ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иркутскера СИЗО-хь мацалла кхайкхийна Нохчийчуьра вахархочо динца доьзна


Хайдаев Хьумид
Хайдаев Хьумид

Ангарскера колонихь бунт гIаттийнера аьлла, бехкевинчу Нохчийчуьра вахархочо Хайдаев Хьумида мацалла кхайкхийна Иркутскера номер 1 йолчу талламан изоляторехь. Бахьана ду изоляторан администрацино динан билгалонашца дискриминаци лелор – бусалбанашна магийна йоцу йуург кхехьа буьйлабелла хилла лаьцначунна.

ГIуран-беттан 13-чохь чуделла хилла Хайдаевс кехат ша мацалла кхайкхош хиларх, хаамбо таIзар динчарна тIетевжина Ircity сайто. Хайдаевца цхьаьна йуучух дIахаьдда бунтах гIаттинчу гIуллакхна бехкевен Марченко Иван а, цо протест йо, хIусамнанна хIара волчу йан дехкарна. Бехкевечо бахарехь, беа баттахь цкъа йеххачу ханна хIусамненаца цхьанакхета бакъо йоллушехь, йоццачу ханна а тIе ца йитина иза. ТIаккха хиъна Марченкона, шега аьлла хIума а доцуш, шогачу хьелашка ша дехьаваьккхиний.

"Гражданское содействие" комитетан хаамашца, мацалла йолийна гIуран-беттан 14-чохь дуьйна, масех тутмакхо кхайкхийна мацалла – билггал маса стага, хууш дац. Тутмакхашна гIо латточу прграммин координаторо Титиев Аюба бахарехь, Иркутскера СИЗОхь рацион хийцина хьаькам ханна садаIа цIахь сецначул тIаьхьа. Цул совнах, мацалла кхайкхо кхин а цхьа бахаьана делира, камераш чохь шийла хилар, хаамбо бакъоларйархоша.

Лецначара латкъамаш дира СИЗОн куьйгалле а, прокуратуре а. Цул совнах, Хайдаевна тIекхечира Иркутскан кIоштахь адамийн бакъонаш Iалашйан векал йина Семенова Светлана а, амма цуьнан йина терго йац цул тIаьхьа.

  • Хьалхо Иркутскера номер 1 йолчу СИЗОхь шена тIехь Iазап латтийна хиларх дIахьедира Хайдаев Хьумида, амма талламо бехкзуламан гIуллакх доло дуьхьало йира.
  • Хайдаевс бахарехь, Иркутскерчу СИЗО валийначул тIаьхьа кхечу хантоьхначаьрца ФСИН-н белхахоша куьйгашца, мийрашца, чхьонкаршца етта а етташ, могIарех чекхвалийтинера иза а. Цул тIаьхьа цхьаьна камери чу воьллинера иза "жигархошца" - иштта олу администрацица юкъарлонаш лелочу тутмакхех. Цара йиттинера цунна, маьнгашна юккъехь когашца а, куьйгашца а ирхъоьллина, цIийбина аьчкан Iайг тIеIуьттуш вага а веш. Хайдаев тешна ву, и дерриг а СИЗО-н администрацин пурбанца лелийна аьлла. Когийн а, куьйгий а пIелгаш кегдинера Хайдаевн, дуккха а лазийна яра цуьнан дегIан меженаш.
  • Охан-бутт йуккъе баьллачу хенахь Хайдаев бехкевира колонихь бунт гIаттон кхайкахамаш барна, хIетахь велира цхьа тутмакх. Титиевс хаам барехь, набахтен белхахоша лелочу харцонна дуьхьал йина протест йара и, Хайдаев цул а кхо бутт хьалха араваккха везаш вара, амма тутмакх чохь сецош вара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG