ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъера цIа хьажийна шина беран нана цIахь лаьцна латточуьра маьршайаьккхина ГIалгIайчохь


Шеман къилбаседанера мухIажарийн Аль-Холь куп, 2019-чу шеран лахьан-беттан 14-гIа де (гайтаман сурт)
Шеман къилбаседанера мухIажарийн Аль-Холь куп, 2019-чу шеран лахьан-беттан 14-гIа де (гайтаман сурт)

Терроризман артиклашкахула бехкейечу ГIалгIайчуьра Гатагажева Лайлаан дIасайалар дехкарехь хийцамаш бина –цIера йалар магош, амма махкара арайалар доьхкуш. Иза бер долчу хенахь дIайигинера "Исламан пачхьалкхан" тIемалой болчу Шема, тIаьхьо Иракъехь оцу тIехула хан йаьккхира цо. Стохка мангал-баттахь Оьрсийчу экстрадици йаллалц лаьцна йитинера иза набахтехь.

Гатагажеван адвокатана тIетевжина адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центро хаамбо, кхело цIера йалар доьхкуш бина сацам бовш бара кху беттан 17-чохь, амма талламхочунна бух ца карийра, и барам дIабахбеш кхеле вала. Цундела, адвоката бахарехь, "дIасайалар доьхкуш йита дийзира" иза.

Хьалхо хаамбора, Гатагажевана Оьрсийчу экстрдици йинчул тIаьхьа цуьнца талламан барамаш дIабаьхьна цахиларх, доллу дохку бехкаш къайлаваьхьначу цхьанан тешан дешнаш тIехь чоьте эцар а. ФСБ-н белхахоша Iаткъам бора йоIана, къайлахчу сервисашца йукъарло леладе, бевзаш а боцчу нахана бехкаш дахка бохуш, амма Гатагажева реза ца хилла.

Адвокате Лабазанова Рамине Иракъехь цунна таIзар дина хиларх кехат кхаьчнера, цуьнан буха тIехь Гатагажевас тоьхна хан йаьккхина лоруш йу. И кехат талламхочуьнга хьажийнера цо бехкзуламан гIуллакх сацадайта, хIунда аьлча, цкъа динчу зуламна шозза бекхам бар магош ца хиларна. Талламхочо дуьхьало йира документ гIуллакха йукъа дахийта.

Ишта Гатагажеван адвокато Лабазановас дIахьедора, ша Iалашйийриг пехийн лазарца йу аьлла шеконаш хиларх, хIунда аьлча, хьалхо иза латтийна йиллина и лазар токхучу зудчуьнца цхьана чохь.

  • Гатагажеван 13 шо долчу хенахь нанас дIайигинера иза "Исламан пачхьалкх" олучу тобано дIалаьцначу дозана тIе, цигахь маре а йеллера иза бертаза. Шен 14 шо долуш дуьххьара бер дира цо, I5 шо долуш – шолгIа а. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина хетарехь, Шемахь йоI "шен лаамехь" дIакхетта даIишах, цигахь церан гIуллакхашка хьожуш хилла йу иза, иштта "шен ахчанах царна герз а латтийна" аьлла.
  • ХIусамда а, кхинболу шен гергарнаш а цигахь беллачул тIаьхьа шен шина бераца Иракъан Iедалхошна карайаханера иза. Меттигерчу Iедало пхеа шарна а эхашарна а чохь йаккха хан туьйхира цунна, и хан текхначул тIаьхьа ара ца хоьцуш латтийнера иза Оьрсийчоьнан Iедалхошкара иза чу йита бакъо луш кехат кхаччалц. Аэропорте кхаьчначул тIаьхьа лаьцна иза, Буьри-ГIаларчу СИЗО дIайигинера.
  • 2023-гIа шо довш дийца даьккхира Гатагажева кхин дIа а лаьцна йуьтуш хиларх, цул тIаьхьа цхьана ханна цIера йалар дихкина йитира иза, амма дукха ца Iаш прокуратурин тIедилларца йоI СИЗО йухайалийра. Оханан-бутт бовш кхело йуха а сацамбира цIахь лаьцна иза йуьтуш, стигалкъекъа-беттан 14-чохь йухабаьккхира сацам прокуратурин тIедилларца, амма стигалкъекъа-беттан 28-чохь рогIера йуха а цIахь латтон хьесап дира кхелахоша.
  • Маршо Радионо хьалхо дийцира Иракъера зударийн "Русафа" набахтехь латтийначу тутмакхийн кхолламах лаьцна, йара царлахь Нохчийчуьра а, Дагестанера а, ГIалгIайчуьра а, ГIебарта-Балкхаройчуьра а 30 йахархо. Тхан аьтто хилира церан гергарчу нахаца а, таIзарш динчу зударшца а зIе таса.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG