Немцойн Карлсруэ-гIалахь веха Рафед Ахьмад Iалван ал-Жанаби. Цуьнан цIе яьккхича, иза башха цхьанна а вевзаш вац, амма кху лаьттахь уггаре а нуьцкъалчу нахана цхьана хенахь дика вевзаш хилла ву иза, Iамеркахойн президент хиллачу Буш Джорджна тIера немцойн экс-канцлер Шредер Герхардна тIекхаччалц. ХIунда аьлча, итт шо хьалха Цхьанатоьхначу Штаташна Иракъана тIелата бахьана делларг иза волун дела.
И бохург ду, 2003-чу шарахь хIетахьлерачу Iамеркахойн пачхьалкхан секретарь хиллачу Пауэлл Колинса шен Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Юкъараллин кхерамазаллин кхеташонехь, Саддамна дуьхьал тIом болон безарна бух балош динчу цIеяхханчу къамелехь хьахийра и стаг Iамеркан къайлахчу сервисийн теш ву, ша Саддаман кхайлахчу лабораторешкахь химин а, биологикан а герзаш деш болх беш а хилла, и герзаш шен бIаьргашца ган а гина, ткъа хIинца Малхбузехь ведда кIелхьара ваьла волу, аьлла.
Цу стеган тоьшаллаш хилира эххар а хIетахьлерачу Иракъан Iедална дуьхьал тIом болон бахьана лоьхуш хиллачу Буш Джорджан администрацина оьшуш хилла мехала тIаьххьара тIадам.
53 шо долу Рафед Алван аль-Жанаби ши эзарлагIа шераш долалучу хенахь могIарера Иракъера ведда Германе веана мухIажар вара, цхьа а шеца башха хIума а доцуш. Амма масех шо далале цунах Саддаман кхераме герзаш гина ларалуш волу цхьаъ бен воцу теш хилира. Ма-дарра аьлча, цу стага кху лаьттахь уггаре а нуьцкъала ларалуш йолу масех пачхьалкхан къайлаха сервис Iеха а йина, шена луург тIедаьккхира. Саддам Хьусейн вожийна болу тIом а болийра, шена Германехь политикан тховкIело а яьккхира.
Ткъа дIалолалуш иштта нисделира и хIума. Муьлхха а политикан тховкIело лохуш волу стаг санна, мигрантийн хьукматехь интервью яла вахана волчу аль-Жанабис аьллера немцойн Iедалхошка, ша Иракъера а ву, ша химикан говзалла Iамийна а ву, аьлла. И хабар хьукматхоша БНД олучу немцойн къайлахчу сервисах дIатоьхнера.ТIаккха БНДера белхахой шеца зIене бевлча, шена цунах пайда бан ойла хиллачу аль-Жанабис болийнера шен аьшпийн кIур.
Цо дийцира, ша Саддаман къайлахчу лабораторешкахь белхаш бина а ву, шена шен бIаьргашца цуьнан кхераме герзаш ган а гина, уьш деш ша декъахь а вара, бохуш. Ткъа мичахь леладора цо и герзаш хаьттича, Рафеда дийцира, уьш Саддама лериначу цIерпошти чохь йинчу лабораторешкахь деш ду, аьлла, ткъа Иракъе и герзаш лаха дуьненаюкъара тергамхой баьхкича, Саддама и цIерпошт кхечу метте дIайохуьйту, аьлла. Ур-аттала цу цIерпоштин а, цу чуьрчу лабораторин а сурташ а, схемаш а ехкира говзачу иракъхочо, ша дуьйцучох агенташ тешийта.
Уьш цкъа хьалха теша а тийшира, цундела шайга кхаьчна хаарш цара сихонца Iамеркахошка дIа а делира, иштта-ишттаъ теш каравеъна шайна, Саддаман герзах долу къайлаха хаарш девзаш, аьлла.
Бакъду, жимма хан яьлча, немцойн кхайлаха сервисхой кхеттера, шаьш иракъхочо ледеш дуйла. Цара тIаккха сихонца депешаш кхехьийтира Iамерке, цо дуьйцург дош ца хилла, бохуш. Амма, миччара даьлла а, Иракъе чугIорта бахьана лоьхуш хиллачу Iамеркахоша иза тергал а ца дира. Ткъа цул тIаьхьа дукха хан ялале Иракъера тIом дIаболабелира.
Масех шо хьалха Iамеркахойн пачхьалкхан секретарь хилла волчу Колин Пауэллса мукIарло дира, ша хIетахь вийцина теш бозбуанча хилла, шаьш Иракъехь тIом болош тIетевжина хилла тоьшаллаш бух боцуш дара, цул совнаха, шен дахарехь уггера а юхьIаьржоне а, эхье а хIума хIетахь ша Цхьанакхеттачу Къаьмнийн юкъараллехь дина хилла къамел а дара, аьлла.
МукIарлонаш дина иштта иракъхочо Рафеда аль-Жанабис а. Цо тахана гаррехь дуьйцу, ша Саддаман герзах лаьцна мел дийцинарг - иза ша-шегара дага а боуьйтуш, биттина аьшпаш бара, бохуш.
Хаттар: Иза дерриге а бакъ дацара?
Жоп: Дацара.
Хаттар: Берриш а аьшпаш бара уьш?
Жоп: Бара.
"Амма ас иза сайн къоман дуьхьа динера, диктатор Саддам вожавайта", - бохуш чIагIдо цо. Диктатор вожорхьама болийначу тIамехь бIеннаш эзарнаш маьрша нах байина хилар ца хьахадеш дуьту. Иштта ца хьахадо, ша цкъа мацца а харц тоьшаллаш дарна кхеле озон там хилар а, кхин хIума дацахь а, эзарнаш нах байъарна а - уьш цуо шен куьйга байина бацахь а - бехке хилар а.
Тахана ша сел сатийсина долу Германин пачхьалкхан олалла тIечIагIдеш долчу паспортан долахо волу аль-Жанаби ша биттинчу аьшпех лаьцна мехах интервьюш а луш, хене волуш ву. Бакъду, урамехула воьду-вогIуш, ларлуш, гонахьа хьоьжу, ша тергалвеш нах буй теша, олий.