Ростов-на-Дону гIалин кхело бехке лаьрра ГIалгIайчоьнан виъ вахархо "Исламан пачхьалкхан" терроран вовшахтохараллин гIуллакхашкахь дакъа лацарна, пхеа шарна тIера исс шаре кхачалц хенаш йиттина царна. Цара дина боху зуламаш лелийначу заманахь бехкебечех кхоъ кхиазхо вара.
Къилбан тIеман гонан кхело билгалдаьккхина, "шайн лаамехь "Исламан пачхьалкхана" йукъа дIакхетта радикалан исламан агIончаш хилла болу" Мержоев Мохьмад, Мейриев Микаил, Махлоев Ахьмад, Оздоев Ислам, йаздо республикерчу ницкъаллин хьукматашца доьзна хила тарлуш долчу "Розыск Ингушетии" телеграм-канало.
Талламо бахарехь, Мержоевс, Мейриевс 2021-чу шеран марсхьокху-баттахь байIат дина хилла боху вовшахтохараллин куьйгалхочунна муьтIахь хиларца, тIаккха ГIалгIайчоьнан Росгвардин урхаллин а, гIалин патрулан-постан Соьлжера сервисан а гIишлош эккхийта дагахь хиллера боху. Цул сов, шайн лелар къобалдеш хилла цара социалан машанашкахула, иштта вовшахтохаралле кхин а ши стаг йукъаозийна хиллера – Оздоев а, Махлоев а.
Низамехь доцуш оьккхуьйтурш эцарна, кечйарна, терроралла леладе бохуш гуш-хезаш кхайкхамаш дарна, терроран вовшахтохарехь дакъа лацаре кхайкхарна а, зуламаш даре нах кхайкхарна, теракт кечйарна, терроралла лелор шайна Iаморна а бехкебо уьш.
Мержоевна исс шо хан тоьхна чохь йаккха, Мейриевна – бархI, Малхоевна, Оздоевна – пхиппа шераш диттина йуккъерчу рожан колонехь даккха.
ХIара хаам арахоьцучу йукъанна Кавказ.Реалиигахь бехкебинчу нехан, йа официалерчу векалийн комментареш йац.
- 2021-чу шеран марсхьокху-беттан 31-хь дIалецира Мержоев, Мейриев. "Интерфакс" агенталло шен хьастана тIе а тевжаш, хаам бира, оцу дийнахь зен даран дакъош долуш оьккхуьйтург кечйина хиллера цара, тратилан барамехь 0,875 кг йу бохура и.
- Дечкен-беттан 16-хь Ростов-на-Дону гIаларчу тIеман кхело Дагестанера йахархо Магомедова Зульмира бехке лерира терроран вовшахтохараллина йукъахь дакъа лацарна а, цига йукъа нах кхайкхарна а. 12 шо хан туьйхира цунна набахтехь йаккха.
- ГIуран-баттахь ХIинжа-ГIаларчу вахархочунна Гамзатов Булатна 15,5 шо тоьхна колонехь даккха, террорхойн вовшахтохараллина йукъахь дакъалаьцна ву аьлла, бехкевина. Иштта сацам тIеийцира Ростов-на-Дону гIаларчу Къилбан гонерчу тIеман кхело.
- Гезгмашин-баттахь Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело бехке лерира Гуьмсан кIоштара вахархо Усманов ИсмаьIил, цо оьккхуьйтурш лелийна, низамехь йоцу герзаца йолчу вовшахтохараллехь дакъа лаьцна бохура. Шогачу рожан колонехь даккха бархI шо, ши бутт туьйхира цунна хьалхарчу инстанцин кхело, 200 эзар сом гIуда туьйхира, тIаккха аппеляцино лахйира цунна тоьхна хан пхеа шаре, итт батте кхачалц, 50 эзар гIуда а тухуш.
- Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.
- 2022-чу шеран Марсхьокху-баттахь украинхойн экспертийн "Сова" тобанан а, иштта адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориалан" а бакъонашларйархоша дийцира Кавказ.Реалиига, дуккхаъчу "террорхойн" гIуллакхашна шаьш тIе дуьтуш дац, цундела дохку бехкаш бух болуш дуй хьовса таро ца хуьлу шайн аьлла. Ткъа информаци шайн каракхаьчча, гучудолу дуккха а низамаш талхийна а, фальсификацеш лелийна а меттигаш.