радио информаци яржорехь еккъа шаьш бен хьостанаш а йоцчу хенахь лийлира Ιедало кхоьллина цензуран урхаллаш. Амма интернет, тΙехь и тайпа Ιу а воцуш дуьнентΙеялар – иза нонсенс яра. ХΙинца иза а шен меттахΙуттуш ду – аьлла дош, къадийна ойла, тусаелла маршо дΙахадош, дΙаюкъуш, интернет шайн караерзор ю кху дуьненан мукъ шайгахь болчу буьйранчаша – пачхьалкхашкарчу Ιедалхоша.

Цундела хаа ду Нохчийчуьрчу маршоезархошна а – верийлаш, терго еш хилалаш шаьш-шайн! Компьютер а, йоза ден гΙирс а, шаьш диса биъ пен а шайн долахь хиларх, ма мотталаш шаьш хетарг ма-дарра дΙасадаржон маьрша ду! Кхочур ду цхьана къорачу буса, я шийлачу Ιуьйранна шун неΙаре кибер-маршо шуна марах йоккху Ιедал.
XS
SM
MD
LG