ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъера цIа хьажийна шина беран нана ГIалгIайчохь йуха а СИЗО-хь йитина


Шеман къилбаседанера мухIажарийн Аль-Холь куп, 2019-чу шеран лахьан-беттан 14-гIа де (гайтаман сурт)
Шеман къилбаседанера мухIажарийн Аль-Холь куп, 2019-чу шеран лахьан-беттан 14-гIа де (гайтаман сурт)

ГIалгIайчуьра Лакхарчу кхело йуха а талламан изоляторе хьажийна махкара йахархо Гатагажева Лайлаъ. Иза бехкейо терроризман артиклехула – оханан-бутт бовш цIахь дIасайалар а дихкина йитинера иза, амма апелляцин инстанцихь кхело и сацам хийцира прокуратурин дехарца. Бер долчу хенахь дIайигинера йоI Шема "Исламан пачхьалкх" олу тоба йолчу, тIаьхьо оцу тIехула Иракъехь тоьхна хан йаьккхира цо, амма хIетте а чохь латтош йара иза стохка мангалан-баттахь Оьрсийчу дIахьажайаллалц.

Гатагажева СИЗО-хь йуьтуш хан дIайахйина стигалкъекъа-беттан 25-чу дийне кхаччалц, хаамбина кхелан сайтехь. И сацам баран бахьанех, дуьйцуш дац.

Адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центрана йеллачу комментарихь Гатагажеван адвокато Лабазанова Раминас билгалдаьккхира, ша Iалашйийриг пехийн лазарца йу аьлла шеконаш хиларх, хIунда аьлча, хьалхо иза латтийна йиллина и лазар токхучу зудчуьнца цхьана чохь. Лоьраш хьоьвсина цуьнан могушаллех, амма жамIех хаийтина дац, йа докумениташ а схьакхачийна дац.

Иштта адвокато дийцина, Иракъехь цунна таIзар дина хиларх кехат шега кхачарх, цуьнан буха тIехь Гатагажевас тоьхна хан йаккхар, и кехат талламхочуьнга хьажийна цо, хIунда аьлча, цкъа динчу зуламна шозза бекхам бар магош ца хиларна. Талламхочо дуьхьало йина цунна багахула – Лабазанова лерина йу, официалехь дуьхьало йеш кехат шен каракхаьчначул тIаьхьа, латкъамбан.

Цо билгалдаьккхина, Гатагажевана Оьрсийчу экстрдици йинчул тIаьхьа цуьнца талламан барамаш дIабаьхьна цахиларх, доллу дохку бехкаш къайлаваьхьначу цхьанан тешан дешнаш тIехь чоьте эцар а. ФСБ-н белхахоша Iаткъам бира йоIана, къайлахчу сервисашца йукъарло леладе, бевзаш а боцчу нахана бехкаш дахка бохуш, амма Гатагажева реза ца хилла.

  • Гатагажеван 13 шо долчу хенахь нанас дIайигинера иза "Исламан пачхьалкх" олучу тобано дIалаьцначу дозана тIе, цигахь маре а йеллера иза бертаза. Шен 14 шо долуш дуьххьара бер дира цо, 15 шо долуш – шолгIа а. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина хетарехь, Шемахь йоI "шен лаамехь" дIакхетта даIишах, цигахь церан гIуллакхашка хьожуш хилла йу иза, иштта "шен ахчанах царна герз а латтийна" аьлла.
  • ХIусамда а, кхинболу шен гергарнаш а цигахь беллачул тIаьхьа шен шина бераца Иракъан Iедалхошна карайаханера иза. Меттигерчу Iедало пхеа шарна а эхашарна а чохь йаккха хан туьйхира цунна, и хан текхначул тIаьхьа ара ца хоьцуш латтийнера иза Оьрсийчоьнан Iедалхошкара иза чу йита бакъо луш кехат кхаччалц. Аэропорте кхаьчначул тIаьхьа лаьцна иза, Буьри-ГIаларчу СИЗО дIайигинера.
  • 2023-гIа шо довш дийца даьккхира Гатагажева кхин дIа а лаьцна йуьтуш хиларх, цул тIаьхьа цхьана ханна цIера йалар дихкина йитира иза, амма дукха ца Iаш прокуратурин тIедилларца йоI СИЗО йухайалийра.
  • Кавказ.Реалиин сайто хьалхо дийцира Иракъера зударийн "Русафа" набахтехь латтийначу тутмакхийн кхолламах лаьцна, йара царлахь Нохчийчуьра а, Дагестанера а, ГIалгIайчуьра а, ГIебарта-Балкхаройчуьра а 30 йахархо. Тхан аьтто хилира церан гергарчу нахаца а, таIзарш динчу зударшца а зIе таса.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG