Оьрсийчоьнанфедерала телеканалехь гайтинчу оцу видеорепортажо, йоккха гIовгIа яьккхина хIинца. Шо сов хьалха, Iедалшна тIевеана ву бохуш волчу, тIемалочо Торшхоев ИбрахIима, шен интервью чекхайолучу хенахь хьахийра, гIалгIайн Iедалехь волчу даржхочо шена цаьрга тIелатар ца дайта, тIемалошна ахча луш ду аьлла.
ХIора баттахь цхьацца миллион доллар барам болуш ду боху иза.
Оцу дела сахьта, Оьрсийчоьнан пачхьалкхийн кхерамазална кхерам бу аьлла, Инарла прокуратуре, и хаам талла аьлла арз дина, пачхьалкха думийн депутата Саралиев Шамсаила. Ша иза дар бахьан цо, бахарехь, хьалхарчу меттехь лаьтташ пачхьалкха кхерамазаллан сингаттам бу боху.
ГIалгIайн Iедалехь Чилиев фамили йолуш, ишшта даккхий ахча хила мегаш верг цхьаъ ву-республика премьер-министр Чилиев Муса. Цуьнан хьакам волчу, республика куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека, дIаяхьанчу зорбан-конференцехь дIахьедар дина, шена, оцу гIуллакхан тIехь лаьтташ верг мила ву хаа аьлла. ЦIераш ца яьхнехь а, массарна а вуьйцуш верг, ГIалгIайнчоьнан хилла волу президент Зязиков Мурат вуйла хаа.
«Суна дика хаа, и хIума хIунда лелош ду а, цунна тIехь лаьтташ верг мила ву а. Уьш бу, хилла болу куьйгалхой, шаьш зуламхошна а, тIемалошна а ахчанаш делла болу. Царна лаьа хIинцалера болчу даржхоша а иза царна луш хилар», - аьлла Евкуров Юнус-Бека.
Мухха а далахь а, ГIалгIайнчоьнан Iедалан дина тохар хилла дIахоьттиина, оцу хилаза ваьллачу Iожалхочо дина и дIахьедар. Изза аьлла хета, меттигерачу оппозицийн лидерех цхьаъ волчу Хазбиев Мохьмадан. Маршо радиога, цо вистхуьлуш билгаладаьккхира, аьлларг Чилиеван хьокъехь далахь а, Iоттар Евкурован йина аьлла.
Хазбиев Мохьмад: «Политикан гIулч ю иза. Иза бозбчончалла ду, политикан бух тIехь. Чилиев ванне а ван ма вац политик, федерала телехьожийлехь, I5 сов минотехь цуьнах къамел даллала. Ша тIевеана, ян кIелвеана ву боху и Iтемало, Iедалшна хьалхахь волу цхьа шо сов хан ю. Чилиеван, шай луург дан йиша ма яра церан: таллам буолийна а, ян балхара дIаваьккхина а.Амма, гуш ду, хIара хIума Чилиеван тухуш дина хIума дац, ян Евкурован дина тохар ду».
Маршо радио: ГIалгIайн хилла волу Президент Зязиков Мурата и хIума дина хилахь, шена цо иза нйиса дина ду аьлла хета боху Хазбиев Мохьмада. Цхьаъ, вукхулла хIумма а дика вац, элира цо.
Хазбиев Мохьмад: «Нагахь санна иза Зязиков Мурата лелош хIума далахь-иза дика кIант ву аьлла хета, хIунда аьлча, хIара мохк хIаллак беш ялх шарахь, гIалгIайн къоманна бала бахьаш, и хIума дуолийна дIа а вахана, юха цул тIаьхьа, оцу Делан мостагIан доьхьала лаьттачу тхох мостагIий а дина, тIевеанчу Евкуровс, цуьнах шен накъост ву моьттуш вара. Амма, Дала бу хастам, АллахIан гуш ма ду ша дерг. Ишшта дакъаза воккху цо.нагахьс анна Зязиковс иза дина далахь, чIогIа нийса дина ду аьлла хета суна».
Маршо радио: Ткъа, луш хиллий теша, тIемалошна ахча даржхоша,аьлла хаьттича, Хазбиев Мохьмада, ишшта жоп ло.
Хазбиев Мохьмад: «Иза ца луш меттиг яц. Кавказехь ахча дIа ца луш хьакамаш мичахь бу? Дагестанехь а,Нохчийчохь, ГIалгIайнчохь, ЧергIазойнчохь а, иза дIалуш бу аьлла ду. Массанхьа. Ахча схьало аьлла, вала араваьллачу стага аьлча, ахь иза дIа ца лахь, иза ян лийра ву, ян цо хьо вуьйра ву. Зуламхойн-террористийн система ю хIара, пачхьалкхо ша йина йолу. Наха йина яц иза. Хьуьнхахь берш бац зуламхой а, террористаш а. Оппозицехь берш а бац, зуламхой а , террористаш а. Паччхьалкх ю зуламхойн а, террористийн а».
Маршо радио: КъилбаСеда Кавказан къаьмнийн конфедерацийн президент волчу Кутаев Русланан, хетарехь, Евкурован кIелара гIант техко дуолийна, Кремлехь бекъабеллачу ницкъаша. Иза еккъа церан политикан хьежамашца доьзна хIума ду боху цо.
Кутаев Руслан: «Тахана Оьрсийчоьнана коьртехь болчу нехан а, леринчу сервисаша а, республикашкийн куьйгаллаш а декъаделла ду. Оцу наха, шай хьоладайн хьашташ ду хьалхарчу метте даьхна.
Цундела, суна дукха тера хеташ дерг ду, Евкуров сийсазваккха а, цуьнана премьер-министр сийсазваккха а, Кремлехь дIахьош болу болх, буи за. Кхин цхьа а хIума а ду цигахь. Иза, лакхара вахьдаийтина омра а хила мега, ян лахара хьалахьажийна сигнал хила а мега. Тахана Оьрсийчоьнан Iедалехь лелаш долу хIумш ду уьш. Вовшаха сийсаз а беш, балхара дIа а богIуш, церан политикан статусца беш белхаш бу иза».
Маршо радио: Оцу къийсамехь тола мила тулура ву, хаьжжина хира ю боху Кутаев Руслана, Евкурован, ГIалгIайнчоьнан куьйгаллехь йолу кхане.
Кутаев Руслан: « Сурков дIавахана дика хан ю президентан администрацера. Амма, цунна дуккха муьтIахь болу дуккха а накъостий бу цигахь бисина. ТIевеана волчу Володина оьшуш а бац уьш. ТIевеана волчу Володина оьшуш а бац уьш,новкъа а бу. Цигахь декъаделла ши дакъа ду иза.
Уьш тасабелла хилар гуш ду. Цхьана агIора шайна пайдехь хуьлуш болу нах, регионашкахь латторхьам лело хьовсура бу уьш. Нагахь санна Володинан наха евкуров сийсазаваккха дина иза далахь, шеко а йоцуш иза дIавера ву. Нагахь санна, Евкуров Володинца барт болуш валахь, иза дIаваккхарх гIуллакх хира дац».
Лаккхарчу Iедалша, декъа а делла, эксперташ ма баххара, и хIума лелош далахь, боккъулийна кхерам, могIарерачу нахана кхоллало оцу хьолехь. ТIемалойн буолам, ишштачу кIелдахьашхула, шай Iалашонашна лелош балахь, гарехь регионехь къепе хенахь ца хотта мега. Ткъа, латтош бу бохучу «къийсамехь» уггаре а зе хуьлуш йолу агIо-могIараре, миска-маьрша нах хира бу. Башхалла яц, Чилиевс тIемалошна ахча деллехь а , ца деллехь а.