Малхбузера „тIагIутан“ Iедал шаьш мел емал дахь а, цуьнан кара шаьш кхаьчча, я шайна пайдехьа дерг цаьрга дала мегар-кха аьлла хетча, Iедалхошца цхьаьнаболх бан а, шайна хуург, гинарг, девзарг цаьрга дIадийца, аьлча а, мотт бетта кийча хуьлучух тера ду Шема я Иракъе халипат яккха бахана, юха цул тIаьхьа цхьацца бахьанашца Германе юхабирзина джихIадхой.
Немцойн ХIессен бундеслаьттан экстремизмна дуьхзьалоечу Центро а, зуламашца къийсам латторан Федералан хьукмато а, ткъа иштта немцойн коьртачу къайлаха сервисо а, Конституци ларйаран хьукмато а шаьш тIаьхьарчу шина шерачохь бинчу радикализацин бахьана къасторан талламна тIе а тевжаш, хIоттийначу рапортехь билгалдаьккхина, тIамехь а хилла, Германе юхабирзинчу джихIадхойх хIора а воьалгIаниг Iедалхошца цхьаьнаболх бан кийча хуьлу, аьлла.
Германера Шема я Иракъе тIаме ваханчу 850 Германин бахархойх 800 герга стеган кхоллам а, дахаран некъ а теллинчу хьукматхоша шайн рапорт цкъачунна шуьйрачу юкъараллина йовзийтина яц, амма цIе ца йоккхучу хьостанера немцойн Ди Велт газетина каракхаьчна и таллам. 13 шо бен кхачанза болчу кхиазхошна тIера 62 шо долчу баккъийчу нахе кхаччалца хенаш йолуш бу и джихIадхой. Дуккхаъ зударий а, зудбераш а ду царна юкъехь – гергарчу хьесапехь 25 процент. Цу нахах 274 стаг хIинцале а Германе юхабаьхкина.
Талламо гайтарехь, цIехьа бирзинчу джихадхойх 48 процент, аьлча а ах герга кхин дIа радикалечу хьежамашна муьтIахь бу. Муьлхачу а хенахь шайгара немцойн пачхьалкхана а, юкъараллина а кхерам бала йиш йолуш лору Iедалхоша и нах.
ТIаме бахана хиллачу джихадхойх 8 процент юха а Германе бахкаран бахьана тактикаллин ду – чевнашна дарба дан, я садоIа, я джихадана ахча а, керла тIемалой а лаха. Ткъа цIехьа бирзинчийн 10 процент – боккъал а ДаIишан а, кхечу радикалечу исламхойн а идеологех а, леламех а догмовла а бевлла, цаьрца шайн хиллачу иллюзех паргIат а бевлла баьхкина бу, талламан авторшна гучудаларца.
Шема я Иракъе тIамехь дакъалаца а бахана цIабирзинарш а, цига баха дог-ойла кхобуш берш а кIирбеллачу тергонехь латтош бу луларчу Австрин Iедалхой а.
Iедалхой хилла а ца Iа – массо а ишколашкахь а, кхиазхошца а, кегирхошца а болх беш йолчу хьукматашкахь а, институцешкахь, кегирхоша шайн мукъа хан йоккхучу меттигийн белхахой а тIаьхьарчу шина шарчохь лерина курсаш ю, царна радикализацин хIу хьакхделлачу кегирхошца болх бан Iамош, уьш церан хьашташна сема хилийтархьама.
Ишттачех курсаш хьехархошна а, кегирхойн дай-наношна а дIахьош ю Венерчу дешаран министраллин пачхьалкхан ишколийн хьукматан белхахо Чалеш Мине. Ша а дуккхачу шерашкахь кхиазхошца белхаш бина йолу психологна Чалешна дика евза радикализацино лоцучу кегирхойн амалш а, церан хьашташ а. Доккхачу декъехь радикалечу хьежамех Iехалуш долу бераш шаьш меттигерчу юкъараллехь хийра хеташ, шайн кхузахь цхьа перспектива яц аьлла хеташ дерш хуьлу бохуш дийцира цо.
Чалеш Мине: „Оха вуно жигаре дай-наношца болх бо. Царна кхетон гIерта тхо, хIоттаделалчу хьелашкахь муха хIун дича гIо дир ду бохург, царна оьшучехь белшаш а гIортош. Уьш кхузахь дIатарбалар мехала дуйла а кхетош, царна шайна цхьаммо харцо юьйцу я шайна гIело йо аьлла хетахь а, хIетте а, кху вайн махкахь дуккхаъ меттигаш юйла царна хаийтар, шаьш гIо лаха а, шайна и гIо кхачон а таро йолуш.
Шеца харцо юьйцу аьлла цхьанне хета оцу сохьте радикалечу ницкъех дIа ца кхетча а, вайн системехь вуно дукха некъаш а, аьттонаш а бу, шайца Iоттаделларг латкъамца дIахаийта а, шена гIо-накъосталла дайта а некъ луш болу. Дера атта ма дац и некъаш юхьаралаца, амма уьш долуш ду. Ницкъ баран я ницкъаца бакъо лехаран некъ хила безаш ма бац и даима, аьр вай, латарца я нахаца девнаш дахарца“.
Цу юкъана Германин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Де Мезьер Томасо кху деношкахь динчу дIахьедарца, кесталгIа махкахь тIеэца кечдеш ду джихадхойн хьокъехь керла низам. Цу низамца, джихадехь дакъалаца Iалашонца Германин дозанал арабевлла болчу нахера, цара чакхенгехь тIом бинехь а, ца бинехь а, дезачех зуламаш динчаьргара санна дов хоттур ду Iедалхоша.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832