ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iовхойн кIоштара бохийначийн хIусамаш схьайехна Нохчийчоьнан Iедалхоша


Даудов Мохьмад
Даудов Мохьмад

Сталина депортаци йечу хенахь Iовхойн кIоштара бохийначу нехан цIенош юхадерзаде аьлла, тIедожийна Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада. Цунах лаьцна дIахьедина цо, 1944-чу шарахь нохчашна а, гIалгIашна а депортаци йарна леринчу тезетан барамехь. Кавказ.Реалии редакцин хаамашца, хьалха республикехь шайлахь оцу денна лерина барамаш хIиттор дихкинчу нохчийн Iедалхойн дуьххьарлера диллина дIахьедар ду хIара, махках баьхначийн хIусамаш схьало аьлла тIедожош. Iовхойн кIоштан декъара латтанаш тахана Дагестанан Новолакскан кIошта юкъа догIуш ду.

"79 шо даьлча а тхан цхьаболчу вежаршна – нохчашна а, гIалгIашна а – депортаци тахана а йирзина йац. Ша бакъйолчу ссылкехь бу уьш тахана а. Ас буьйцурш Iовхойн кIошт лаьттинчу меттигера вежарий бу, иштта ГIалгIайчуьра а", - дIахьедина нохчийн политико.

Оцу хIусамашкахь бехачаьрга кхайкхамбина цо, "Делах кхера" аьлла, 1991-чу шарахь тIеэцначу "Репрессиш йинчу къаьмнашна реабилитаци йарх" федералан низамна тIе а тевжаш.

Iовхойн проблема лаьтташ ю 1944-чу шеран чиллан-беттан 23-чу дийнахь нохчашна депортаци йича дуьйна. Iовха юхаметтахIотторехь уггар а къовсаме йолчех ю ши эвла, Калининаул (Юрт-Iовх), Ленинаул (Акташ-Iовх) а. Шина нохчийн Iовхера тайпанан дай – Аьккхий а, Пхарскхой а баьхна ши юрт ю и шиъ. 1991-чу шеран мангал-баттахь республикан халкъан депутатийн Съездехь сацам тIеийцира кIошт юхаметтахIоттош, делахь а сацам кхочуш ца бира шен хеннахь и гIуллакх кхочуш ца дарна а, оцу меттигашкара лакцаш дехьабаха тоъал ахча ца хиларна а.

2019-чу шарахь Нохчийчоьнна а, Дагестанна а юкъахь дов иккхира, мехкийн латтанаш бахьана долуш. Юьхьанца социалан машанашкахь видеоролик гучуйелира, Кизляран вахархочо йаьккхина, цу тIехь йина билгало йара, и доза нохчийн ду аьлла. Цул тIаьхьа меттигерчу бахархойн тобано и билгало дIайаьккхира. ТIаьхьо билгало юха а меттахIоттйира, ткъа шина республикана юккъерчу дозанан демаркацин хеттаршна юкъагIоьртира Даудов Мохьмад.

ТIаьхьо, 2021-чу шарахь меттигерчу Iедалхошка хаийтина хIума а доцуш, Дагестанера Бенойн БойсгIаран коша тIе бахара нохчий говрашкахь. Дагестанехь резонанс гIаттийра оцу акцино, Соьлжа-ГIалахь бистхуьлуш. Информацин министро Дудаев Ахьмада "манипуляци" ю элира "говрашкахь буьйлабалар" цхьана Iалашонца дина хIума ду аьлла дийцар, Дагестанерчу дозанашца доьзна хIуммаъ дацара элира цо.

2012-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана стигалкъекъа-беттан 10-чу дийне дIатеттира иэсан а, тезетан а де, шен ден тезет хиллачу денца нисдеш. И бахьанехь официалехь доцуш дихкира республикехь тезетан барамаш хIиттон, махках баьхнарш дагалоьцуш. Хьал хийцадала доладелира 2018-чу шарахь: хIетахь Iедалхоша дийцадаьккхира, трагеди хиллачу Хьайбахахь мемориал хIоттон йеза бохуш. 2019-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь дIахьедира, и де "бохаман де хилла дуьсур ду дуккхаъчу нохчийн тIаьхьенна" аьлла, "Сталинан-Бериян йамарт зулам" лерира иза. 2021-чу шарахь нохчийн Iедалхоша дуьххьара жигара дакъалецира, къам махках даккхарца боьзначу иэсан барамашкахь. Кху шарахь Кадыровс вайнахана 1944-чу шарахь йина хилла депортаци "ирча геноцид" ю элира, ткъа Сталин Иосиф – "неIалт дахна стаг" ву бохура.

  • 1944-чу шеран чиллан-беттан 23-чохь чоьхьарчу гIуллакхийн халкъан комиссаро Берия Лаврентийс Сталин Иосифа куьйгалла а деш, омра арахийцира Къилбаседа Кавказера нохчашна а, гIалгIашна а Казахстане депортаци йеш, ткъа ши де даьлча йолийра "Чечевица" операци. Шайн хIусамаш дIатийса декхаре хилира ахмиллион гергга вахархо. Чиллан-беттан 23-чохь билгалдоккхуш ду и де, оцу дийнахь белларш дага а лоьцуш. 2004-чу шарахь Европарламенто резолюци тIеийцира, нохчашна йина депораци геноцидан акт дара аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG