Цхьа могIа бусулбачу пачхьалкхашкара Iамеркахойн векалтийн белхахой кIелхьара баха безна Цхьанатоьхначу Штатийн куьйгаллин, хIунда аьлча, Гергарчу Малхбалерачу а, Африкерачу пачхьалкхийн бахархой кху тIаьхьарчу масех дийнахь урамашка бевлла, Iамеркахоша яьккхинчу бусулба дин сийсах дечу фильмах йолу шайн оьгIазло гайта.
Цу оьгIазлонан закъалт хилла тоххарехь масех стаг, бусулбачара Iамеркахойн векалташна динчу тIелатаршкахь байина болу. Дуьхьалонан акцийн декъашхойн дераллех кIелхьара баьхначарна юккъехь бу Йеменерчу, Тунисерчу, Суданерчу, Либерачу, ткъа ишттта кхин а цхьа могIа пачхьалкхашкарчу векалтийн белхахой.
Урамашка бевллачу бусулбачийн оьгIазло Iамеркан векалшна дуьхьал йирзина ца Iа, цара иштта тIелатарш дина Германин а, Британин а векалташна. И бахьана долуш Германино, масала, сихонца шен Къилбаседа Африкерачу бусулбачу пачхьалкхашкарий, Пакистанерий, ОвхIанерий дипломатийн миссеш дIакъевлина.
Ткъа цу юкъана бусулба дин сийсаз деш йолу фильм яржорна дуьхьало яран акцеш Малхбузерачу Европин урамашка евлла. Иштта, масала, Белгерачу Антверпен гIалахь эзар герга бусулба стаг араваьллера, „Бусулбанийн бехк цахилар“ фильмана резадацар довзийта. Гулбеллчара маьхьарий деттара, „Дин доцу жIаьлеш", „Делан мостагIий!", бохуш.
И дуьхьалонан акци Iедалан бартаца йина ца хиларна, полицин белхахоша гулбеллчаьрга дIасадовларе кхайкхамаш бира, ткъа цу кхайкхаме ла ца дугIуш, дуьхьал бевллачарех ши бIе сов стаг лецира. Дуьхьалонан акцин декъашхошний, полицин белхахошний юккъехь хиллачу тийсадаларшкахь цхьа полисхо лазийна, ткъа лийцинарш масех сахьт даьллачул тIаьхьа дIахецна, бохуш, хаам бо Антверпенерачу полицин векалша.
Немцойн коьртачу шахьарехь Берлинехь дIабаьхьира мукъаденошкахь бусулба дин маьттаза доккхучу фильмана дуьхьала хьажийна болу гуламаш.Берлинерачу Александрплатцехь а, Бранденбурган кевнашна хьалхахь а вовшахкхеттера масех бIе бусулба жигархо. Цу гуламах зулам ца хилийта араяьллачу полицин ницкъаш а бара шинна а майданахь доккхачу терахьехь гулбелла.
Дуьхьалонан акце дIаяьхьначу жигархойх цхьаъ вара Мисар-пачхьалкхера орамаш долу немцойн имам Малек ТIахIир. Цуо иштта дийцира шаьш дIахьочу акцех лаьцна.
Малек ТIахIир: „Тхо полицина тIелатарш дан арадевлла а дац, я цхьанна а зулам дан арадевлла а дац. Тхан Iалашо ю – тхайн Пайхамарга гIо даккха, иза гIибатах, харцонах ларван. Тхуна юккъера цхьаболчара вуно эмоциале къамелаш до. Бехк а бац церан, хIунда аьлча, Пайхамар – иза тхуна уггаре а хьоме адам ду, тхуна уггаре а сийлахь волу стаг ву иза, цундела шайн эмоцеш сеца ца ло дуккхаъчаьрга“.
Ала догIу, масех шо хьалха Данехь вехачу цхьана сарташдахкархочуо Мохьмад Пайхамар сийсаз ван гIерташ кхардаме карикатураш ехкинчул тIаьхьа йоккха гIовгIа а икхина, массо а Малхбузерачу куьйгалхоша и сарташ дахкар емал динчу хьолехь Европехь юккъера цхьа Германин канцлер Меркель Ангела бен ца елира, и сарташ дехкинчу Вестергорд Куртан совгIат делларг.
Ши эзар итталгIачу шарахь Потсдамехь хаамийн гIирсийн преми цу скандалечу сарташдахкархочунна луш, цу церемонехь дакъалоцуш немцойн канцлер а яра, и бахьана олуш цунна дуккхаъчу политикаша а, юкъаралло а ира критика а йира.
Бакъду, хIинца цу хIетахьлерачу гIалатах хьекъал эцначух тера ду немцойн куьйгалло.
Кху деношкахь Германе вогIу некъ бихкина Iамеркерачу скандала мозгIарна Джонс Террина. Даханчу шарахь КъурIан дагоран акцица гIараваьлла волу и бусулба динна гома хиларца вевзаш волу питане мозгIар немцойн националистийн партин векалша кхайкхарца Германе ван гIерташ вара. Амма Германин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло цунна некъ бихкина, нагахь санна иза чувитахь, Германин кхерамазалла галъяла сахьт дац аьлла.
Иштта немцойн чоьхьарчу гIуллакхийн министро Фридрих Ханс-Петера дIахьедар дина, шаьш хIуъа дина а, „Бусулбанийн бехк цахилар“ цIе йолу фильм Германехь гайтар дехка аьтто беш долу некъаш лохур ду меттигерачу низамехь, аьлла.
Ткъа немцойн арахьарчу гIуллакхийн министро Вестервелле Гидос, цунна тIе а товш, элира, „Муьлха а дин сийсаз дар гаррехь долу зулам хилла ца Iаш, иштта юкъараллера къепе хьоьшуш долу питна а ду“, аьлла.
Ткъа и питане фильм лахьан баттахь Германехь гайта Iалашо ю шен аьлла дIахьедина тоххарехь немцойн националистийн партин векалша.
Билгалдаккха догIу, „Бусулбанийн цIаналла“ цIе йолу фильм Iамеркахойн тобано яьккхина хилар.
Цу чохь емалдеш ду бусулба дин, ткъа Мохьмад Пайхамар кхардаме а, сийдоцуш а гойтуш ву. Тергамхошна хетарехь, и кинолента даьккхинчу наха лерина питана даржо а, бусулбанийн, керистаний юкъаметтигаш галъяха а Iалашо йолуш бина бу и болх.