Терроран артиклашца кхел йинчу Къилбаседа Кавказера 30 сов зудчо БагIдаера "Русафа" набахтехь мацалла кхайкхийна кхо де а ду. Цара тIедожийна шайн гIуллакхаш йуха листар, Оьрсийчу шаьш дIахьовсор, хаамбина Кавказ.Реалиин редакцига набахтера схьа. Информаци бакъ йина иштта Истанбулера дагестанхойн диаспорин векалша а, Советан пачхьалкхийн бахархой Шеман каппашкара а, Иракъан набахтешкара а маьршабохучу дуьненаюкъарчу комиссино а.
Мацалла кхайкхина Дагестанера а, ГIебарта-Балкхаройчуьра а, ГIалгIайчуьра а, Нохчийчуьра а зударша, церан цIераш йовзуьйтуш йац. Хууш ду, царех цхьаболу тутмакхашна Иракъан кхелаша набахтехь таккха 20 шераш тоьхна, йа белла дIабовллац чохь буьтуш, террорхойн "Исламан пачхьалкх" цIе йолчу организацихь дакъалацарна. Дукхахберш царех терроризмана бехкебечийн зударий бу, йа царех бисинарш бу. Йерриг а мацалла кхайкхийнарг йу Оьрсийчуьра а, Азербайджанера а, Туркойчуьра а Беларусера а, Таджикистанера а, Узбекистанера а, Украинера 50 йахархо.
Мацаллин акцин декъашхоша дIахьедо, шайна дохку бехкаш бух боцуш ду, формалехь листина а ду гIуллакхаш, говза гочдархой а, адвокаташ а бацара кхелехь аьлла. Иштта цара билгалдоккху, шайна цхьа а тIевуьтуш цахилар, молханаш, лоьрийн гIо а латтош цахиларх. Чохь бахкон дукхахберш хьалха а латкъамашца Иракъан Iедалхошка бевллера, иштта шайн пачхьалкхийн дипломатин векалташка а.
Кавказ.Реалиин редакцигахь ду, Иракъехь набахтехь латточу цхьахйолчу зудчо ша хан йаккха Оьрсийчу дIахьажайар доьхуш йаздинчу кехатна юстицин министраллица юкъаралла долчу, дуьненаюкъарчу бакъонан департаментан директоран гIовса Бабекин Дмитрийс делла жоп. Оцу тIехь билгалдаьккхина ду, и дан йиш ю, нагахь санна, Оьрсийчоьнан махкалла а, иза даим а пачхьалкхехь йаьхна хилар а тIечIагIдинехь аьлла.
- Хьалхо "Русафа" набахтера 40 ГIиргIазойчуьра йахархочо шайн Iедалхошка дехар динера, даймахка шаьш цIа дерзош гIо дахьара аьлла. Цара дийцарехь, царех дукхахберш 2014-2015-чу а шерашкахь шайн хIусамдайшца баьхкина бу Шема а, Иракъе а. Зударша латкъамаш бо шаьш латточу набахтерачу хьелашна – чIагIдо, цхьана камери чохь 50 зуда йу бохуш. Церан дайша-наноша а, гергарчара а дехарш дира Iедалхошка уьш даймахка берзабе бохуш, цара бахарехь, шайн лаамехь бахана бацара уьш, цIийндайшка ладоьгIна баханера.
- Кавказ.Реалиин сайто дийцира, шаьш цIа дигаре сатуьйсуш Шемахь а, Иракъехь а набахтешкахь латточу зударийн кхолламех лаьцна. Царех дукхахберш "Исламан пачхьалкх" шех олчу тобанан тIемалойн хIусамнаной а, церан бераш а дара.