Амма иза атта болх бац. ГIаттамхоша дIалоьцу керла интернет-аренаш. Эзарнашна гина Джеймс Фоулин корта боккхуш. Иракъехь а, Шемехь а Исламан пачхьалкх кхайкхийначу тIемалоша интернетехь онлайн кепехь гайтина иза.
Ши Iалашо яра и зулам диначеран. Хьалхара – Малхбузера пачхьалкхашкарчу нахана кхерам тасар а, шолгIа - радикалаш шайн агIор берзор а. Youtube a, Twitter а цIе йолучу социал-машанаш, шай агIонаш тIера видео дIаякхха болх тIебахийтир.
Амма джихIадхой кхин болу некъаш лоьхуш бу. Кегийн сайташ техь яржайо тIемалоша шайн видеош а, хьехамаш а, кхайкхамаш а. И сайташ ларъян а, Малхбузенехьара царца болх бан а хала ду бохуш, дуьйцу «Dark Net» книга язйинчу Бартлетта Джейми.
Барлетт: «Тамашийна хир дара Фейсбуко а, Твиттеро а джихIадхойн агIонаш дIакъевлинчул тIаьхьа цара шайн болх сацийча. Хууш дара кхинболчу гIирсашкахь цара шайн пропаганда дIахьур хилар. Шайн гIирсаш цензуре лаьцна аьлла хетачу мульха а террористийн юкъаралло кхиболу некъаш лоьху».
Vocativ цIе йолчу хаамийн гIирсо дийцарехь, террористийн тобанан декъашхочо шен интернетан агIонехь пхиъ некъ гайтина Фейсбекухь а, Твиттерехь а, къайлаха сервисаш Iеха а йеш, болх муха бан мегар ду. Ткъа иштта, Малхбузера телевизионийн интернетан агIонаш йохор некъаш а гайтина цо.
«Диаспора» социалан машанехь схайоьллу шайн агIонаш Исламан пачхьалкх шех олучу тобанан дакъашхоша. Иза ларъян а, йохо а атта дац. «ХIора стеган схьаелла йиш ю "Диаспора" сайтан тIехь шен агIо. Ткъа иза хийца тхан бакъо яц. Амма цхьайолу джихIадхойн агIонаш хIинцале дIакъевлина», боху "Диаспора" компанин векало.
«Вконтакте» цIе йолчу, Оьрсийчохь уггаре а гIараяьлла йолчу социал-ан машанехь, Фоули вийна чуьл тIаьхьа, цхьайолчу агIонашкахь Иракъехь а, Шемахь а боьдучу тIамера сурташ а, видеош гуча йевлла.
АгIонан дукхахболчу декъашхоша оьрсийн мотт буьйцу. Шайн сурташ меттана Исламан пачхьалкхан байракхан сурт лела до цара. Сейфула Адиев цIе йолу декъашхо, кхийолу сайташкахь а вевзаш ву. Иракъехь а, Шемахь дерг сихха схьагойту Адиевс сурташца а, видеошца а.
Ша кхоьллина йолу экстремизмах лаьцна бакъонаш йохайо «Вконтакте» сайто, и санна агIонаш дIа а ца къовларца бохуш, дуьйцу Бартлетт Джеймис:
Барлетт: «Социалан машанийн куьйгалхошна бала хуьлу шайн сайташкахь тIеман пропаганда яржор бахьана долуш. Ткъа шайна тIера бехк дIабоккху цара, «тхан бехк бац, я тхан да хIумма а дац, наха тхан сайт харжарна» бохуш».
Ткъа цхьана агIор дешан маьршо, вукха агIор тIеман кхайкхамаш – иштта бала бу Малхабузерчу пачхьалкхашкахь. Интернетехь шай йоцу цIераш техкар дихкича, маьрша йоцу пачхьалкхашкарчу нахана шайгахь долу хьал дийца некъ хир бац.